Ермолаев, Адриан Михайлович
Ермолаев Адриан Михайлович (1900—1977) — советийн Кеп:Исбаьхьалча/кат, график, иллюстратор; ССРС Исбаьхьалчийн союзан декъахо.[1]
Ермолаев Адриан Михайлович | |
---|---|
Файл:Ермолаев Адриан Михайлович.jpg | |
Вина терахь | 1900 шеран 25 август (7 сентябрь) |
Вина меттиг |
Дон-тӀера-Ростов, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1977 шеран 30 декабрь (77 шо) |
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС |
Пачхьалкх | |
ГӀулаккхан тайпа | деятель искусств, иллюстратор, художник-график |
Дешар | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 25 августехь (7 сентябрехь) 1900 шарахь Дон-тӀера-Ростов гӀалахь белхалочун доьзалехь.
1904 шарахь да-нана кхелхира Саратов, цигахь 1915 шарахь чекхйаьккхира гимнази.
1915—1918 шерашкахь дийшира Саратовра Боголюбовн сурт дилларан доьшийлехь.
Гражданийн тӀеман декъахо хилла: 1919 – 1922 шерашкахь тӀемаш бира Чапаевн дивизехь а, Донан эскарехь а.
ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, 1922—1925 шерашкахь, чертёжник-картограф, циркан а, гӀалин театран а исбаьхьалча болх бира Саратовхь.
1925—1927 шерашкахь дийшира Ленинградера исбаьхьаллин-промышленностан техникуман графикин факультетехь, цуьнан хьехархошна йукъахь бара Н. И. Дормидонтов, В. С. Сварог, П. А. Шиллинговский.
1927 шарахь дуьйна Ермолаев Адриан Москохахь болх бира. 1936 шарахь дуьйна цхьаьна гӀуллакх деш вара «Детгиз» арахецараллица.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш Ермолаев фронте вахара, цуьнан жамӀ хилира цхьа могӀа тӀеман теманан кхолламаш. Иллюстраторан даржехь кхин дӀа а цхьаьна гӀуллакх дира «Берийн литература», «Советийн йаздархо», «Къона гварди» арахецараллашца; суьрташ дехкира Гайдаран, Кассилан, Маршакан, Бартон кхолламашна.[2]
Велла 1977 шеран 30 декабрехь Москохахь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанА. М. Ермолаевс дехкина «Гражданийн тӀеман истореш» арахецараллина суьрташ. Цуо суьрташ дохкура «Вайн кхиамаш» (1929—1935), «30 де» (1934—1940), «Мурзилка» (1946 шарахь дуьйна, 1952 шарахь дуьйна журналан редколлегин декъахо) журналашна.[3] Чархан графикица болх бира, белхан масех цикл кхочушйеш. Исбаьхьалчин белхаш ду Пачхьалкхан Оьрсийн музейхь, ткъа кхин а москохан доларчу галерейшкахь а, гуламашкахь а.[2]
Адриан Михайловича шен белхаш гайтина дуккха а регионийн а, йерриг союзан а гайтамашкахь, масала: москохан исбаьхьалчийн гайтамашкахь (1936, 1961); суьртан а, иллюстрацин а, плакатан а гайтамехь Ленинградехь а, Москохахь а (1940); москохан исбаьхьалчийн акварелан гайтамехь (1956), иштта кхин а гайтамашкахь.[2]
ГӀуллакхаш
бӀаьра нисйан- РСФСР исбаьхьаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1946).
- А. Н. Островскийн «Снегурочка» жайнин суьрташ дахкарна (1966 ш.) билгалваьккхира Йерриг союзан «1966—1967 шерийн уггаре дика арахецараллаш» къовсаман 2-гӀа тӀегӀанан дипломца; К. Я. Горбуновн «Ша бохор» (1973) жайнин суьрташ дахкарна — Йерриг союзан «1973 шеран уггаре дика арахецараллаш» къовсаман 2-гӀа тӀегӀанан диплом делира.
- 1967 шарахь «Пресня. 1905 шо» а, «Октябран цӀен гвардихой» а серера чархан белхашна совгӀат дира ССРС Исбаьхьаллин академин детин мидалца.
Литература
бӀаьра нисйан- Милотворская Мария Борисовна. Адриан Михайлович Ермолаев. — Москва : Сов. художник, 1960. — 63 с., 1 л. портр. : ил.
- Ермолаев Адриан Михайлович // Художник в современной детской книге: очерки / Элла Зиновьевна Ганкина. — М.: Советский художник, 1977. — С. 166—168, 249—251.
- Ермолаев Адриан Михайлович // Художники народов СССР: биобиблиографический словарь в 6 т. Т. 4. Кн. 1: (Елева — Кадышев) / Академия художеств; НИИ теории и истории изобразительных искусств; гл. сост. и библиограф О. Э. Вольценбург. — М. : Искусство, 1983. — С. 43.