Ерёменко, Иван Трофимович
Ерёменко Иван Трофимович (вина 1910 шеран 7 июлехь, Краснодарехь — велла 1986 шеран 1 декабрехь, Киевхь) — советийн хӀаллакдаран авиацин пилот а, тӀеман баьчча а, Испанера гражданийн тӀамтӀехь Испанин республикин эскаршкара 1-ра хӀаллакдаран эскадрильйан баьчча. Советийн Союзан турпалхо (28.10.1937). Авиацин инарла-лейтенант (28.10.1946).
Ерёменко Иван Трофимович | |
---|---|
Вина терахь | 1910 шеран 7 июль |
Вина меттиг | Екатеринодар, Кубанан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1986 шеран 1 декабрь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | Киев, УССР, ССРС |
Пачхьалкх | ССРС |
Эскаран тайпа | тӀеман-хӀаваан ницкъаш |
Дарж | |
Куьйгалхо | Къилбаседин фронтан ТӀеман-ХӀаваан ницкъийн республикин авиацин тоба |
ТӀемаш |
Гражданийн тӀом Испанехь, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Вина 1910 шеран 7 июлехь Екатеринодар гӀалахь (хӀинца Краснодар) украинийн белхалойн доьзалехь. Украинхо. 10 шо кхаьчначу хенахь йалхо хилла, 1924 шарахь болх бира Мискачарна гӀолацаран комитетан гӀалин йистера бахамехь. 1925 шарахь чекхйехира трактористийн курсаш, 1926 шарахь — автотранспортан гӀуллакхан курсаш. шофёр болх бира гӀалин йистерачу бахамехь а, Йуьртмашбертехь а (Краснодар). 1926 шарахь дуьйна дийшира баккхийчеран ишколехь.[1]
ТӀемал хьалхара гӀуллакх а испанера тӀом а
бӀаьра нисйанЦӀен эскарехь вара 1927 шеран декабрехь дуьйна. 1928 шарахь чекхйаьккхира Ленинградера БАЦӀЭ ТӀХӀН тӀеман-теоретикин авиацин ишкол в, ткъа 1929 шарахь — 1-ра тӀеман пилотийн А. Ф. Мясниковн цӀарах ишкол Кача поселкехь.
1929 шеран декабрехь дуьйна — Кавказан ЦӀен байракхан эскаран ТӀХӀН 70-гӀа ша йолчу авиацин тобанан лахара пилот (Бакох). 1930 шеран ноябрехь дуьйна — Чоьхьара Кавказан тӀеман гуонан ТӀХӀН 2-гӀа ша йолу авиаэскадрильйан зӀен баьчча, 1934 шеран январехь дуьйна – 119-гӀа эскадрильйан тобанан баьчча. 1937 шеран апрелехь дуьйна куьйгалла дина 119-гӀа ша йолу хӀаллакдаран авиацин эскадрильйан. ЕКП(б) декъахо 1938 шарахь дуьйна. БАЦӀЭхь тӀемлойн цӀераш йукъайаьхча цунна йелира капитан (4.03.1936).
1937 шеран майра 1938 шеран февраль кхаччалц капитана И. Т. Ерёменкос дакъа лецира Испанера гражданийн тӀамехь. Сихха карадерзийра буса лело кема, аьттонца тӀом бора Сарагоса провинцин тӀехула лелачу фашистийн бумбанаш кхуьйсучаьрца, 348-зза тӀеман хӀаваэ велира, кема хихкира 260 сахьтехь. И. Т. Ерёменкон Испанера толамех хаамаш цхьаьна ца богӀу (кхечу советийн асийн санна, йукъара лараран система йацара махкахь). Советийн заманахь сих-сиха зорба туху хаамашца, цуо ша дожийна 12 мостагӀчун кема, 4 — тобанехь, М. Ю. Быковн талламийн хаамашца — дожийна 7 кема ша а, 5 тобанехь а[2], Испанера тӀамтӀехь советийн хӀаллакдаран кеманаша дакъа лацарх С. Абросовн белхан хаамашца — ша дожийра 9 кема[3], ткъа В. Гагинан хаамашца — ша 6 толам баьккхина, 8 тобанехь[4]. Советийн ТӀХӀН хьалхарчех цхьа толам баьккхина буса хӀаваэхь тӀом беш. Муха делахь а, тешалла дина толамийн барамца И. Т. Ерёменко ву Испансин тӀамтӀера советийн хӀаллакдаран кеманийн асех хьалхарчех цхьаъ.[5]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Согласно автобиографии И. Т. Ерёменко, опубликованной во фрагменте на сайте «Планета ВВС».
- ↑ М. Ю. Быков. Все Асы Сталина 1936—1953 гг.. — Научно-популярное издание. — М.: ООО «Яуза-пресс», 2014. — С. 387. — 1392 с. — (Элитная энциклопедия ВВС). — 1500 экз. — ISBN 978-5-9955-0712-3.
- ↑ Абросов, 2003, с. 333.
- ↑ Гагин, 2001, с. 86—87.
- ↑ Подробно об участии И. Т. Ерёменко в боевых действиях в Испании рассказано в статье М. Пруцакова и В. Литвиненко «Испанец» с Кубани. Полностью опубликована в журнале «Авиация и время», 2000 год, № 1—2.
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Кеп:Книга:Комкоры т2
- Кеп:Книга:Комдивы т2
- Кузнецов И. И., Джога И. М. Первые Герои Советского Союза (1936—1939). — Иркутск: 1983.
- Окороков А. В. «Русские добровольцы». —М.: Яуза, Эксмо, 2007. — ISBN 978-5-699-23162-1.
- Абросов С. В. В небе Испании. 1936–1939 годы. — 2003. — 432 с. — 2000 экз. — ISBN 5-08-0040-89-0.
- Гагин В. В. Воздушная война в Испании (1936-1939). — 2-е изд. — Воронеж, 2001. — 88 с. — 2000 экз. — ISBN 5-89981-222-2.