Жеребцова, Елена Анатольевна
Елена Анатольевна Жеребцо́ва (1951 шеран 16 май, Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, СССР) — грозненски поэтесса йу[1].
Елена Анатольевна Жеребцова | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо |
Йина терахь | 1951 шеран 16 май (73 шо) |
Йина меттиг | Дон-тӀера-Ростов, РСФСР, СССР |
Корматалла | поэтесса |
Гражданалла | Росси |
Биографи
бӀаьра нисйанЕлена Жеребцова йина,16-чу майхь 1951-чу шарахь, Дон-тӀера-Ростов цӀе йолчу гӀалахь — иза грозненски поэтесса йу. Иза чӀогӀа хала зама йара, дукха хан йацара Дуьненайукъара шолгӀа тӀом чекхбаьлла. Церан доьзалехь мехала дара книгаш йешар, ларам бара историца, даггара къобал дора Ӏилманна тӀегӀертар а. Еленас марзонца йешара повесташ, романаш а, леррина ладегӀара гергарчара тӀамах лаьцна, цигахь халкъо гайтинчу хьуьнарх лаьцна дуьйцучунна, иштта хӀоранна стеган дахар мел мехала хилар билгалдоккхуш дуьйцучуьнга[2].
Шен пхийтта шо кхаьчначу хенахь Елена, шен да-нана дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа, журналист волчу шен деца кхелханайеара Нохча-ГӀалгӀайн АССР-н, Грозный гӀала (Соьлжа-гӀала). Кхузахь чекхдаьккхира цо школера дешар а. Цуьнан нана Галина-сурташдахкархо (художница), ша йинчу гӀалахь йехаш йисира.
Елена Жеребцовна чӀогӀа безабелира, кхузара, дуккха къамнаш цхьаьна дехаш долу хаза мохк. Дагна там хуьлура, кхузахь цхьа ша-тайпана вовшашца гергарло долуш, машаре бертахь дехаш долчу тайп-тайпанчу къамнийн дахарах тидам бича. Уьш бара: оьрсий, нохчий, гӀалгӀай, украинцаш, лезгинаш, гӀуьнкий, эрмалой, иштта дуккха кхиберш а.
Шен школера дешар чекхъдаьлча, Елена, йуха а, Ростов-на Дону гӀала йахара. Цуьнан Ӏалашо йара цигарчу университета журналистин факультете деша йаха. Конкурс йоккха хиларна цуьнан лаам кхочуш цахилира. Цул тӀаьхьа цо Хьехархойн институт чекхйаьккхина, берийн садикехь болх, иштта кхечахьа а белхаш бира.
Корматалла
бӀаьра нисйанДуьххьарлера Еленин маре, бохамца хеназа хедира: цӀеххьана, къона майра кхалхаро, хадийра дахар кхуьнан хьомечу адама, кхаьршина дахаран ирс а. Цул тӀаьха иза йуха Грозный схьайеара. ТӀаккха цо болх бира уггаре йоккхачу Грозный гӀалара «ЦӀе варзап» (Красный молот) цӀарах йолчу заводан отдел снабженехь.
Бераллехь дуьйна Еленин безам бара литературни кхоллараллица: цо даима йазйора байташ, уьш йоьшуш самукъадалара, цул сов, Хьехархойн ЦӀенон халкъан театран декъахо а йара. Цу хенахь,Елена Жеребцова, иштта жигара декъашхо йара «Пхьармат» (Прометей) цӀе йолчу литературни цхьанакхетараллин а. Цуьнан куьйгалхо вара гӀараваьлла гӀалгӀай поэт, йаздархо волу — СаӀид Чахкиев. Ша йазйечу байташна а, кхечийн произведенешна критика йеш йолчу статьяш бухахь а, цо, даима санна, псевдоним «Лейла» лелайора[3].
1981-чу шарахь дуьйна, цуьнан байташ зорбанехь сих-сиха арахецара хӀокху изданешкахь: «За кадры», «Комсомольское племя» (Комсомолан тӀаьхье), «Заветы Ильича» (Ильичан весеташ) иштта дӀа кхи а. Ткъа таханлерчу хенахь цуьнан байташ зорбанехь йу «Зарубежные задворки» олучу журналан агӀонаш тӀехь[4]. Критикаш йаздо, цуьнан байташ кӀорггера кхетам, маьӀна долуш йу бохуш. Царна чохь цо кхоччуш гайтина олу цара, шен дахарехь мел хилла эшамаш, иштта, дикачу хӀумнах хӀораммо мел эцна пайда а.
ШолгӀачу марехь дуьненчу йелира йоӀ Полина. Иза а ше цхьанна кхиодизира цуьна. Жималлехь дуьйна йоӀан дагчу безам кхоллира цо литературе. Доьзалехь бергге а бара искусствана, поэзина, историна, журналистикана, живописьна тӀех ойла йолуш. Кхеран шайн цӀахь а йара инзаре йоккха библиотека. Елена Жеребцова нана йу — Нохчичуьра берий дневникин автор йолчу Полина Жеребцован.
Москвахь, 2015 шарахь, зорбанехь арайелира Елени Жеребцован «Суна дуккха а гина» (Я многое видела) цӀе йолу байтин сборник[5].
ТӀаьхьо Еленас йаздора: «Сан да — Жеребцов Анатолий Павлович — чӀога йезаш вара Кавказ, нохчий а. Церан мотт Ӏаморал сов, цо шен чохь, нохчийн, гӀалгӀайн а, дукхах долу гӀиллакхаш тӀе а лаьцнера, леладайтара. Суна жима йолуш дуьйна хаара, масала: нагахь чу стаг веача (къаьсттина божарех) халагӀатта йезий, ткъа цо чай молчу ханчохь, сихха цуьнан мачаш йила йезий а. И эхь долуш дацара, иза ша тайпана ларам бара хьешаца.»
Елени дахар аттачех дацара: кхелхира нана, дуьххьара Нохчийчох баьллачу тӀамехь, оьрсийн бомбанашна кӀеллахь, кхелхира кхуьна де-нана, шолгӀачу Дуьненайуккъера тӀеман декъахо хилла волу кхуьнан да, Анатолий а.
Йуха а, 1999 шарахь, болабелира шолгӀа тӀом — иза гуттар къиза бара. Дукха инзаре халонаш еара цу тӀамо: йуьхьанца кхунна, йоӀанна хиллачу чевнаша, лайначу мацалло, шелоно, йохийнчу хӀусамаша, вайначу деган доттагӀ а бахьанехь, цул тӀаьхьа, хьомечу махках йала дезаро — ирсечу машаран дахаре йолу догдохийла а хадийра[6].
Карарчу хенахь, Елена Жеребцова пенсехь йу, Нохчийчуьра дӀайаханачул тӀаьхьа, къилбаседан Россехь цхьана жимчу йуьртах, ша цхьаъ хан токхуш йу.
Цо, хӀинца а, йазйо шен байташ. Церан кӀорггерачу чулацамо гойту: цуьнан адамалла, сирла ойланаш, кхетам, цуьнан дагчура сингаттам, лазам, сатийсар а — шен дуьненахь хиллачу ирсечу Ялсамане[7].
Доьзал
бӀаьра нисйанНана — Фёдорова Галина Николаевна (1924—1991), — сурташдахкархо, ростовски театран белхало.
Да — Жеребцов Анатолий Павлович (1922—1994) — гочдархо, журналист, кинодокументалист.
ЙоӀ — Жеребцова Полина Викторовна (1985) — журналист, йаздархо.
Библиографи
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Знать, сострадать и не забывать. Архивйина 2017-04-12 — Wayback Machine
- ↑ Я многое видела. Сборник.
- ↑ Строки, восстающие из пепла
- ↑ Рубрика: Поэзия
- ↑ Краткие сведения об авторе
- ↑ Журнал «Кругозор». С ЧЕЧЕНСКОЙ ВОЙНЫ. Боль в стихах
- ↑ Чтение стихов Е. Жеребцовой в фонде Сахарова.
- ↑ «Суна дуккха а гина»