Жиклер
Жиклёр (фр. gicleur, даьлла gicler — цинцаш тоха) — тӀуналла я газ дӀалуш доза тоха калибр йина Ӏуьрг.
Масала, техникин литературехь жиклёр олу карбюраторан калибр йина Ӏуьргаш долу деталах (форсункан тӀассарчи). Шен функцешца а, и муьлхачу карбюраторан системе хӀотторе а хаьжжина, жиклёраш йекъало ягоргийн, хӀаваан, коьрта, компенсацин, яьсса латтаран, кхин а. Жиклёран мах хадабо цуо тӀуналла чекхъялийтаран тароне хьаьжжина, масала калибр йина Ӏуьргехула цхьаьна хенан барамехь чекхдала таро йолу хин. Карбюраторан жиклёрашна дукха хьолахь тӀехула кхаа терхьан марка хӀоттайо. Оцу терахьа билгалдоккху къубан сантиметрашкахь цхьаьна минотехь мел тӀуналла чекхйолу, нагахь хин бӀогӀаман Ӏаткъам 1000 (±)2 мм белахь. Йо, дукхахь дерг, бесара металлех. Жиклёран Ӏуьрг ду луьра калибр йина, цундела уьш цӀандан ца мега ондачу хӀумнашца, Ӏуьрг шордина цуо болх нийса ца байтархьама.
Кхин масала ду техникин литературехь автомобилан хьалхара бӀаьрг цӀанбеш хи тухучун жиклёр.