Завга́ев Ахьма́р ГӀапу́рович (вина 1947) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо. ДоьалгӀий, пхоьалгӀий кхайкхаман Пачхьалкхан думан депутат[1]. «Единая Россия» фракцин декъашхо. ПД бюджетан а, налогийн а (хьалха вара экономикин политикин а, хьуьнараллин а, туризман а Комитетан декъашхо, Къилбаседа Кавказан баланийн Комиссин декъашхо, меттигера шайн урхаллин гӀуллакхийн Комитетан декъашхо) Комитетан декъашхо. Советийн муьран Нохчийчоьнан партин гӀуллакххочун Завгаев Доккин ваша. Тайпана гендарганойх ву.

Ахьмар ГӀапурович Завгаев
ЗӀовгин ГӀапурера Ахьмар
Псевдонимаш: Ӏапи
Вина терахь 1947 шеран 20 декабрь({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (76 шо)
Вина меттиг ССРС, КхазССР, Карагандан область, Бухар-Жыраун кӀошт Токаревка посёлкан Нурински станци.
Гражданалла:  ССРС
 Росси
Ӏилманан тӀегӀа:
Къам: нохчо
Динлелор: бусалба
Парти: «Единая Россия»
ГӀулаккхан тайп: Депутат
Да: ЗӀовгин ГӀапур
СовгӀаташ: ДоттагӀаллин Орден
Викилармин логотип Ахьмар ГӀапурович Завгаев Викилармехь

Вина 1947 шеран 20 декабрехь Кхазакхскийн ССРехь Карагандан областера Тельманан кӀоштан Токаревка посёлкан Нурински станцехь.

1973 шарахь чекхйаьккхина Серноводскан йуьртабахаман техникум. 1979 шарахь чекхйаьккхина Ломан йуьртабахаман институт (Соьлжа-ГӀала). 2003 шарахь чекхйаьккхина Президентан пачхьалкхан гӀуллакхан Российн академи.

1965—1971 шерашкахь болх бира тракторист, тракторца-арелелоран бригадан бригадир. 1971—1974 шерашкахь — белхан комитетан председатель, 1974—1980 шерашкахь — коьрта инженер, 1980 шарахь дуьйна — совхозан директор.

1995—1996 шерашкахь — Башкортостан Республикин Арахьарачу гӀуллакхийн ассоциацин Таможнин гӀуллакхан центран инарла-директоран гӀовс. 1996—1997 шерашкахь — Федерацин Советан декъашхочун гӀоьнча.

1997—1999 — ЗАО «Атомагросервис» йукъараллин инарла-директор.

2000 шеран октябрехь дуьйна Федерацин Советехь Нохчийн Республикин администрацин векал ву, ФС экономикин политикин, хьуьнараллин, доларчу бахаман Комитетан председателан гӀовс.

СовгӀат дина РФ Президентан сийлаллин грамотица (2002 ш.)

«Нохчийн Республикин Сийлахь гражданин» цӀе йелла (2002 ш.)

2003 шеран 7 декабрехь Нохчийн харжамийн N 32 йолчу гуонехь (Нохчийн Республика) хаьржина РФ доьалгӀа кхайкхаман Пачхьалкхан Думе.

СовгӀат дина Федерацин Советан баркаллааларан кехатца (2003 ш.)

СовгӀат дина ДоттагӀаллин Орденца (2003 ш.).

СовгӀат дина «Нохчийн Республикин гӀуллакхашдарна» мидалца (2005 ш.)

СовгӀат дина Пачхьалкхан думан баркаллааларан кехатца (2005 ш.)

СовгӀат дина Кадыровн орденца (2006 ш.)

СовгӀат дина «Сийн хьаьрк» орденца (2007 ш.)

2007 шеран декабрехь дуьйна — пхоьалгӀачу кхайкхаман Пачхьалкхан Думан депутат; хаьржина «Единая Россия» партино хӀиттийначу федералан кандидатийн испискашна декъахь. «Единая Россия» фракцин декъашхо. Бюджетан а, налогийн а Комитетан декъашхо.

Завгаев Доккин а, Завгаев Ахьмадан а ваша.

Зорбанехь вистхилар

бӀаьра нисйан

Завгаевс емалдира немцойн депутата Европин Советан Парламентан ассамблехь (ЕСПА) Страсбургехь аьлла дешнаш, цунна хетарехь, Нохчийн Республикехь адаман бакъонаш йохайаран жоьпалла российн Ӏедалан кочайолла гӀерта аьлла. Цу тӀе цуо билгалдаьккхира, немцойн парламентарин къамелехь цакардар законехь боцучу тӀеман кхолламийн зуламаш: «И гӀуллакхаш деш ду талорхойн тобанаша Масхадов коьртехь а волуш, цаьргара бу коьрта кхерам Нохчийчура адамийн бакъонашна». Завгаев кхакхам бира терроризман дуьхьала бен болх цхьаьна бан беза аьлла[2].

Завгаев иштта йемалйира 2007 шарахь ГӀалгӀайчохь оьрсийн бахархой байина нисъелла меттигаш а, «республикера хьал талхо, оьрсийн мотт буьйцурш кхеро» гӀерта лелош ду аьлла[3].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан