ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Закат (Ӏаьр. زكاة‎‎, устар. زكوة‎) - кхоалгIа исламан рукн ду. Iаьрбийн маттахь «Закат» бохучун маьIна кхиар а, алсамдалар а бохург ду. Хастам барах а, дикаллех а, цIандарх а олу закат. Ткъа даьхний йукъара луш долчу цхьана дакъанах закат аьлла, и дIалуш долу даьхни бахьана долуш, бухадуьсуш долчунна беркат алсамдолу дела, оцу даьхнин да цо вочу хIумнех дIацIанво дела, Делера гечдар хиларца.

ШарIехь «Закат» бохучу дешан маьIна хIара ду: Адамашна йукъара къастийначу цхьана тобанна, шен-шен хенахь даьхни тIера дIадала дезаш долу хьакъ.

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан