Зударийн накха
Зударийн накха — гӀодан лекхарчу декъан хьалха йолу тӀеяьлла ши меттиг ю. Цу чохь зударийн Ӏийдарг (Mamma) хуьлу, царах схьакъаьста бераш кхобу некхан шура[1].
Некхан Ӏийдарг (Mamma) кхиар церан нормале долу стен-боьршаллин кхиаран дакъалгах коьртачех цхьаъ ду. Кхиъна зударийн накха зударийн стен-боьршаллин шозлагӀа билгалонаш санна лоруш ю, ткъа ишта кхиар божаршна хилар (гинекомасти) патологи ю, наггахь бен ца хуьлу иза.
Зударийн накха дукхахьолехь эрогенан меттигаш ю. Дерзинадаьккхина зударийн накхош боьршачу стеган а, зудчун а сексан лаам хьалабаккха тарло.
Дукхачу культурашкахь нахана зудчо накха гайтар товш доцу хӀума ду. Кхийолу культурашкахь зударшна накха гайта магош ду, цхьайолчу пачхьалкхашкахь цкъа а ца хила ишта бехкам.
Хьостанаш
бӀаьра нисйан- ↑ Breast – Definition of breast by Merriam-Webster. merriam-webster.com. Дата обращения: 21 октября 2015.