Ивано́ва Викто́рия Никола́евна (1924 шеран 22 сентябрехь, Москохахь2002 шеран 1 февралехь, Москохахь) — советийн а, российн а камерин йишлакхархо (лирикин сопрано). РСФСР хьакъ долу артист (1973).

Иванова Виктория Николаевна
Файл:Виктория Иванова.jpg
Коьрта хаам
Йина терахь 1924 шеран 22 сентябрь({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 2002 шеран 1 февраль({{padleft:2002|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (77 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзаллаш камерин а, эстрадин а йишлакхархо
Эшаран аз сопрано
Пондарш фортепиано
Коллективаш Москохан пачхьалкхан академин филармони
СовгӀаташ
Сийлаллин орден — 1999
РСФСР Хьакъдолу артист — 1973

Иванова Виктория йина 1924 шеран 22 сентябрехь москохан Лефортово кӀоштахь, лоьрийн Николайн а, Лидийн а ИвановгӀеран доьзалехь. Да, тӀеман лор балхахь вара Лефортовн госпиталехь, велира йоьӀан кхо шо долуш. Хьалхе велла дена йезара музыка, цундела йоьӀа Ӏаламан хьуьнара хааделла, нана хӀуъа дина музыкин агӀора кхио гӀиртира.

Викторийс чекхйаьккхира музыкин ишкол фортепиано классаца. Цул тӀаьхьа Ӏемира вокале О. Ф. Славинская-Фёдоровская йолчохь — хьалха доьшийлехь, цул тӀаьхьа — институтехь а, Российн музыкин ГнесингӀеран цӀарах институтан аспирантурехь а. ТӀех дика мах хадорца ГнесингӀеран цӀарах ПМХьИ чекйаьккхинчул тӀаьхьа, 1951 шарахь, хилира Москохан филармонин солист (1998 шо кхаччалц).

Ия, гергарчара Викторийх ма-аллара, маре йахара шен классехь хиллачу Матусов Юрий Петровиче. «Иза хилла къегина, ира хьекъал а, чекх ца йолуш забарш йолу стаг, чӀогӀа дика йевзаш хилла дуьненан музыка а, сурт диллар а»[1].

Церан йоӀ хилира — Екатерина. Ненаца цхьаьна цуо дуэтца йиш локхура радиохь; йишлекхира фильм-туьйранехь «Морозко» (Настенька). Амма йалхийтта шо долуш коьртан хьен операци йинчул тӀаьхьа йоӀ заӀап йисира. Дукха хан йаллале дог иккхина майра велира.

ТӀаьхьарчу пхеа шарахь йишлакхархо чуьра ара а ца йолура — хала лазаро таро ца лора цунна йиш лакха. Ехира иза Москохахь Краснопрудни урамехь, 30/34 цӀа чохь.

Йелира дахаран 78-гӀа шарахь 2002 шеран 1 февралехь. ДӀайоьллина Москохара Введенски кешнашкара 7-гӀа декъа тӀехь.

Кхолларалла

бӀаьра нисйан

Доьшуш йолучу хенахь дуьйна (1946 шарахь дуьйна) Иванова Виктория радиохь дӀайазйора, 1960-гӀа шерашкахь шуьйра гӀарайелира камерин а, эстрадин а йишлакхархо санна, чекх са го, кӀеда тембрца, маьрша шен вокалца.

Радиохь йишлакха йолаеллачу хенахь дуьйна концертан эстрадехь кхоллайелира йишлакхархочун тайп-тайпана репертуар, иза тӀаьхь-тӀаьхьа шорлора, юзура, Йерригсоюзан радион дӀайазйина дешин фонд йукъайахара — Российн Телерадиофондехь цуо лекхна 200 сов эшар йу Ӏалашйеш. Ивановин репертуар лаьттара тайп-тайпанчу муьрийн музыкех: классикин, романтикин, барочни. Иза уггаре хьалха бу М. И. Глинка, А. С. Даргомыжский, М. П. Мусоргский, Г. Шютц, И. С. Бах, Й. Гайдн, В. А. Моцарт, Л. Бетховен. Цуо локхура Р. Шуманан, Ф. Шубертан, И. Брамсан, К. Дебюссин, Г. Малеран камерин кхоллараш. Цуьнан программашкахь йара шира французийн а, ингалсан а музыка, оьрсийн шира эшарш а, романсаш а, советийн композиторийн Прокофьев Сергейн, Левина Зарин, Блантер Матвейн, Дунаевский Исаакан кхоллараш. Романс «Сан сингаттамах кхетар дац шу» йишлакхархочун ша-кепара визитан карточка дара. Магийначул тӀаьхьа, цуо дукха шира, динан а, дуьненан а эшарш лекха йолийра.

Нийсархоша Иванова Викториях

бӀаьра нисйан

Йишлакхархочун уллера доттагӀчо, Добровольская Юлийс, иштта йуьйцу Иванова Виктория: Кеп:Цитатин йуьхиг

Делера — шен бен доцу аз, шедаг-аз, шегара — виртуозан иза лелор, цуо дуьйцу самукъанениг а, ладамениг а, сингаттамениг а, хазаниг а даггара, ойланца, емаллица, кочаллица, луьра, мекарлонца... Иза йара къахьегна йаьккхина говзалла, йара дера, зударийн хазалла — лепа сийна бӀаьргаш, сирла кӀайн чкъор, детин йелайалар, дерриг дицдойтуш къежар.

Левина Зараа йаздора цунах лаьцна:Кеп:Цитатин йуьхиг

Виктория чӀогӀа жоьпалле а, «хуне» а йу. Цуьнан «хунаш» — исбаьхьалчин хьесап ду, цкъан а динчун тӀехь паргӀата ца волу. Ивановас меллаша ойла йо. Цуо йеха ойла йо: шен кховдийна кхоллар лакха йа ма лакха, нагахь иза реза ца хилахь лакха, иза хаза ца хетар дац, цуьнан шеко хилар ду и романс, эшар ладогӀархошна дӀакхачалур йу йа йац… Иза мичча а хенахь йовзалуш йу. Интонацин цӀоналла, балур санна декар, беркате кхиина интерпретаци, дика чам… Ивановин сих-сиха оьгӀаз оьху композиторш а, хьаькмаш а: „КӀезиг локху!“ Амма цуьнан цӀе гӀарайаьлла йу. Цуо ца локху, шена чохь иза оьший кхетталц.

ЦӀераш а, совгӀаташ а

бӀаьра нисйан

1958 — Йерригсоюзан къовсаман лауреат.
1973 — РСФСР хьакъ долу артист.
1999 — Сийлаллин орден.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Астафьев В. Затеси. Тетрадь 6-я. «Вам не понять моей печали», 1980.

Литература

бӀаьра нисйан

Кховдийна литература

бӀаьра нисйан
  • Виктория Иванова. Такой она живет в наших сердцах // Елена Фабиановна Гнесина. Воспоминания современников / М. Риттих. — 2-е изд.. — М.: «Практика», 2003. — С. 249—250. — ISBN 5-89816-038-8.
  • Мария Юдина. Переписка М. Юдиной и В. Ивановой // В искусстве радостно быть вместе: переписка 1959—1961 гг / А. М. Кузнецов. — М: РОССПЭН, 2009. — Т. 4. — С. 344—346.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан