Хрущёв, Иван Максимович

(Иван Хрущев тӀера хьажжина кхуза)

Иван Максимович Хрущёв (1915 шеран 3 январь, Краснопартизанскан кӀошт, Саратован область1990, Днепр) — кеманхо, полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Иван Максимович Хрущёв
Вина терахь 1915 шеран 3 январь({{padleft:1915|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1990
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа Военно-воздушные силы СССР[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1915 шеран 3 январехь Саратован областан Пугачёвн кӀоштан Большой Сакма йуртахь ахархон доьзаллехь. Оьрси. Цо ис класс чекхйаьккхира Краснодарехь. Цул тӀаьхьа цо шофер болх бира[1].

1936 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1938 шарахь цуьнан эскаран болх чекх а баьлла иза цӀаваийтира. 1939 шарахь иза йуха эскаре дӀакхайкхира. 1941 шарахь Хрущёвс чекхйаьккхира Таганроган эскарийн авиацин кеманхойн школа. 1941 шеран 20 август дуьйна иза тӀамехь вара[1].

1941 шеран 27 августехь ворхӀ кеманан тобан йукъахь Хрущёвс мостагӀийн Днепр хих дехьаваларан тӀе бомбанаш туьйхира. Цара 10 сов мостагӀийн танк хӀаллакйира. Уьш цӀабогӀуш хенахь царна 15 мостагӀийн кема тӀелетира. Хрущёвн кеманахь немцойн истребительс цӀе латийра. Хрущёвс догуш долу кемантӀехь фронт дозанал дехьа в ваьлла кхиамца кема охьахаийра. Цуьнна майрал бахьнехь Хрущёвн лазийна экипаж кӀелхьарйелира[1].

1942 шеран 15 октябрехь догӀа а догӀуш лаха мархаш йара. Хрущёвн кема тӀемаделир мостагӀийн карахь йолу Белореченская аэродроман тӀе бомбанаш тохархьам. Кеманан шозза ша бинера. МостагӀин аэродроме дӀакхачча кеманан зениткаш тӀеятта йолайелира. Амма экипажан говзалла бахьнехь уьш кеман тӀе ца кхийтира. Хрущёвс бомбанаш нийса чуькхуьссира. Аэродромехь цӀе йелира, диъ мостагӀийн кема дегира[1].

1943 шеран 15 майхь буьйсанна Старотитаровская юртан уллехь бомбанаш нийса чуькхоьссина Хрущёвс мостагӀийн йоккха тӀеман гӀирсан ларма хӀаллакйира[1].

1943 шеран 25 майхь буьйсанна Анапехь йолу мостагӀийн аэродроман бомбанаш тӀетухуш экипаж хена хӀоттам дика боцушшехь (догӀа, йукъа мархаш) Ӏалашон тӀе а кхаьчна, зениткаш тӀеятташшехь бомбанаш нийса тӀетуьхуьра. Аэродромехь йоккха цӀе йелира. Бомбаний тӀекъелдоттар а, цхьа кема а хӀаллак хилира[1].

1943 шеран 15 августехь буьйсанна Ясиноватая эчиг некъан станцехь болу мостагӀашна бомбанаш тӀетухуш Хрущёвс бомбанаш нийса тӀетоьхна хӀоъмолхнех йоттина эшелон хӀаллакйира[1].

1943 шеран 19 сентябрехь Джанкой эчиг некъан станцехь нийса бомбанаш тоьхна Хрущёвс станцехь гулйелла масийтта эшелон хӀаллакйира[1].

1943 шеран 23 октябрехь буьйсанна Никополь цӀе йолу эчиг некъан станцехь нийса хьажийна бомбанаш чукхоссар бахьнехь Хрущёв йоккха хӀоъмолхан ларма хӀаллакйира[1].

1943 шеран ноябрь кхачале гвардин лакхара лейтенант Хрущёв вара 6-гӀа авиацин корпусан 50-гӀа авиацин дивизин 24-гӀа гвардин авиацин полкан куьйгалхонан когаметтаниг. Цо кхочуш йира 296 тӀеман тӀемавалар (царех 267 буьйсанна) мостагӀан салтий а, машенаш а, танкаш а хӀаллакйархьам. Хрущёвн экипажас чукхоьссира 84,8 тонн тайп-тайпан бомбанаш а, 380 эзар листовка а, хӀаллакйира 13 танк а, 27 маше а, 9 ягорган ларма а, 11 ларма хӀоъмолха а. Цо хӀаллакдира аэродромашкахь летташ 29 кема а, хӀаваан тӀамехь чудаийтира 2 кема а[1].

1944 шеран 13 мартехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин лакхара лейтенант Хрущёвн Советийн Союзан Турпалан цӀе йелира[1].

1948 шарахь цо чекхйаьккхира эпсарийн тӀемаваларан тактикан школа. 1958 до дуьйна полковник Хрущёв тӀаьхьаллоне велира. Иза Ӏаш вара Днепропетровскехь. Велира 1990 шеран 31 августехь. ДӀавоьллина Сурско-Литовски кешнашкахь[1].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Мы — с Волги! — Куйбышев: Куйбышевское кн. изд., 1985.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра