Идеологи (желтойн маттахь ιδεολογία; ιδέα «васт кхуллург, ойла» + λογος «дош, хьекъал, Ӏилма») — концептуале кепе ерзина ойланийн система ю. Идеологино гойту тайп-тайпанчу политикин субъектийн (классийн, къаьмнийн, йукъараллин, политикин партийн, боламийн) хьашташ а, дог-ойланаш а, Ӏалашонаш а.    

Йукъараллехь йолчу олаллин а, Ӏедалан а санкци яларан (консерваторийн идеологеш) йа уьш радикале ерзаран («аьррочу» а, «аьтточу» боламийн идеологеш) форма ю.