Иероглиф
ХӀокху агӀонан тӀехь хьажоргаш яц. Яздинарг талла йиш йолуш хила деза, ткъа яцахь иза дӀадаккха там бу.
Хьа йиш ю хӀара агӀо таян , авторитет йолу хьосташ тӀетоьхна. |
Иеро́глиф (желт.-шира. ἱερογλύφος) — цхьацца яздаран системашкахь йозанан хьаьркан цӀе ю. Иероглифаш билгалдаха тарло шеш аьзнаш а, дешдакъош а (алфавитан а, силлабин а йозанан элементаш), ткъа иштта морфемаш а, дийна дешнаш а, кхетамаш а (идеограммаш).
ЭтимологиНисъе
«Иероглиф» термин грекашкара даьлла ду, схьаэцна Александрийн Климентегара (II—III бӀешерашкахь). Цуо тӀулга тӀехь зайланца яздинчу йозанех олура ἱερογλυφικὰ γράμματα (иероглифика граммата). ἱερογλυφικά дош лаьтта шина декъах: ἱερός (иерос) — «сийлахь», γλύφω (глифо) — «дата», «доту». Иштта, ἱερογλυφικὰ γράμματα гочдо «сийлахь детина йозанаш».
ЛеладоНисъе
Дуьххьала «иероглиф» термин лелош хилла Ширамисрин йозанехь, цунна юкъаягӀара идеографин элементаш, силлабин а, фонетикан а (акрофонин) йоза. ХӀинца цул сов термин лелайо цийн йозан, ткъа иштта японан маттера кандзи а, кокудзи а (уьш лелайо дешдакъойн абатца иэйина: катаканица а, хираганица а), корейн маттера ханча, тангутан йозан хьаьркийн амалаш гойтуш. ТӀеххьарчеран иероглифийн система кхоллаелла цийн иероглифин йозанах. Цийн иероглификин башхалла ю идеограммийн комбинаци гойтуш йолу коьрта иероглифаш лелаяр.
ТкъолгӀачу бӀешераш юккъехь хьевсира малхбузан меттанашна иероглифичунах тера долу йозанан система кхолла. Кеп:Нп5, оцу системан авторан хетарехь, цуо таро лур ю йозанца дуьненара массо а къаьмнашна вовшех кхета, Малхбален Азера къаьмнаш санна, хьалхарчу рогӀехь Цийн къаьмнаш санна, цара йозанца къамел до иероглифийн гӀоьнца.
Хьажа ишттаНисъе
ХьажоргашНисъе
- Японская каллиграфия
- Иероглифика
- Дзэн и искусство каллиграфии
- Ланьков. Прошлое, настоящее и будущее иероглифической письменности #1#2
- Расшифровка иероглифов майя
ХӀара йозанах я элпех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |