Ингалсан-франкин-оьрсийн барт (1915)

Ингалсан-франкин-оьрсийн барт1915 шеран 18 мартехь Антантан пачхьалкхашна юкъахь бина къайлаха барт, цуьнца Йоккха Британи а, Франци а реза хилира бӀешеран Малхбузан хаттар Истамбул шен Ӏаьржа хӀордан хидоькъешца Российн империн дӀаяларца чекхдаккха, цуьнца хийцина Хункар-мехкан азин декъера латташ шайна дуьтург[1].

И барт бахьана долуш Хункар-мехкан исторехь дуьххьала кхаа яккхийчех пачхьалкхийн коалицин дуьхьал латта йийзира. Истамбулах мах хила безара Россис йолийна хӀордан-тӀеман Босфоран операци. Оьрсийн флота дакъа ца лаьцча Дарданеллан операцихь ингалсан баьччаллин аьтту ца хилира, амма 1917 шарахь Цхьана ханна йолчу правительствон арахьарчу гӀуллакхьийн министро П. Н. Милюковс тӀечӀагдайтира бартхошка, 1915 шарахь бина барт ницкъехь хилар[2].

Октябран революци хиллачул тӀехьа Ленина кхайкхам бира (1917 шеран 3 декабрехь) Малхбален бусулба къинхьенамхошка, цуо къайлаха барт хилар даржийра, дӀахьедира, «дӀаваьккхинчу Керенскис бийцина, дӀаваьккхинчу паччахьан Истамбул схьаяккхарехь хилла къайлаха барташ, иэтӀийна, хӀаллакбина»[3] аьлла.

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. В. К. Шацилло. Первая мировая война 1914—1918: факты, документы. Москва, 2003. С. 107.
  2. Bertran Russell. Pacifism and Revolution, 1916-18. ISBN 9780415094108. Page 140.
  3. Англо-франко-русское секретное соглашение 1915. // Дипломатический словарь. М.: Государственное издательство политической литературы. А. Я. Вышинский, С. А. Лозовский. 1948.