Коьрта меню схьаелла

ХӀиндистан

(Индостан дӀасахьажийна кхузе)

ХӀиндистан (хӀинди हिन्दुस्तान Hindustān, урду. ہندوستان Hindostān от гӀаж. HindūИнд + -stān) — Азин къилбехьара ахгӀайре. Майда 2 млн км² герг. Къилбаседехьара доза ду Инд дельта тӀера Ганг дельта тӀекхаччалц[1]. Цкъаццкъа ХӀиндистанан ю олу ХӀинди-Ганган аренан къилбехьара акъари а лаьмнаш а[2]. ГӀайренан тӀехь ду ХӀинди дукху долу дакъа, Пакистанан а, Бангладешан а цхьадолу дакъош а ду.

ХӀиндистан
Координаташ20° къ. ш. 78° м. д.HGЯO
Акваторин йистера хиш ХӀиндин океан, Бенгалин айма
Майда2 млн км²
ПачхьалкхХӀиндиFlag of India.svg ХӀинди
ХӀиндистан (ХӀинди)
Brown 804000 pog.svg
ХӀиндистан
Спутник тӀера хьаьжча
Спутник тӀера хьаьжча
Историн ХӀиндистанан карта, 1814 шо

Малхбузехьа бу Ӏаьрбийн хӀорд, малхбалехьа — Бенгалин айма ю. АхгӀайренан къилба-малхбалехьара йистехь бу Шри-Ланка цӀе йолу боккха гӀайре. ХӀиндистан ахгӀайре ХӀиндин тектонин пилтан тӀехь йолучу ХӀиндин субконтинентан къилбехьара дакъа ду.

АхгӀайренан уггаре къилба меттиг — Коморин цӀе йолу мара бу.

ЦӀеНисъе

ГӀажарийш ХӀиндустан ерриге ХӀндехь олура, цигара и дош европан меттанашка кхаьчна. XIX бӀешарахь европахойша Гималаи а, Виндхья акъаре а юкъахь йолу регионах олура ХӀиндистан, мадарра аьлча ХӀиндин материкан дакъех[3] Декан дуьхьала йолучу[4].

БилгалдахаршНисъе

  1. Л. И. Куракова, В. Е. Хаин. Индостан // Большая советская энциклопедия. Т. 10. — Советская энциклопедия, 1972. — 3-е изд.
  2. Индостан // Словарь современных географических названий / Под общей редакцией акад. В. М. Котлякова. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.
  3. ХӀиндистан // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. Хиндустан // Большая советская энциклопедия. Т. 28. — Советская энциклопедия, 1978. — 3-е изд.

ЛитератураНисъе

  • Кришнан М. С. Геология Индии и Бирмы. М.: Иностранная литература. 1954. 424 с.

ХьажоргашНисъе