Ионова, Елена Евгеньевна


Ионова Елена Евгеньевна (йина 1958 шеран 3 апрелехь[1], Москохахь) — российн оперин а, опереттин (меццо-сопрано) а йишлакхархо, Российн Федерацин Халкъан артист (2014 шо)[2].

Ионова Елена
ЕЕИонова.jpg
Коьрта хаам
Юьззина цӀе Ионова, Елена Евгеньевна
Йина терахь 1958 шеран 3 апрель({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (63 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш йишлакхархо, оперин йишлакхархо
Эшаран аз меццо-сопрано[d]
СовгӀаташ
Российн Федерацин Халкъан артист
Российн Федерацин Хьакъдолу артист
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

БиографиНисйе

Ионова Елена йина 1958 шеран 3 апрелехь Москохахь. Чекхъяьккхина Москохан музыкин ГнесингӀеран цӀарах доьшийла — музыкин комедин факультет, цул тӀаьхьа Пачхьалкхан театран говзаллин институтан — музыкин театран факультет, профессоран Г. П. Ансимовн курс.

ПТГИ чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, 1985 шарахь, балха хӀоьттира Пачхьалкхан академин «Москохан оперетта» театре, цигахь хӀинца а болх беш ю, ловзайо коьрта партеш Кальман Имрен оперетташкахь: Сильва «Чардашан паччахь-аьзни» чохь, Мадлен «Монмартран тобалкхехь», Марица «Марицехь», ткъа иштта Валентина Легар Францан «Самукъане жерон» чохь, кхин а.

1998 шарахь дуьйна Москохан Театран Геликон-Оперин солистка ю. Партешна юкъахь коьрта парти: Бизе Жоржан оперехь «Кармен», Амнерис «Аидехь», Флора Верди Джузеппен «Травиатехь», кхин а.

Кхин а Елена Ионова опереттин артистийн къовсаман дипломант ю, цхьаьнагӀуллакх лелийра Горенштейн Марк урхаллехь волчу Пачхьалкхан Светлановн цӀарах симфонин оркестрца. Йиш лекхна Wiener Kammeroper сценин тӀехь (Австри), дакъалецира композиторан Джанкарло Меноттин фестивалехь Сполетохь (Итали). Жигара гастролаш йо. Рожехь концертан программаш гойту Японехь,Цийчохь, Австралехь, Францехь, Америкехь.

Елена Ионовас санна дукха артисташ бац, цхьаьнаметта шина театрехь а, шина жанрехь (опера а, оперетта а) а аьттонца болх беш.

Ловзийн ролашНисйе

  • Нина советийн опереттехь «Севастополан вальс» К. Листовн;
  • Эвис опереттехь «Джулия Ламберт» А. Кремеран;
  • Силли опереттехь «Примадонна» Ж. Оффенбахан;
  • Сильва опереттехь «Чардашан паччахь-аьзни» И. Кальманан;
  • Дидье Анжель а, Жюльетта а опереттехь «Граф Люксембург» Ф. Легаран;
  • Соло оперехь «Испанин сахьт» М. Равелаш;
  • ДӀасахьуриг а, Хаийна нана а опереттехь «Къийзорг» Д. Шостаковичан;
  • Марго опереттехь «Сибрехан янкаш» Ю. Взоровн;
  • Теодора опереттехь «Мистер Икс» И. Кальманан;
  • Джульетта оперехь «Гофманан туьйранаш» Ж. Оффенбахан;
  • Кармен оперехь «Кармен» Ж. Бизен;
  • Амнерис оперехь «Аида» Дж. Вердин;
  • Валентина опереттехь «Самукъане жеро» Ф. Легаран;
  • Марица опереттехь «Марица» И. Кальманан;
  • Мадлен опереттехь «Монмартран тобалкх» И. Кальманан;
  • Флора оперехь «Травиата» Дж. Вердин;

ХӀинца йолу репертуарНисйе

 
Ионова Елена

Тахана Опереттин Театран репертуарехь:

Тахана Бертман Дмитрийн куьйгаллера Геликон-опера театран репертуарехь:

  • Джульетта «Гофманан туьйранаш» Ж. Оффенбахан;
  • Любовь Кочубей «Мазепа» П. И. Чайковскийн;
  • Сонетка «Мценски уездера Леди Макбет» Д. Д. Шостаковичан;
  • Кащейн йоӀ «Леш воцу Кащей» Н. А. Римский-Корсаковн;
  • Клавдия, банижа / Варя, Михайло дадин нус «Стиглара воьжна» С. С. Прокофьевн;
  • Мнишек Марина «Борис Годунов» М. Мусоргскийн;
  • Екатерина II «Паччахь-аьзни» Д. Ф. Тухмановн;
  • Принцесса Клариче «Кхаа апельсине безам» С. Прокофьевн

БилгалдахаршНисйе

  1. См. в публикации от 04.04.2008: «3 апреля в „Геликон-Опере“ состоялся творческий вечер <…> Елены Ионовой, посвящённый юбилею певицы» — Творческий вечер Елены Ионовой // «Геликон-Опера».
  2. Указ Президента Российской Федерации от 31.03.2014 № 187 «О присвоении почетного звания „Народный артист Российской Федерации“» Архивацийина 7 апрелехь 2014 шеран.

ХьажоргашНисйе