Мансу́р Мустафа́евич Иса́ев (1986 шеран 23 сентябрь, Кизилюрт, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — российн дзюдоист, Российн Сийлахь спортан говзанча, 2012 шеран Олимпиадан чемпион.

Мансур Мустафаевич Исаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла Дзюдо[2]
Вина терахь 1986 шеран 23 сентябрь({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (37 шо)
Вина меттиг
Локхалла 172 сантиметр
Йозалла 73 килограмм

Биографи нисйе бӀаьра

Мансуран 8 шо кхачча иза волавелира дзюдо Ӏамадан. Цуьнан хьалхара тренер вара Джабраил Магомедов. 2006 шарахь цуьнан керла тренер хилира Александр Миллер.

Александр Миллеран цхьана турнирехь Мансур Исаев леташ гира. Цунна лиира Мансур Ӏамаван[3]. Иза лерина Кизилюрте вахара цуьнан деца-ненаца дерг дӀадерзадан[4]. Миллерс Исаев шеца Челябинске дӀавигира. Челябинскехь Исаеван йелира квартира а, алап а, цунна къийсамашка ваха ахча а лора.

2009 шарахь Исаевс чекхйаьккхира Дагестанан пачхьалкхан университет.

Исаев дакъа лецира кхаа дуьненан чемпионатехь — 2009, 2010, 2011 шерашкахь. 2009 шарахь Роттердамехь Мансурс борзан мидал йаьккхира[5]. 2012 шарахь Европин чемпионатехь Исаевс йаьккхира 7-гӀа меттиг.

2012 шарахь Лондонехь хилла Олимпиадехь Мансур Исаевс йаьккхира деши мидал финалехь Рики Накая цӀе йолу японхо эша а вина. 2017 шарахь цо спорт йитира.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра