Радик (Абдурахим) Велединович Исаев (лаьзг. Исаев Велединан хва Абдурагьим, азерб. Radik Vələddinoviç İsayev; 1989 шеран 26 сентябрь, Ухул, ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика) — Азербайджанан (цул хьалха российн) тхэквондист, 2016 шарахь Олимпиадан чемпион, Европин а, Европин ловзарийн а, дуьненан а чемпион. Российн спортан говзанча.

Радик Велединович Исаев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх
Говзалла Тхэквондо
Вина терахь 1989 шеран 26 сентябрь({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (34 шо)
Вина меттиг
Локхалла 200 сантиметр
Йозалла 93 килограмм
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Радик Велединович Исаев вина 1989 шарахь Ахтынски кӀоштан Ухул юртахь. Лаьзги[1].

2010 шеран Российн чемпион, 2010 а, 2011 а шерашкахь Российн Кубкийн толамхо. Российн 2012 шеран Олимпиадан гулйина тобанин йукъавазвинера, амма цуьнан Олимпиаде вахара ца хилира[2].

2012 шо дуьйна иза Азербайджанехь Ӏаш ву[3]. 2013 шарахь Пуэблехь дуьненан чемпионатехь цо борзан мидал йаьккхира[4].

2014 шарахь Бакухь хилла Европин чемпионатехь Исаев чемпион хилира[1][5]. 2015 шарахь Нальчикехь цо 2-гӀа меттиг йаьккхира[6].

2015 шарахь Челябинскехь хилла чемпионатехь цо деши мидал йаьккхира финалехь Узбекистанера Джасур Байкузиев эша а веш[7]. 2015 шарахь Бакухь хилла Европин ловзарашкахь Исаевс деши мидал йаьккхира.

2015 шарахь Мунгёнехь VI Дуьненан аьхкенан тӀемлойн ловзарашкахь цо борзан мидал йаьккхира[8]. 2016 шарахь Рио-де-Жанейрехь хилла Олимпиадехь цо хьалхара меттиг йаьккхира. 2017 шарахь Тайбэйхь хилла Аьхкенан Универсиадехь иза хилира борзан совгӀатхо[9].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра