ИсмаьӀил
ИсмаьӀил (Ӏаьр. إِسْماعِيل) — исламан пайхамар ву, ИбраьхӀим пайхамаран а, ХӀаджаран
а воккхах волу кӀант ву. ИсмаьӀилан историн роль бусалбан Ӏадаташкахь лакхар йу, библиналла а.
ИсмаьӀил | |
---|---|
إِسْماعِيل | |
Забихь, Садикъуль ВаӀад, ГӀуламуль Хьалим | |
Вина терахь | 1910 в.э. |
Вина меттиг | КанӀан |
Кхелхина терахь | 1773 в.э. |
Кхелхина меттиг | Макка |
Къам | Ӏаьрбий |
Да | ИбраьхӀим |
Нана | ХӀаджар |
Зуда | Q60609325? |
Динлелор | авраамические религии[d] |
Динашкахь ларар | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
Генеалоги |
Ваша: Исхьакъ ТӀаьхье: Ӏаьрбий Тукхам: ИсмаьӀил бин ИбраьхӀим бин Тарахь бин Нахьур бин СаругӀ бин РагӀу бин ФалигӀ бин Ӏабир бин Шалихь бин Арфахашад бин Сам бин Нохь |
ИсмаьӀилан тӀаьхьенах схьаваьлла ву Делан элча — Мухьаммад .
Дахарех лаьцнаНисйе
ИсмаьӀил АллахӀ-дала ваийтина Уммат Пайхамар вара, шен ден «ИбраьхӀиман дин» даржо, Ӏаьрбийн махкахь. Наггахь Къуръан тӀехь хехош ву иза. АллахӀ дина омарца ИсмаьӀила шен деца ИбраьхӀимца КаӀбат (ХьаьжицӀа) дира. ИбраьхӀим пайхӀамаран 86-шо долчу хенахь дуьнен чуваьлла ИсмаьӀил.
АллахӀ-дала хаам бинера, ХӀаджар а, ИсмаьӀил а гена махка дӀадига аьлла, цо иза кхочуш дира. ЯахӀума дӀа а йаьлла, цуьшинна мацалла хаалора, ИсмаьӀил гӀора дайна охьавоьжнера. ХӀаджар б арз йелла дӀа-схьа уьдура шинна лам тӀе, Сафа а, Марват а. ИсмаьӀил воьлуш гира, цуьнан когашкахь лаьттар арадетташ хи дара, и хи дара «Замзам».
Оцу метте Ӏаьрбойн къам кхечира, царех цхьа йоӀ ИсмаьӀилас маре йалира. Оцу метте ИбраьхӀим кхечира, шен доьзал лаха. Иштта цунна карийра и шиъ ХӀаджар а, ИсмаьӀил а.
ИбраьхӀиме дала кхин цхьа хӀума тӀедиллинера: «ИсмаӀилан урс хьакхар, гӀурба дар», иза кхочуш дан гӀортир иза. Дала цуьнга Ӏад вита элира ИсмаьӀил, цуьнан меттан уьстагӀ баийтира.
Шен нана дӀакхелхича ИсмаьӀилас зуда йалийра ДжурхӀум — олучу къомаца йерг. Цхьана и шиъ дӀасакъаьстира, уха а цо царех йолу кхин зуда йалийра. Ӏаьрбийн генеалоган тӀехь мабаххара, ИсмаьӀилера схьабевлла «къилбаседера Ӏаьрбий» уьш Ӏаднаниташ бу. ИсмаьӀилан каш КаӀбатан (ХьажицӀа) уллохь ду, цунах «Хьиджр ИсмаӀила» — олу. ИсмаьӀил вина 5-шо даьлча Саратас — Исхьакъ-пайхамар а вира.
ИбраьхӀима а, ИсмаьӀила а АллахӀна гӀуллакх нахе дайта дина хилла КаӀбат. Амма Дела цхьаъ веш боцчу наха шайн «деланаш» бу бохуш цхьацца жӀараш, тӀулгаш суьрташ цу цӀачу кхехьна а, царна шайн «ламазаш» деш а хилла.