Исто́ри (шир.-желт. ἱστορία) — дуккха чкъоьрнийн йохаллехь адаман белхо хьалхалераниг, хила факташ, историн хиламаш хийцабалар, йукъараллин эволюци, цунна чура йукъаметтигаш толу Ӏилма[1]. В наши дни появилось новое определение истории как науки «о прошлой социальной реальности»[2].

Николаос Гизис. Историн аллегори (1892)

Готтачу маьӀнехь истори — хиламийн рагӀ хӀотторхьама, хиламийн хьалхе-тӀаьхье хӀотто, хьалхалерачух муьлхха а хьост Ӏамо, гайтина фактораш нийса хилар Ӏамо, хиламийн бахьнехь лаьцна жамӀ ден Ӏилма[3][4][5][6].

Терминан йуьхьанцара маьӀна а, этимологи а

бӀаьра нисйан

«Истори» дешан йуьхьанцара маьӀна хьаладоьду ширажелтойн термине, цуьнан маьӀна дара «хеттар, хаар, хӀоттор, хаарш лахар». Шираруман историографехь (историографии таханлерачу маьӀнехь —цуьнан истории Ӏамо Ӏилман историн отрасль) оцу дашо хааран хьесап билгал ца доккхура, ткъа хьалхалерачу хиламех долу дийцар доккхура. Дукха хан йалале «истори» ала долийра муьлхха а хиламех дийцарах, бакъ йа кхоьллина делахь а.

Оцу йа кхечу оьздангаллехь гӀарайевлла, амма кхечу хьосташа тешалла ца до, масала, Артур паччахьах долу легенда, Оьздангаллин тӀаьхьенан дакъа лору, «озабезам боцу таллам» ца лору[7][8].

Говзанчийн ойланашца, ионийн дош истори (ἱστορία) схьадолу «хӀиндиевропийн орамах vid, цуьнан маьӀна лела лат. video а, оьрсийн видеть (гар)»[9][2].

Шира Желтойчоьнан «истори» дашо билгалдоккхура талламан новкъа доккху муьлхха хаар. Масала, Аристотела леладора и дош «Дийнатийн исторехь»[10]. Иза хаало иштта Гомеран хӀосташкахь, Гераклитан сочиненешкахь, Афинин пачхьалкхан байӀат даран йозанашкахь. Ширажелтойн маттахь кхин а дара historeîn, «талла» дош, иза йуьхьанца Ионехь бен ца леладора, цигара даьржира йерриг Желтойчухула а, тӀаьххьара, йерриг эллинийн цивилизацехула.

Оццу ширажелтойн маьӀнехь «истории» дош леладора XVII бӀешарахь Бэкон Фрэнсиса шуьйралелоран «Ӏаламан истори» терминехь. Бэконна истори — «шортенехь а, заманехь а меттиг билгалйаьккхина хӀуманехь хаар» ду, цуьнан хьост ду иэс (Ӏилма санна — ойланийн стом, ткъа поэзи — фантазин стом). ЙуккъерабӀешерийн Ингалсчохь «истори» дош дукха хьолехь леладора дийцаран маьӀнехь леладора (story). Башха термин истори (history) дӀабевлла хиламийн хьалхе-тӀаьхье санна йукъабевлла ингалсан маттахь XV бӀешо чекхдолуш, ткъа «историн» (historical, historic) дош — XVII бӀешарахь[11]. Германехь, Францехь, Россехь шине маьӀнехь хьалха санна леладора изза дош «истори»[10].

Историкаш цхьаьнахеннахь хиламийн тидамчаш а, декъахой а хиларна, церан историн къинхьегамаш йаздина церан заманахь ма-гарра, политикин агӀор узуш хилла ца Ӏаш, амма шен муьрера тиларца а хуьлу. Италихойн ойланчин Кроче Бенедеттон дешнашца, «йерриг истори — хӀокху заманан истори». Историн Ӏилмано латтадо историн бакъ некъ охьабиллар хиламех лаьцна дийцаршца, церан озабезам боцу анализца[12]. Вайн заманахь истори кхуллу Ӏилманан институтийн ницкъашца.

Оцу йа кхечу аутентичан кепара адаман чкъоьрийн иэсехь буьсу берриг хиламо, историн хроникин чулацам бо[13]. Иза оьшу хьалхарчех уггаре ладаме хьосташ билгалдахархьама. ХӀора историн архиван хӀоттам боьзна бу шена чохь тайп-тайпана йозанаш а, документаш а карийна алсамо йукъарчу архивах; тӀаккха а хӀора а уьш «дерриг бакъ долчунна» претендент хила йиш йолуш йу, оцу тептарийн цхьа дакъа харц до. Архивийн хьосташ доцуш, историкаша лело тарло чарташна тӀера суьрташ, йозанаш, барткхолларан дийцарш, кхин хьосташ[14], масала, археологин. Историнчех дозаш доцу хьосташ латтош, археологи башха пайденна йу историн талламашна. Цуо тешалла дина ца Ӏа хилам гинчеран дийцаршна, амма таро ло цу заманхойн тешаллаш доцу хенан муьраш хаамех бузуш.

Историн цензура Россехь

бӀаьра нисйан

Голландин историкан А. де Баетсан [lower-alpha 1] хетарехь

2021 шеран июнехь зорбатоьхна Россера историн хьолех лаьцна Адаман бакъонийн дуьненайукъара федерацин (FIDH) доклад: «Росси. Историн дуьхьала зуламаш» (инг. Rissia Crimes Against History). Докладехь хоуьйту, российн Ӏедало цхьа хӀума кӀеладиллина Российн XX бӀешеран истори политикин Ӏалашо йолуш галйоккхуш йу[15][lower-alpha 2]:

Ӏедало чурадаьлла советийн хиллачух лаьцна историн иэсан коьрта роль дӀало шен лигитималла йеш, къоман билгало хӀоттош, цуьнца цхьаьна адаман бакъонашна тӀекхуьйдуш.

Докладан авторшна хетарехь, Россехь тӀеэцна масех закон, цара «историн хеттаршца йолу маршо охьатаӀайо». Иштта дозанаш хӀиттадо «нацизман реабилитацин» дуьхьала закон, нацистийн сийлаллаш лело ца магор, кхин а экстремизмца а, терроризмца а къовсам латторан законаш[16].

«Историн цензура» докладехь олу историн материалаш йаржорна дуьхьала долу Ӏедалан законех а, гӀуллакхех а — жайнаш, фильмаш, иштта кхин а. Докладан хаамашца, Российн минюсто экстремистийн материалийн испискин йукъатоьхна Дуьненан шолгӀа тӀамах, коллаборационизмах, украинийн национализмах йолу историн иттаннаш зорбатохарш[16]. Докладехь масалаш даладо, историн цензура стенах олу авторша:

  • Историкан Н. Е. Копосовн дешнашца, Дуьненан шолгӀа тӀамах болу муьлхха а къовсам, масала, сталинан ССРСн тӀом баккхаран бехкан цхьа дакъа ду бохург, 2002 шарахь дуьйна дайра Российн коьрта историн журналашкара[16][lower-alpha 4].
Архиваш къевлина хилар

Докладехь билгалдоккху, советийн башха гӀуллакхин архивийн доккхаха долу дакъа хӀинца а къевлина ду аьлла, цуо хаъал дуьхьало йо историкийн балханна. Пачхьалкхан къайленах долчу законаца архивийн къайленан максимум хан 30 шо йу, амма 2014 шарахь пачхьалкхан къайле ларйаран комиссис йахйина 1917—1991 шерашкара башха гуллакхийн архиван къайленаш кхин а 30 шарна[16].

Политикин таӀзар динчеран иэсах лаьцна

1991 шарахь Россехь тӀеэцна политикин таӀзарш динчеран реабилитацех долу закон. Цуо официалан дери до советийн муьрехь къизалла хиларх. ТӀаккха а, FIDH докладан авторшна хетарехь, Россехь советийн рожан зуламаш толлуш дац[16].

Уггаре керла зама

бӀаьра нисйан
 
Антантин мехкашна йукъара Хьалхара Дуьненан тӀом (баьццара бос) а, Йеаннан барт (цӀехо-можа бос) далийра йиъ импери йохоре: Германин, Российн, Ӏусманан, Австри-Мажарчоьнан.

XX бӀешо дӀадахара дуьненахь европин хӀуондалла йожарца, бахьна дара массо хӀума дохийна Хьалхара а, ШолгӀа а дуьненан тӀемаш, кхин а АЦШ, ССРС йукъахь Шийла тӀом болабалар. ШолгӀа дуьненан тӀом чекхбаьлча кхоьллира Вовшахтоьхна къаьмнийн кхоллам цуо догдохуьйтура, къаьмнашна йукъара девнаш, хин долу тӀемаш совцорна, амма иштта болчу кхолламо цӀена дуьненан низам хӀотторан ойланаш йайира. 1991 шарахь Советийн Союз йуьйхира, АЦШ ша йисира «йоккха пачхьалкхан» йолуш («Пакс Американа» тенденци йара).

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Комментареш

бӀаьра нисйан

  Коммент:

  1. История Архивйина 2021-10-25 — Wayback Machine// Большая российская энциклопедия
  2. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху savelpolet тIетовжаран текст йазйина йац
  3. Profesor Richard J. Evans. The Two Faces of E.H. Carr (инг.). History in Focus, Issue 2: What is History?. University of London (2001). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  4. Professor Alun Munslow. What History Is (инг.). History in Focus, Issue 2: What is History?. University of London (2001). ТӀекхочу дата: 2008 шеран 10 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь
  5. Introduction // Knowing Teaching and Learning History, National and International Perspectives(ингалс.) / Peter N. Stearns, Peters Seixas, Sam Wineburg (eds.). — New York & London: New York University Press, 2000. — P. 6. — ISBN 0-8147-8141-1.
  6. Nash, Gary B. The "Convergence" Paradigm in Studying Early American History in Schools // Knowing Teaching and Learning History, National and International Perspectives(ингалс.) / Peter N. Stearns, Peters Seixas, Sam Wineburg (eds.). — New York & London: New York University Press, 2000. — P. 102—115. — ISBN 0-8147-8141-1.
  7. Seixas, Peter. Schweigen! die Kinder! // Knowing Teaching and Learning History, National and International Perspectives(ингалс.) / Peter N. Stearns, Peters Seixas, Sam Wineburg (eds.). — New York & London: New York University Press, 2000. — P. 24. — ISBN 0-8147-8141-1.
  8. Lowenthal, David. Dilemmas and Delights of Learning History // Knowing Teaching and Learning History, National and International Perspectives(ингалс.) / Peter N. Stearns, Peters Seixas, Sam Wineburg (eds.). — New York & London: New York University Press, 2000. — P. 63. — ISBN 0-8147-8141-1.
  9. Тахо-Годи А. А. Ионийское и аттическое понимание термина «истори» и родственных с ним // Вопросы классической филологии. – М.: Издательство Московского университета, 1969. Вып. 2. С. 112.
  10. 1 2 Ferrater-Mora, José. Diccionario de Filosofia. Barcelona: Editorial Ariel, 1994.
  11. Whitney, W. D. The Century dictionary; an encyclopedic lexicon of the English language Архивйина 2021-02-02 — Wayback Machine. New York: The Century Co, 1889.
  12. Whitney, W. D. (1889). The Century dictionary; an encyclopedic lexicon of the English language Архивйина 2021-02-02 — Wayback Machine. New York: The Century Co. Page 2842 Архивйина 2021-01-20 — Wayback Machine.
  13. WordNet Search — 3.0 Архивйина 2005-09-17 — Wayback Machine (ТӀе цакхочу хьажорг — историкопи), «History».
  14. Michael C. Lemon (1995).The Discipline of History and the History of Thought. Routledge. Page 201. ISBN 0-415-12346-1
  15. Rissia: Crimes Against History. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 11 июнь. Архивйина 2021 шеран 11 июнехь
  16. 1 2 3 4 5 6 Правозащитники оценили действия властей России как «преступления против истории» Архивйина 2021-06-11 — Wayback Machine, BBC, 10.06.2021
  17. Защита. СПбИИ РАН (2016 шеран 18 февраль). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 30 июнь. Архивйина 2016 шеран 9 мартехь

Литература

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Всемирная история : в 24 т. / А. Н. Бадак [и др.]; ред. И. А. Алябьева. — Кеп:Мн. : Литература, 1996—1997.
  • Всемирная история : в 10 т. / Гл. ред. Е. М. Жуков ; АН СССР. — М. : Госполитиздат, 1956—1965.
  • Йегер, О. Всемирная история: в 4-х томах. — Издание исправленное и дополненное. — СПб. : Специальная литература, 1997—2002.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан


Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "lower-alpha" тобанан <ref> тегашна ца карийра йогӀуш йолу <references group="lower-alpha"/> тег.