Италин-туркойн тӀом
Италин-туркойн тӀом, я Туркойн-италин тӀом, кхин а бевза Италехь «Ливин тӀом» (итал. Guerra di Libia) аьлла, ткъа Туркойчохь «Триполин тӀом» (турк. Trablusgarp Savaşı) аьлла — 1911 шеран 29 сентябрера 1912 шеран 18 октябрь кхаччалц (386 де) хилла Италин паччахьаллин а, Хункар-мехкан а йукъара тӀом. Италис схьабаьккхина Хункар-мехкан регионаш Триполитани а, Киренаика а (хӀинцалера Ливин мохк), ткъа кхин а грекийн мотт буьйцу архипелаг Додеканес (цунна юкъахь Родос гӀайре а).
Италин-туркойн тӀом | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Африка колонешка екъар Хункар-мохк бохар | |||
Терахь | 1911 29 сентябрехь — 1912 18 октябрехь | ||
Меттиг | Ливи, Эгейн хӀорд | ||
Бахьна | Итали паччахьаллин экспанси | ||
ЖамӀ | Итали паччахьаллин толам. Ливи а, Додеканес а Италех схьатохар. | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
И тӀом шен масштабашца Дуьненан хьалхарчу тӀемца буста мегар дацахь а, иза хилира цунна тӀе некъ баьккхинарг, хӀунда аьлча цуо национализм айира балканан пачхьалкхашкахь. ТӀамо гайтира туркойн эскаран ледарлонаш, Хункар-мехкан хала хьал гуш, Балканан бартан декъашхой тӀелетира цунна, Италин дуьхьала долу тӀемаш чекхдовлале. Италин-туркойн тӀамехь дуьххьала лелийра тӀеман-техникин прогрессан керла кхиамаш: радио, авиаци, бронеавтомобилаш.
Италин-туркойн тӀеман статистика
бӀаьра нисйанТӀом беш долу мехкаш | Бахархой (1911 шарахь) | Салтий вовшахтоьхна | Салтий вийна | Салтий лазийна | Чевнех белла | Цамгарех белла |
---|---|---|---|---|---|---|
Итали | 35 131 800 | 100 000 | 1100[1] | 4250 | 332 | 1948 |
Хункар-мохк | 22 500 000 | 28 000[2] | 4500 | 5370 | 1500 | 4000 |
БЕРРИШ | 57 631 800 | 128 000 | 5600 | 9620 | 1832 | 5948 |
ТӀеман бахьнаш
бӀаьра нисйанИтали, керла кхоьллина пачхьалкх, кхин колонин пачхьалкхаш санна лохуш яра сурсаташ дохка меттиг, шен колонин латташ шордан гӀертара. Италихой буьйлабеллера Ливин чубаха дипломатин кечам XIX бӀешеран чеккхенгахь дуьйна, ткъа тӀеман — XX бӀешо долалуш дуьйна. Италин йукъараллин ойлана Ливи гойтура шортта пайден маьӀданаш долу а, дика Ӏаламан хьал долу а, кхин тӀе берриш 4 эзар туркойн салтийчо бен ларбеш боцу мохк санна. Италин пресса оцу хенахь гӀертара италихой тешо, Ливин бахархой зуламе дог-ойла йолуш хиларх туркошна, италихой безаш а, царна италихой шайн туркойн Ӏазапах хьалхабохурш гар. Кхин а царна моьттура Ливи чубахар «суьйрана пхьогӀане валар» санна хир ду».
Италис Ливех дерг дӀахьедира Берлинан Конгрессал тӀаьхьа, цигахь Франци а, Йоккха Британи реза хилира Тунисан а, Кипран (ший а мохк оцу хенахь гӀеллучу Хункар-мехкан юкъахь бара) оккупацин хӀораммо а. Италин дипломаташа хаийтича шайн правительство дуьхьала хила магар, французаша жоп делира, Триполи дӀаелла Италин Ӏаткъаман сфере. 1900 шарахь Италис реза йира Франци бартца Триполи а, Киренаика а дӀалацийта. Французийн пресса шуьйра иэцаро кӀезиг гӀо ца дира Францин дика хуьлийта позици латто. 1909 шарахь Раккониджин бартаца Италис реза йира Росси а. Италин политикаш чот йора, Германи а, Австро-Мажаройчоь а иштта Ӏийр ю дуьхьало ца еш, юхкура ю юкъаметтигаш шеш гӀодеш йолчу Туркойчоьнан.
Дипломати тӀом боьдучу хенахь
бӀаьра нисйан1911 шеран аьхке хуьлуш италин правительство чекхбаьккхира тӀеман кечам. Италин премьер-министр Джолитти Джованни европера правительствийн Ливи чудагӀа магарх йолу дог-ойлана талла волавелира. Европин пачхьалкхийн кортошкара оьшу жоп кхаьчна, италин правительство кховдийра «Хункаран цхьаьнакхетар а, прогресс а йукъараллин» ультиматум, цуьнца Туркойчоьне 48 сахьтехь шайн эскарш Ливера арадаха бахара. Къуона туркойн правительство австрийн йукъараллийца хаийтира тӀом ца беш Ливи дӀаяла кийча хилар, амма махкахь формалан Хункар-мехкан урхалла юьтуш. Итали реза а ца хилла, тӀом кхайкхийра Туркойчоьнан 1911 шеран 29 сентябрехь.
28 сентябрехь италин правительство дӀахьажийра Порте ультиматум. …Иза долалора дӀахьедарца, Туркойчоьно латтайо Триполи а, Киренаика а низам а доцуш, къиен хьолехь. Цул тӀаьхьа дара арзнаш туркойн Ӏедало Триполера италин предприятешна новкъарлонаш ярах лаьцна. ЖамӀ цецвоккхуш дара: «Италин правительство, шайн сий а, хьаштош а ларъян дезна, барт бина Триполин а, Киренаикан а тӀеман оккупаци ян дуьйладала». Туркойчоьна кховдийра кӀезиг а, дукха а доцуш гӀодар шайн мохк схьабоккхуш, болх беш, италин эскаршна «цхьан а дуьхьало ца хуьлийтарехь»[4].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Italy. Esercito. Corpo di stato maggiore. The Italo-Turkish War (1911-12). — 1914.
- ↑ Youssef Aboul-Enein and David Trandberg. Arab Thoughts on the Italian Colonial Wars in Libya . Small Wars Journal (2012 шеран 6 март). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 ноябрь.
- ↑ 1 2 The History of the Italian-Turkish War, William Henry Beehler, page 14
- ↑ История дипломатии от Древнего мира до наших дней. Гл. 10. Борьба Антанты и австро-германского блока (1908—1911 гг.)