ИшхешЙоккхачу Кавказан лаьмнийн дукъех цхьа дукъ (Барбало лам болчохь къаьста коьртачу дукъах), лаьтта цуьнан къилбаседа-малхбален декъехь, Ӏаьндийн ГӀой-хин аьрру бердаца. Ишхеш оцу хинан бассейнан а, Соьлжан (нийса аьлча, Теркан-ГӀой-хи хидоькъе) бассейнан а хидоькъе ду. Басеш тӀехула охьадогӀу ГӀой-хи а, ГӀурий а.

Ишхеш
Амалш
Дохаллагергга 60 км
Уггар лекха меттиг
Абсолютан локхалла2461 метр
Лаьтта меттиг
42°48′42″ къ. ш. 46°13′54″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьмнийн системаЙоккха Кавказ 
ДегӀаста
Ишхеш
Росси
Ишхеш

Дуькъан дохалла — 60 км гергга, максимум локхалла — 2736 м. Лаьтта дукхах дерг кир-маьӀданех киран муьрера. Баххьашкахь бай-ломан ландшафташ йу, къилбаседа басешкахь — ломан хьаннаш, къилба басешкахь (уьш Ӏункаруо ду) — коьллийн байаренаш йу.

Дукъ тӀехула Нохчийчоьнан а, ДегӀастанан а йукъара доза ду.

Мальмана картин тӀехь дукъ билгалдина „Kisten Geb” аьлла

Хьажоргаш нисйе бӀаьра