Йоккха Екатеринийн гӀала

(Йоккха Екатеринийн гIала тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 30 июль).

Екатеринийн гӀала (иштта евзуш ю рогӀера цӀершца — Йоккха Царскосельски гӀала, Йоккха Екатеринийн гӀала, Йоккха гӀала, Шира гӀала) — хьалхалера императорийн гӀала (паччахь а, цуьнан цӀийнан нах а беха гӀишло) ю. Кхаа оьрсийн паччахьан — 1-чу Екатеринан, Елизавета Петровнан, 2-чу Екатеринан — официалан аьхкенан резиденци яра. ГӀала лаьтташ ю хьалхалерачу Царское селохь (хӀинца Пушкин-гӀала).

Сийлахь меттиг
Йоккха Екатеринийн гӀала
59°42′58″ къ. ш. 30°23′44″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Лаьтта меттиг Пушкин[d]
Архитектурин хатӀ архитектура барокко, Елизаветинское барокко
Архитектор Франческо Растрелли
Йиллинарг Екатерина I
Йиллина терахь 1717
Статус  ОТӀО № 7810447033№ 7810447033
Сайт tzar.ru(оьр.)(ингалс.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Россиян оьздангаллин тӀаьхьенан объект ю.

ГӀишло хьалайоьттина 1717-чу шарахь оьрсийн зуда-паччахь йолу 1-чу Екатеринан буьйрца. Цуьнан цӀарах ю и гӀала. XVIII-чу бӀешерахь масийттазза юхахӀоттийна, ткъа цуьнан таханлера кеп тӀаххьара барокко ю.

Советийн заманчохь гӀали чохь музей схьайиллина. Еха хан-зама ю и меттахӀоттош. Белхаш дӀахьуш бу Ленинградан ишколан реставратораш.