ЙоьалгӀа коалицин тӀом (советийн а, российн а историографехь бевза оьрсийн-пруссин-французийн тӀом) — наполеонан Францин а, цуьнан сателлитийн а 1806—1807 шерашкара йаккхий пачхьалкхийн коалицин дуьхьала (Росси, Прусси, Йоккха Британи), Швецин, Саксонин. ТӀом хилла КхоалгӀа коалицин тӀеманийн.чаккхе,

ЙоьалгӀа коалицин тӀом
Коьрта конфликт: Наполеонан тӀемаш
Шарль Меньё[fr]. 1806 шеран 27октябрехь Наполеон Берлинан чувар.
Терахь 1806 шеран 9 октябрь1807 шеран 8 июль[1] (8 бутт, 4 кӀира, 1 де)
Меттиг Йуккъера Европа (тӀеман коьрта театр)
ЖамӀ Йерриг хӀаллакйина йоьалгӀа коалици: Тильзитан машар
МостагӀий

Российн импери Российн импери

Йоккха Британи Британин импери
Пруссин байракх (1803—1892) Паччахьалла Прусси
Саксони (паччахьала) Паччахьалла Саксони (26.12.1806 кхаччалц)[2]
Швеци Паччахьалла Швеци[3]
{{ {{{1}}} | барам = | alias = Сицилин паччахьалла | flag alias = Bandiera del Regno di Sicilia 4.svg }} Паччахьалла Сицили
{{байракх}} кепана цхьаа вариант ца йевза до XIX1. Ӏаьржаламанчоь Олалла-епископалла Ӏаьржаламанчоь[4]

хууш дац

БӀаьччаш

Александр I
Российн импери М. Ф. Каменский
Российн импери Л. Л. Беннигсен
Российн импери П. И. Багратион
Российн импери Д. Н. Сенявин
Йоккха Британи Дж. Т. Дакворт
Пруссин байракх (1803—1892) Фридрих Вильгельм III
Пруссин байракх (1803—1892) Карл Вильгельм Брауншвейган  
Пруссин байракх (1803—1892) Ф. Л. Гогенлоэ  каравахна
Пруссин байракх (1803—1892) Людвиг Пруссин  
Пруссин байракх (1803—1892) Г. Л. фон Блюхер  каравахна
Швеци Густав IV Адольф
Швеци Х. Х. фон Эссен  каравахна
Швеци Ю. К. Толль  каравахна

Наполеон I
Хьалхара импери Л. Н. Даву
Хьалхара импери Ж. Б. Бернадот
Хьалхара импери Ж. Ланн
Хьалхара импери М. Ней
Хьалхара импери Н. Сульт
Хьалхара импери И. Мюрат
Хьалхара импери Г. Брюн
Хьалхара импери Э. Мортье
Хьалхара импери Ж. А. Лористон
Хьалхара импери Г. Молитор
Голландин паччахьалла Ж. Б. Дюмонсо
Испани Х. де Кинделан Речь Посполитин байракх Я. Г. Домбровский

Массон ницкъаш

Росси: 120 эз.
Прусси: 250 эз.
Швеци:15 эз.

Франци: 330—360 эз.[5]

Белларш

Росси: 59 эз. вийна, чов йина[6]
Прусси: 15 эз. вийна, 150 эз. йийсаре бахана, 45 эз. ведда
Швеци: 6 эз. сов

Франци: 28,5 эз. вийна, 80 эз. цамгарех вела, 82 эз. чов йина

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Цунна хьалхара хиламаш нисйе бӀаьра

Кхаа императоран тӀамтӀехь французашна дуьхьалара коалицин боккха иэшам бинчул тӀаьхьа, Наполеона эха шарахь Йуккъерачу Европин карта ца девзачу кепара йуха диллира. 1805 шеран 26 декабрехь куьг йаздинчу Пресбурган машаран бартца французийн императоро схьабаьккира Австрегара лахара бахамаш: Венеци, Истри, Далмаци, Каттаро, Фриуль. ЖамӀехь бакхий хийцамаш бина Австрин йайра империн берриг бахархойх 17 %[7]. 1806 шеран аьхка Къилба а, Йуккъера а Германин 15 олалла Наполеона цхьаьнатуьйхира Рейнан барте, иза де-факто Французийн империн протекторатан кӀелахь. Цунах чаккхе хилира эзар шарахь лаьттина Сийлахь Руман империн[7]. Шен толаман стом Ӏуьйшуш Неаполан БурбонгӀар, шен куьйгакӀелара дӀабовлар гӀертар дагаоьхуш,, Наполеона дӀадаьккхира Неаполера церан карара Ӏедал. Церан меттиг дӀалецира Бонапарт Жозефа, императоран вашас[8].

Аустерлицехь оьрсийн-австрийн ницкъаш эшначул тӀаьхьа шен позици хийцира Пруссис. Фридрих Вильгельм III-гӀачун векалина, баронан Хаугвицанна, Бонапарта тӀедиллира Францица дуьхьалонан-тӀелатаран барт бар. Паччахь реза хилира Императоро тӀедиллинчунна, 1805 шеран декабрехь и барт кхочуш бира. Компенсацина Наполеона Пруссин дӀайелира Ганновер — Йоккха Британин паччахьан французаша дӀалаьцна континент тӀера бахамаш[8].

1806 шо долалуш Европехь Наполеонан мостагӀ Росси бен йацара, Александр Iрачунна йаккхий халонаш йара оцу къовсамехь. Дукха сатийсина садӀарца Российс машар лоьхура Наполеонаца[8]. Шен агӀора, французийн императоро хаъал кхетийра Йоккха Британи а, Росси а, Франци кийча хиларех сепаратан машаран дийцарш дан. Амма российн векална Убрин чӀогӀа гӀуо хьолеш делира, уьш Александр I ца лиира ратификаца йан. Оццу хенахь Пруссехь, Рейнан барт бар бахьнехь адам карзахделира, Пруссина йоха кхерам хӀоьттира, тӀаккха цара Россица а, Йоккха британица а герга йаха некъ лецира[8].

ТӀом дӀабодар нисйе бӀаьра

ЙоьалгӀа антифранцузийн коалици, лаьттара Пруссех, Российх, Йоккха Британех, Швецех, Саксонех, кхоьллира 1806 шеран 15 сентябрехь. ТӀом болийра Пруссис. Наполеона пруссин паччахьан Фридрих Вильгельм III-гӀачун Германера эскарш арадаха, Рейнан барт бохабе аьлла хӀоттийна ультиматум дӀатеттинчул тӀаьхьа, пруссин ши эскар тӀедоладелира Гессенан.

Император Александр I сихха волавелира пруссин дозанехь кхо экспедицин корпус йан Пруссе а йахийтина, пруссин эскарех дӀатоха, баьччалла тӀедиллира инарлашна Л. Л. Беннингсенна а (60 000 стаг), Ф. Ф. Буксгевденна а (40 000 стаг), П. К. Эссенна а (20 000 стаг)[9]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Далмацехь тӀом боьдуш бара 1806 шеран февралехь дуьйна.
  2. Цул тӀаьхьа Рейнан бертан декъахо а хилла, Наполеона нагӀора йаьлла.
  3. см. Франкийн-шведийн тӀом (1805—1810)
  4. см. Французаш Далмаце чубахар
  5. Тайп-тайпанчу хаамашца Пруссин дуьхьала бара 160 - 190 эз. салти, ткъа Российн дуьхьала — 170 эз.
  6. Урланис Б. Ц. Войны и народонаселение Европы, М., 1960
  7. 1 2 Егер О. Всемирная история. Т. 4. Новейшая история
  8. 1 2 3 4 Тарле Е. В. Наполеон
  9. Шаров Д. М. Деятельность императора Александра I по формированию и укреплению экспедиционных войск. По опыту военных кампаний 1805, 1806—1807 гг. // Военно-исторический журнал. — 2009. — № 6. — 14-15.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра