Йуккъера бӀешераш
Йуккъера бӀешераш, йа ЙуккъерабӀешераш, — Европин а, Гергара Малхбален а историн мур, иза Антикаллел тӀаьхьа богӀу, Керла заманал хьалха богӀу[1]. Историкаша оцу муьранна кховдийра тайп-тайпана хронологин гуранаш, коьртаниш царех хилира 500—1500 шераш а, 500—1800 шераш а. Муьран билламан йуьхьиг хилира Малхбузен Руман импери йожар, ткъа ЙухаметтахӀоттор а, Баккхий географин белламаш болабаларца иза чекхболу. Шен рогӀехь ша ЙуккъерабӀешерийн мур бекъало хьалхара, лакхара, тӀаьхьара йуккъерабӀешераш. Дуьненан ЙуккъерабӀешерех ала кхин а тарло постклассикин мур[en].