Канва (некъий)
Канва — некъаша, Шунга некъий боьхначул тӀехьа куьйгалла дира Малхбален ХӀиндиера Магадха паччахьаллин. Канва некъий куьйгаллехь бара вайн эрал 75 — 26 шераш хьалха. Некъийн дуьххьара куьйгалхо хилла Васудева паччахь, дарже кхечира вайн эрал 75 шо хьалха Ӏарш тӀиера Шунгийн тӀеххьара паччахь Канва вожийна, амма, бакъо елира Шунгашна олалла дан генарчу маьӀгашкахь шайн мехкан. Канваш 50 шарахь гергга куьйгалла дича, Ӏарш тӀехь хийцавелла виъ паччахь. Канвийн куьйгаллин мур чекхбаьккхира къилбехара баьхкинчу Сатаваханаша.
ПаччахьашНисъе
- Васудева (вайн эрал 75 — 66 шераш хьалха)
- Бхумимитра (вайн эрал 66 — 52 шераш хьалха)
- Нараяна (вайн эрал 52 — 40 шераш хьалха)
- Сусарман (вайн эрал 40 — 26 шераш хьалха)
ЛитератураНисъе
- Raychaudhuri, Hemchandra Political History of Ancient India, University of Calcutta, 1972.
ХӀара ХӀиндин историн чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |