Карибан дар-дацар
Карибан кризис (иштта олу Кубин ракетийн кризис, ингалсан маттахь Cuban missile crisis; Октябран кризис, испанхойн маттахь Crisis de Octubre) — 1962-чу шарахь эсаран/гӀадужу (октябран) баттахь Советийн Бертан (Союзан) а, Америкин Цхьанатоьхначу Штаташна а юкъахь хилла къаьсттина чӀогӀа гӀоьртина политикин, дипломатин, тӀеман дуьхьалхӀоттар.
Кризис йолале Штаташа 1961-чу шарахь НАТО-н пачхьалкх-декъашхо йолчу Туркойчохь дӀахӀоттийра «Юпитер» юккъера геналла йолу ракеташ. Уьш цхьа а дуьхьало йоцуш Советийн Союзан малхбузехьа йолчу гӀаланашна, коьртачу индустрийн центрашна тӀекхача ницкъ болуш яра. И бахьана долуш Советийн Союзан аьтто хир бацара дуьхьала «цхьатерра мах болу» жоп дала. Цундела Советийн Берто Куба гӀайренан тӀехь дӀахӀоттийра шен тӀеман кадрийн декъаш, полкан декъаш а. Церан долахь дара гуттар хуьлу а, иштта атоман герз а, царна юкъахь лаьттара база йолу баллистийн, тактикийн ракеташ. Уьш штатийн хӀордйистан уллехь яра. Дов-дацар ядеран тӀаме дерза там бара.