Кеннеди Дж. Уолтеран цӀарах совгӀат
Кеннеди Дж. Уолтеран цӀарах совгӀат (инг. J. Walter Kennedy Citizenship Award) — баскетболан йаздархойн говзаллин ассоциацис (инг. Professional Basketball Writers Association ) йукъараллин а, диканаш даран а гӀуллакхехь ша гайтина ловзархочун йа тренеран хӀора шарахь луш долу КъБА совгӀат[1]. СовгӀат дала долийна 1974/75 шарахь дуьйна, цӀе тиллина оцу даржехь 1963-1975 шерашкахь болхбинчу [a] лигин шолгӀачу комиссаран Кеннеди Джеймс Уолтеран цӀарах[2]. Йаздархойн Ассоциацин декъашхой билгалвоккху лигин ловзархо, цул тӀаьхьа кхаж тосу 150 гергга ассоциацин декъахочо. Уггаре дукха кхаьжнаш гулбинчу ловзархочунна совгӀат ло[2]. СовгӀат ло йукъараллин диканаш дарехь уггаре доккха дакъалаьцначунна. Масала, Гарнетт Кевинан совгӀат делла 2006 шарахь Катрина цӀе тиллина мох-дерцах зулам хиллачарна 1,2 млн АЦШ доллар даларна[3].
Титул хӀинца лелош верг ву «Кливленд Кавальерсан» форвард Джеймс Леброн. Йукъадаьккхинчу хенахь дуьйна, совгӀат делла 35-за. «Детройт Пистонсан» ловзархошна уггаре дукха кхаьчна совгӀат — 5. Цкъа бен ца делла сов шина ловзархочунна цхьаьна — 1985/86 шарахь Купер Майклан а, Спэрроу Рорин а. Дивац Владе а, Мутомбо Дикембе а, Нэш Стив а, Далемберт Самюэль а — АЦШ арахьа бина и титул йаьккхинарш бу. Мутомбос бен ца йаьккхина и титул шозза. Лейден Френк а, О’Тул Джо а бен вац ловзархо а воцуш и совгӀат делла. Лейденан совгӀат делира 1983/84 шарахь, иза «Юта Джазан» коьрта тренер волуш[4]. О’Тулан совгӀат делира 1994/95 шарахь, иза «Атланта Хоксан» физикин кечаман тренер волуш[5].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьосташ
бӀаьра нисйан- ↑ Pistons G Chauncey Billups wins sportsmanship award . ESPN.com. ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Архивйина 2012 шеран 25 мартехь (ингалс.)
- ↑ 1 2 Snow Named Winner of J. Walter Kennedy Citizenship Award . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc (2007 шеран 26 июнь). ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 апрелехь (ингалс.)
- ↑ Garnett wins Kennedy Citizenship Award . USA Today. Associated Press (2006 шеран 31 октябрь). ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Архивйина 2012 шеран 23 апрелехь (ингалс.)
- ↑ Frank Layden Coaching Record . basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Архивйина 2012 шеран 23 апрелехь (ингалс.)
- ↑ J. Walter Kennedy Citizenship Award . ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 23 апрелехь (ингалс.)
- ↑ Mike Monroe. The Commissioners . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 27 февраля 2011. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 9 февралехь (ингалс.)
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Список победителей на сайте NBA.com(ингалс.)