Кеп:Дийнахь хилларг:09-10
- 1627 — кардинал Ришельёс гуо бина коьртехь де Роганом Анри волчу гугеноташна Ла-Рошелехь.
- 1693 — Петром I-чо дайтина 24 йоккха топ йолу кема «Святой Павел».
- 1725 — Екатерина I-чо йукъайаьккхина Невски Александран орден.
- 1839 — даздарца йан йолийна 1812 шеран Даймехкан тӀеман иэсан Ӏийса пайхӀамаран килс.
- 1855 — ГӀирман тӀом: Ингалсан, Францин, Сардинин эскарша дӀалаьцна Севастополь.
- 1894 — Лондонехь дуьненахь дуьххьара вехха автомобиль лелаярна гӀуда тоьхна шоферна.
- 1919 — Сен-Жерменан гӀалахь (сурт тӀехь) куьг йаздина Антантан пачхьалкхашна а, Австрин а йукъарчу машаран барт кӀелахь.
- 1960 — XVII аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь марафон бовдарехь тоьлла цхьанне а вевзаш воцу Эфиопин когаш Ӏуьйра волу вадархо Бикила Абебе.