Кеп:Дийнахь хилларг:12-28
- 1612 — Галилей дуьненахь уггар хьалха терго йина Нептун планетин, лаьтташ болу седа бу моьттуш.
- 1832 — Кэлхун Джона АЦШ вице-президентех дуьххьара дарж дитина.
- 1835 — Оцеола тӀеман новкъа ваьлла, Флоридехь америкахошна тӀелатар бахьнехь.
- 1895 — Капуцинкийн бульвар тӀиера кафе чохь хилла ЛюмьергӀеран вежарийн кинематографан дуьххьара сеанс (сурт тӀехь).
- 1908 — Мессинера мохкбегоро иттаннаш эзаршкахь сицилихой байина.
- 1935 — партин гӀуллакххочо Постышев Павела «Правдан» агӀонашкахь кхайкхина советийн берашна база йухайерзор.
- 1973 — Парижехь болабина зорба тоха А. И. Солженицынан таллам «Архипелаг ГУЛАГ».
- 1999 — Ниязов Сапармурат кхайкхийна Туркменин валлалц волу президент аьлла.