«Керла шо КанатчиковгӀеран дачехь» — оьрсийн поэтан Бродский Иосифан байт, йазйина 1964 шеран январехь. Кхоьллина цунна халачу советийн Ӏедало хьийзочу муьрехь, 1963 шеран декабран чаккхенан — 1964 шеран январан йуххьехь москохан психиатрин Кащенкон цӀарах дарбан цӀийнан битам бисарца. Цига иза вижира доттагӀаша хьехарца, Ӏалашонца диагноз хӀотайайта, цуо иза ларвийр вара Ӏедалах жуккараллех иза бехке вечу. Амма дарбан цӀа чохь Ӏаро халчу хьоле ваьккхира поэт, Кела шо дӀадаьлла масех де даьлча дарбан цӀа дитира цуо. Литературайовзархоша лору кхоллам формалан йоцу циклера «Рождественски байташ», цуо уьш кхуллура масех иттаннаш шерашкахь ССРСхь а, ша 1972 шарахь араваьккхинчу АЦШхь а. Байт йуьзина йу интертекстуалан хьажоршца, чолхе метафорашца а, сийлаллашца а, цара гойту бодане авторан битам дарбан цӀийнахь.

Керла шо КанатчиковгӀеран дачехь
Жанр байт
Автор Бродский Иосиф
Йазйина терахь 1964

Йазйаран истори

бӀаьра нисйан

 Йижа гӀаз рождественски,
Пене дӀайерзий,
Букъ тӀехь бода болуш,
латош, туьте суй санна,
шен бӀаьрг гӀенаха.

Вац эвлайаьъ, йац ишак,
Седа бац, дац дарц,
Бер даларх хьалха даьккхина,
дӀасадоьду, гуонаш санна
пийсиг тоьхначу санна.

Байтан йуьхьиг[1]

1963 шеран 29 ноябрехь «Суьйренан Ленинград» газетан тӀетоьхна хӀаллак вен йаззам «Литературин уллера жуккар»[2], цунна тӀехь автораш Я. Лернера, М. Медведевс, А. Ионина хӀост тухура официалан цхьанхьа а болх беш воцу Бродский Иосифан «кхечеран чоьтах вахарна», «формализманна», «лахваларца»[3]. Гуш дара, и йаззам хьийзоран хаам хилар, тарлора, лаца а жуккаралла лелорна. Юридически бух бара 1961 шеран 4 майхь ССРС Лакхара Кхеташо тӀеэцна «Йукъараллин пайден балхах уьдуш волу, йукъараллин дуьхьала дахаран кеп лелош вочуьнца дов чӀагӀдарх лаьцна» омар[4]. Амма советий законан бустамашца Бродский керла законаца бехке ван йиш йацара[5]. ХӀунда аьлча, 1960-гӀа шерийн хьалхарчу декъехь иза кӀезиг даккхахь а, официалан доккхуш вара литературин къинхьегамца: 1962 шарахь зорбанехь йукъайелира цуьнан хьалхар байт, 1963 шарахь масех байт гочйира кубин а, югославин а поэтийн. Кхин а барт бинера кхин а гочашна, амма уьш дӀадехира поэтан дуьхьала кампани йинчара, масала, Лернера[6].

 
Бродский Иосиф, 1972

1963 шеран 25 декабрехь Ленинградан Дзержински кӀоштан прокуроран ходатайствица хӀоттийра Бродскийна йукъараллин кхел, цуьнан бакъо йара материалаш кӀоштан кхеле йала[6]. Амма иза ца хилира, хӀунда аьлча Бродский накъосташа хьехар дина Москоха дӀавахара, психиатрийн таллам байтархьама. Оцу гӀулчан бух тӀехь йара дог дохийла, психика йохаран диагнозо гӀо дийр ду кӀехьаравала Ӏедалах. И сацам бира «тӀеман кхеташонехь» Ардов Викторан цӀа чохь, кхин а накъостий болуш, царна йукъахь Ахматова Анна а, ша Бродский а ву. Лосев Лева, поэтан доттагӀ а, биограф а, йаздора оцу хьокъехь: «Схьагарехь, массарна а и Ӏовдал сацам ца хетара: хиъна а Ӏийна бевзаш болчу психиатрийн тӀома кӀелахь, ткъа ленинградера боьха хӀумнаш дӀатуьр йу. ТӀаьхьа психикин Ӏовдал, медицинин исправко тешалла дарца, жима стаг Ӏад вуьтур ву»[7].

Иштта цхьаьна сацам бина бевзачу лоьрашкахула Бродский психиатрин Кащенкон цӀарах дарбан цӀийна чувиллира (халкъехь девза «Канатчиковн дача» аьлча). Иза дара чӀогӀа хала мур бара, иза цуо тӀаьхьа лазарца дагалоьцура. Цуо ца даьккхина психиатрин дарбан цӀийнахь масех де бен (1964 шеран 2 январь кхаччалц), хӀунда аьлча кхеравелира ша хьер валарна, дехар дира накъосташка цу чуьра ша араваккха аьлла, цара чувилла гӀерташ къа хьегнехь а. Ардов Михаилан тешаллица, Бродскийс мохь биттира цуьнга волалучу кертара кер тӀехула, ша араваккха бохуш: «Со ца Ӏало! Со кхин ца Ӏало!» бохуш. Ардовс йаздина, нагахь поэта хьалхара планаца веанигӀара, цуьнан ца дийзира зеделларш ла, цуьнан декъанна эгна: набахти, йуха а психиатрин таллам, кхел, араваккхар. «Маржа-йаьӀ!» — дагахь элира цуо. Дукха хӀумнашца реза ву Лосев[7]. Литературайовзархо а, поэтан йевзаш йолу а Пекуровская Асяс, 1960-гӀа шерашкахь, шен жайнахь «Дира дерг ца хуа Бродский» цунах дихкина цхьадолу легендаш дӀадаха гӀиртира, масала, Бродский Ӏедало хьийзочу хенахь. Цуьнан объект хилира «таӀзаран психиатри». Цуо лар ло оцу теманан интервьюхь, цунна гӀо лецира цхьаболчу биографаш. Цунна хетарехь, Лосевс шен белхашкахь чӀогӀа акцент йира «хетачу бохамех» а, цуьнан хьал бакх дарехь а:

  1961 шарахь дуьххьала арахецна Йукъараллина кхерам болу психикин цомгушнаш дӀа ца тоттуш госпитале бахкарх инструкци. Оцу инструкцин тӀера доладелла таӀзаран медицинин историн керла оьмар — суд ца йеш маршо дӀайаккхар, адамийн могашаллин ницкъ ца бора суьдан кхелаца, ткъа меттигера Ӏедало шайна луъург лелош бора». Госпиталехь Бродскийс дӀалоцу дика меттиг, хьакхалуш а бацара оцу инструкцех, йа хуъушехь бацабарах, набахтин тайпана психиатрин меттигашкахь практика йара цуьнан[8]  

.

Психиатрийн клиникехь Ӏийна керлачу битамца чекхйаьккхина байт «Керла шо КанатчиковгӀеран дачехь» (йевза «Йижа, рождественски гӀаз…» инципитца, цуьнан терахь хӀоттийна 1964 шеран 2 январь[9]. Ахматовина кехатера официалан къобала вина поэтанна Сурков Алексейна хаьа, Бродскийна диагноз хӀоттийнера «шизоидан психопати»[4]. Тарло, дарбан цӀийнера араваларан хенал хьалха араваларан бахьна хила тарло чолхе йукъаметтигаш исбахьалчица Басманова Марианница, цунна иза йевзира 1962 шарахь. Масех шарахь цуо дӀалоцура цуьнан дахаран ладаме дакъа, цунна лерина дара инициалашца «М. Б.», дукхаха болу поэтан кхолламаш. Дарбан цӀийнера араваьлча, схьагарехь, 2 январехь, Бродскийн хиира цуьнан уьйранех поэтаца Бобышев Дмитрийца (цара цхьаьна даздира Керла шо), чехка вахара Ленинграде йукъаметтигаш къасто[10][11]. Ӏаткъаман хьал чӀагӀдала таро хилира, 8 январехь «Суьйренан Ленинград» газетехь араделира масех «дешархочун кехат», цара кхойкхура «жуккаралла деш волу Бродский тӀеозаве» боху[12]. Оцу муь,,рехь ша виен гӀоьрта Бродский: дарбан цӀийнера араваьлча а, Ленинграде йухавирзича иза гӀоьрта шен пхенаш хедо. Иза шен тептар тӀе йаздина Чуковская Лидийас, терахь хӀоттийна 9 январь[13].

13 февралехь Бродский лецира жуккараллех бехке вина, цхьаъ чувуллу камерин чувоьллира милицин Дзержинскийн кӀоштан дакъера, шолгӀачу дийнахь цуьнан цунна деган чарп хилира[6]. Хьалхара ладогӀарш долчу хенахь адвокатан ходатайствоца Дзержинскан суьдо сацам бира Бродский хьажо нуьцкъала суьдан-психиатрин экспертизе. Цуьнца иза чекхвелира талламах ленинградан психиатрин № 2 йолу дарбан цӀийнахь. Цигах цуо даьккхира кхо кӀира, цу тӀе аьрха цомгаш болчеран палатин чохь. Экспертизин жамӀо бохура: «Психопатин амалш хилар, амма болх бан лур бу. Цундела дан мегар ду административан таӀзар». ТӀаьхьа цуо шен дахаран муьрах элира уггаре халаниг, гайтина иза поэмехь «Горбунов а, Горчаков а» (1965—1968)[14]. 13 мартехь Бродскийн кхайкхийра омарца йогӀу уггаре йоккха хан — пхи шо ницкъала болх генарчу меттигехь[15]. Цул тӀехьа иза хьажийра Архангелскан областан Коношан кӀошта, цигахь охьахиира Норински эвлахь. Цигахь вехира цхаьна шарахь эха шерахь (1964 шеран 25 мартера 1965 шеран 4 сентябрь кхаччалц), болх бира «Даниловски» совхозехь[16][17]. 1965 шеран 4 сентябрехь хан йацйира 1 шаре 5 батте кхаччалц. 1972 шарахь Бродскийн гражданалла дӀайаккхира, хьажийра эмиграце[18].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Бродский, 2001, с. 10.
  2. Лернер, Ионин, Медведев, 1963, с. 3.
  3. Эткинд, 1988, с. 16—22.
  4. 1 2 Лосев, 2006, с. 78.
  5. Эткинд, 1988, с. 41—42.
  6. 1 2 3 Лосев, 2006, с. 84.
  7. 1 2 Лосев, 2010, с. 82.
  8. Ася Пекуровская. Из новой книги об Иосифе Бродском. Лиterraтура. Электронный литературный журнал. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 17 октябрь. Архивйина 2021 шеран 17 октябрехь
  9. Бродский, 2001, с. 10—11.
  10. Юрий Лепский, Вячеслав Недошивин. Роковая любовь Иосифа Бродского. Российская газета (2008 шеран 24 май). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 16 октябрь. Архивйина 2021 шеран 16 октябрехь
  11. Лосев, 2006, с. 88.
  12. Айзенштейн, 2012, с. 204.
  13. Лосев, 2006, с. 86.
  14. Лосев, 2006, с. 91.
  15. Лосев, 2006, с. 94—95.
  16. Екатерина Борзенкова. Исторический процесс: 55 лет процессу над Бродским. ПРАВО.Ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 15 октябрь. Архивйина 2021 шеран 27 октябрехь
  17. Юлия Гусарова. «Я работал, я писал стихи»: почему суд над Бродским нельзя забывать. Forbes.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 15 октябрь. Архивйина 2021 шеран 28 октябрехь
  18. Бродский Иосиф Александрович. Бессмертный барак. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 15 октябрь. Архивйина 2021 шеран 24 октябрехь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Айзенштейн, Елена. «Колокол с эхом в сгустившейся сини…» Рождественские стихи Иосифа Бродского // Нева. — 2012. — № 1. — С. 202—215. Архивйина 2021  шеран  28 октябрехь.
  • Артёмова А., Рар Л., Славинский М. Казнимые сумасшествием. — Франкфурт-на-Майне: Посев, 1971. — 508 с.
  • Бродский, Иосиф. Новый год на Канатчиковой даче («Спать, рождественский гусь») // Сочинения Иосифа Бродского. — СПб.: Пушкинский фонд, 2001. — С. 10—11. — 440 с. — ISBN 5-89803-067-0.
  • Бродский, Иосиф. Рождественские стихи. — М.: Издательство «Независимая газета», 1992. — 60 с.
  • Лосев Л. В. Иосиф Бродский: Опыт литературной биографии. — М. : Молодая гвардия, 2006. — 480 с. — (ЖЗЛ). — ISBN 5-235-02951-8.
  • Лернер, Я., Ионин А., Медведев, М. Окололитературный трутень // Вечерний Ленинград. — 1963. — 29 ноябрехь (№ 281 (5518)). — С. 3.
  • Лосев, Лев. Меандр. Мемуарная проза / Сост. С. Гандлевский, А. Курилкин. — М.: Новое издательство, 2010. — 430 с. — ISBN 978-5-98379-131-2.
  • Сергеева-Клятис А. Ю., Лекманов О. А. Ночь под рождество в палате № 6 (о стихотворении «Новый год на Канатчиковой даче») // «Рождественские стихи» Иосифа Бродского. — Тверь: ТвГУ, 2002. — 44 с.
  • Перепёлкин М. А. «Я не то, что схожу с ума», но «чувствую — уже хожу по лезвию ножа»: «синдром сумасшествия» в творчестве Высоцкого и Иосифа Бродского // Творчество Владимира Высоцкого в контексте художественной культуры XX века. Сб. статей / Под ред. В. П. Скобелева, И. Л. Фишгойта. — Самара: Самарский Дом печати, 2001. — 96 с.
  • Эткинд, Ефим. Процесс Иосифа Бродского. — London: Overseas Publications Interchange Ltd, 1988. — 176 с. — ISBN 1-870128-70-2.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Кеп:Бродский Иосиф