Кири́лов Ива́н Кири́ллович (1695[2], Псковщина, Оьрсийн паччахьалла1737 шеран 14 апрелехь, Самара, Казанан губерни, Российн импери) — оьрсийн Ӏилманча а, пачхьалкхан гӀуллакххо а, географ, картограф, историк, статистик, бакъойовзархо, хийцамийн агӀонча а, Сийлахь Петран накъост а, гӀалин хьаькам а, Тобольскехь йоьзанан а, аьчкан а заводаш йинарг.

Кирилов, Иван Кириллович
Вина терахь 1695[1]
Кхелхина терахь 1737 шеран 14 апрель({{padleft:1737|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) йа 1737 шеран 14 (25) апрель[1]
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа географ, статистик
Ӏилманан кхоче географи, картографи, истори
Воьвзу сана Орск а, Бузулук а йиллархо
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Кирилов Иван — российн географи Ӏилманан бух биллинчех цхьаъ, российн экономин географи йиллинарг, 1735—1740-гӀа шерашкра башкирийн гӀаттам охьатаӀоран жигара декъахо, цара Оренбурган губернехь гӀаланаш а, заводаш а йахка новкъарло йора «сурсаташ маьрша дӀасакхехьа Бухаре, Водокшане, Балхе, ХӀинде некъаш дӀаделларна».

Хьалхара шераш

бӀаьра нисйан
 
1722—1731шерашкахь Кириловс хӀоттийна Российн империн цхьайолчу провинцийн атлас

МозгӀаран кӀентах, «Петран бенан кӀорних», хилира КириловгӀеран элийн тайпа долийнарг.

1707 йа 1708 шарахь чекхйаьккхина Навигацин ишкол[3]. Кёнигсберган университетехь ладоьгӀна (килсан йозанчех пенсионерех болчарех) 17171720 бакъонан курсе[4].

1712 шарахь дуьйна копихо, Сенатан секретарь, 1727 шарахь дуьйна — обер-секретарь[3].

1719 шо чекхдолуш волавелла Российн топографин суьрташ дахкаран белхан куьйгалла дан[3].

Экспедицешкахь дакъа лацар

бӀаьра нисйан

Дакъа лецира А. Ф. Шестаковн а, ШолгӀа Камчаткин экспедици а (17311733) вовшахтухуш. Статски хьехамча (1734 шарахь дуьйна). Оренбурган экспедицин (17341737) проектан автор а, куьйгалхо а. 1735 шеран 15 августехь йиллина Оренбург (хӀинца Орск) гӀала. План йеш вара ХӀинде боьду латтан тӀехула махлелоран некъ билла.

Российн экономикин географин бухбиллинарг ву; цуо дуьххьара хӀоттийна мехкан экономикин-географин хьелийн сурт, цунах элира «Сийлахь Петра хабарш ца дуьйцуш къинхьегамца къагийна хьал хӀоттийна Йерригроссийн пачхьалкх» (жайна 1—2) (1727).

Ӏилманан гӀуллакх

бӀаьра нисйан

Ӏилманча хиларна, Кириловс кехаташ йаздора шен муьрера дуккха а интеллектуалашка. Геодезисташа сенате кхоьхьийта картех, сенатера бакъо йаьккхина шен чоьтах, шен лаамца волавелира Atlas Imperii Russici хӀотто. Кирилов кхиира дагадеина монументан белхан хьалхара дакъа чекхдаккха. Atlas Imperii Russici чохь дуккха а керла хӀуманаш а дара, леладора Российн коьрта атлас санна шовзткъе итт шарахь сов. А. А. Половцовс мах хадорца: «Шен энергица а, пайден болх марзбаларца а Сийлахь Петран муьрера ваьлла Кирилов ву оригиналанчех а, башачех а гӀуллакххойх цхьаъ»[5].

Исбаьхьаллин литературехь

бӀаьра нисйан

Сочиненеш

бӀаьра нисйан
  1. Атлас Российской Империи. — СПб, 1734
  2. Цветущее состояние Всероссийского государства. — М., 1977

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Исаев Ю. Н. Чувашская энциклопедияЧувашское книжное издательство, 2006. — 2567 с. — ISBN 978-5-7670-1471-2
  2. В исторической литературе чаще упоминается другой год рождения — 1689, он ошибочен (см. Троицкий С. М., Новлянская Н. Г., Гольдберг Л. А. И. К. Кирилов и его труд «Цветущее состояние Всероссийского государства» // Кирилов И. К. Цветущее состояние Всероссийского государства. — М., 1977. — С. 7)
  3. 1 2 3 Кирилов, Иван Кириллович // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  4. Иван Кирилов. Цветущее состояние Всероссийскаго Государства // Тульский край глазами очевидцев. Выпуск 2 / Сост. А. Лепехин. — М.: ЛитРес, 2017. — ISBN 5040497709.
  5. Русский биографический словарь А. А. Половцова
  6. Пушкин А. С. Сочинения.- Т.IX.- С.100, 101, 111, 451, 452

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан