Классикин хелхар
Кла́ссикин хелхар — балетан коьрта гайтаран гӀирс; XVI бӀешо чекхдолуш Италехь юкъаяьлла, кхин дӀа, паччахьан кертан балет бахьнехь Францехь яьржина тайп-тайпана тобанийн боламан чӀогӀа экама кхоьллина система.
Когийн, куьйгийн, дегӀан, коьртан билгалаяьхна позицеш ларъяр а, когаш нийса лелоран хьесапаш а, нисса догӀмаш лелор а бахьнехь, классикин хелхаран болам гӀерта геометрийн кхетаме.
Россеха классикин хелхар деина XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь. 1738 шарахь Петарбухехь Ланде Жан-Батиста бина болх бахьнехь Россехь дӀайиллира дуьххьарлера хелхаран ишкол (цунах тӀаьхьа хилира Оьрсийн балетан А. Я. Вагановин академи). Оьрсийн классикин хелхаро шена чу ийцира французийн а, италихойн а хелхаран ишколаш.
Классикин хелхаран баххаш кечбо экзерсисан гӀоьнца, цунах лаьтта дешархочун а, профессионалан балетан артистан хелхаран доьшийла.
Классикин хелхаран чуьра эцна упражненийн дакъош, исбаьхьаллин а, спортан а гимнастика, куьцара хехкар, эстрадин хелхарш, спортан рок-н-ролл, акробатика, спортан балан хелхарш Ӏаморан программашна юкъадахна.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Классический танец // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2005. — Т. III. — ISBN 9965-9746-4-0.
ХӀара Исбаьхьаллех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |