Клетка йоцурш
Клетка йоцурш (лат. Acellularia, Acytota, Aphanobionta) — йу клеткин структура йоца организмаш шайерш цхьаьна.
«Клетка йоцурш» боху дешнаш дукха хьолахь вирусийн синоним санна леладо. Термин йукъайаьлла 2003 шарахь мимивирус гучайаьлча, оцу хенахь йевзаш йолчех уггара хала вирус а йолу, дахаран клеткин кепах схьайаьлла хила мегаш а йолу.
Вирусаш йоцуш а, клетка йоцчаран йукъайогӀуьйта вироидаш а, вирусоидаш а, кхин тӀе инфекцин агенташ, ДНК йа РНК йукъахь шен долахь геном а йоцуш йолу (масала, прионаш).