Кли́мат (желт.-шира. κλίμα (доланиг дожар κλίματος[1]) — товжар; (анан тӀехула маьлхан зӀаьнарш товжар дуьйцу) — хенан-хӀоттаман дуккха шерийн (масех иттаннаш шераш) раж. Хенан-хӀоттам, климатах къаьсташ — цхьайолу амалийн (температура, тӀуналла, атмосферин Ӏаткъам) цӀеххьана хӀутту хьал.

Шеран заманашкара хийцамийн анимаци, цунна йукъахь шеран дохаллера лайн чкъоьран а.
1961 -1990 шерашкара беттан температурин йуккъера барам дуьненан тӀехулара. Лаьттачу меттиге а, шеран замане а хьаьжжина климат хийцайалар, масала ду

Готтачу маьӀнехь климато — локалан климато — карарчу меттиган амал ло цуьнан географин меттиге хьаьжжина.

Шуьйрачу маьӀнехь климато — глобалан климато — амал ло статистикин ансамблан хьолашна, цунна чухула йолу «атмосферагидросфералаттакриосферабиосфера» система масех итт шерашкахь[2]. Хенан-хӀоттам климатан барамах дӀатаӀар климат хийцайалар лара мегар дац, масала, чӀогӀа шийла Ӏа даро климат шелйалар ца гойту[1].

Дуьненан климатан хьелаш кхуллу коьрта глобалан геофизикин циклан процессаш йу йовхохьовзар, тӀуналлахьовзар, атмосферин йукъара циркуляци[1].

Ӏамайина а, классификаци йина ца Ӏа планетин масштабера климатна (макроклимат), кхин а Ӏамайо меттигера климат (мезоклимат) — йуьстича цхьатерра хьелаш долу кегийрачу меттигийн климат (хьуьнан климат, хӀордан бердан климат, эркан декъан климат, гӀалин йа гӀалин кӀоштан климат)[3] а, микроклимат а, цуо амал ло меттигера климатан чуьра кегийра дакъошна (хьуьнан ирзу)[4], цунна йукъахь чоьнийн микроклимат.

Климат Ӏамайо климатологи олучу Ӏилмано. Хьалхалера климат Ӏамайо палеоклиматологи олучу Ӏилмано[1].

Дуьне доцуш, «климат» кхетам кхечу стиглара тӀехь атмосфера йолу догӀмашна (планеташна а, церан спутникашна а, астероидашна а) а богӀуш хила тарло.

Ӏаморан хьесапаш нисйе бӀаьра

Климатан башхаллех жамӀ дан, оьшу хенан-хӀоттаман тӀаьхьа дуккха а тидамаш бан. Барамера шораллашкахь леладо 25—50 шеран тидамаш, тропикашкахь — мела а кӀезиг. Климатин амалаш билгалйоху метеорологин элементийн тидамца, уггаре ладаме царех йу атмосферан Ӏаткъам, механ сихалла а, хьоькху агӀо а, температура, хӀаваан тӀуналла, кхоларш, атмосферин йочанаш. Цул сов Ӏамайо мелхан радиацин йохалла, шийла боцу муьран бохалла, гаран геналла, лаьттан а, Ӏаьмнашна чуьра хин а тӀехуларчу чкъоьрийн температура, лаьттан тӀехулара хи Ӏаьнаре далар, лайн чкъоьран кӀоргалла а, хьал а, берриг хила тарло атмосферин Ӏаткъамаш а, гулйина мелхан радиаци а, радиацин баланс а, кхин дуккха а[1].

Климатологин прикладан отраслаша лелайо шайн Ӏалашонашна оьшу климатан амалаш:

  • агроклиматологехь — вегетацин муьран вовшахтоьхна температура;
  • биоклиматологехь а, техникин климатологехь а — пайден температураш;

Кхин а лелабо комплексан гайтамаш, уьш билгалбоху масех коьртачу метеорологин элементашца, ма-дарра аьлча йерриг хила тарло коэффициенташ (континенталла, йоькъалла, тӀуналла), фактораш, индексаш[1].

Метеорологин элементийн а, церан комплексан гайтамийн (шеран, шеран заманан, беттан, дийнан-бусан, кхин дӀа а) дуккха шерийн йуккъера терхьийн суммаш, йух-йуха хиларан муьраш лору климатан норманаш. Цхьацца муьрашкахь климат нис ца йелча, оцу норманех дӀатаӀар лору[1].

Климат тӀаьхьа хийцайаларан мах хадорехь лелайо атмосферин йукъара циркуляцин моделаш.

Климат кхуллу фактораш нисйе бӀаьра

Планетийн климат йозу планетин кхочу вовшахтоьхна маьлхан радиацин дийнна астрономин а, географин а факторийн комплексех, кхин а шеран заманашкахула, дуьненан эхигашкахула, континенташкахула иза йекъарх[5]. Промышленностан революци йолайаларца адаман болх а хуьлу климат кхуллу фактор.

Билгалйоккху кхоъ климат кхуллу фактор:

  1. Маьлхан радиаци,
  2. атмосферин циркуляци,
  3. меттиган рельеф (бухара чкъор).

Астрономин факторш нисйе бӀаьра

Астрономин факторшна йукъара йу Малх къегар, Маьлхан гуонаха Дуьне латтар а, лелар а, Дуьне хьийзаран семан маьӀиг цуьнан орбитин экъане таӀар, Дуьне хьийзаран сихалла, гуонахьара космосан йесаллера материн луьчталла[5]. Дуьне шен семан гуонаха хьийзаро хуьйцу де-буьйсанан хенан-хӀоттам, Дуьне Маьлхан гуонаха хьийзаро а, семан хьийзар орбитин экъане таӀаро а хуьйцу шеран заманан а, шораллин а хенан-хӀоттаман башхаллин хьелаш[6]. Дуьненан орбитин эксцентриситето — Ӏаткъам бо Къилбаседин а, Къилбин а эхигашна йукъара йовхо йекъарна, кхин а шеран хийцамийн барамашна. Дуьне хьийзаран сихалла хийцалуш йац ала мегар ду, иза йу гуттаренна Ӏаткъам бен фактор. Дуьне хьийзар бахьнехь йу пассаташ а, муссонаш а, кхин а кхоллало циклонаш.

 
Лаьмнийн мох хьоькху агӀорхьара догӀанан мархаш кхоллайалар а, мохан кӀелхьара ДогӀанан ӀиндагӀ кхолладалар

Географин факторш нисйе бӀаьра

Географин факторш ду

  1. Дуьненан барам а, масса а
  2. дозаллин ницкъийн барамаш
  3. хӀаваан хӀоттам а, атмосферин масса а
  4. географин шоралла
  5. хӀордан тӀегӀанан тӀера локхалла
  6. латтан а, хӀордан а барам
  7. орографи
  8. Ӏапказан леламаш
  9. кӀелтесна тӀехулонан амал — лаьттан, ораматийн, лайн а, шенан а чкъоьрнаш[5].

Маьлхан зӀаьнарийн Ӏаткъам нисйе бӀаьра

 
Экватор тӀехь, маьлхан зӀаьнарш лаьттан тӀехалонна нисса перпендикуляран хуьлу, амма изза маьлхан энергии йоькъу жимачу майданна, цигара схьа хӀора декъанна кхечу шораллашкахьчул алсама кхочу зӀаьнарийн энерги

Климатан кхечу амалашна Ӏаткъам бо ладаме дакъалг, уггаре хьалха температурин Ӏаткъам бо Маьлхан зӀаьнаран энерги. ХӀоьънан синтез бахьнехь Маьлхан тӀехь мукъайолу йоккха энерги, зӀаьнаре йолу космосан йесаллехь. Планетин кхочу Маьлхан зӀаьнарийн ницкъалалла, йозу цуьнан барамах а, цунний Маьлханний йукъара барамах а[7]. Цхьаьна хенахь, цхьаьна майданехула чекхйолу зӀаьнарш кхетаран перпендикуляран ориентаци йолу, Маьлхан зӀаьнарш кхетаран сумма, Маьлхан тӀера дуьнан атмосферин арахьара цхьаьна астрономин декъан барам генара йолчу, маьлхан гуттаре олу[8]. Дуьненан атмосферин лакхарчу декъера хӀора маьлхан зӀаьнаршна перпендикуляран йеакӀовн метран кхочу 1 365 Вт ± 3,4 % маьлхан энерги. Шеран дохаллехь энерги хийцало шеран дохаллехь дуьненан орбитин эллипсан куц хиларна, уггаре дукха ницкъ худа Дуьнено январехь. 31 % гергга кхаьчна зӀаьнарш йесалле йухатуххушехь, дисина дакъа тоьу атмосферин а, Ӏапказан а леламаш латто, Дуьненна тӀера дерриг аьлча санна биологин хьесапашна энерги латто а[7].

Дуьненан тӀехалонна кхочу энерги, йозу маьлхан зӀаьнарш кхетаран сенех, иза уггаре дукха хуьлу, нагахь и са нийса балахь, амма дуьненан тӀехалонан доккхаха долу дакъа маьлхан зӀаьнаршна перпендикуляран дац. ЗӀаьнарш таӀар дозу меттиган шораллех, шеран заманах, де-буьйсанах, уггаре йоккха иза хуьлу 22 июнан делкъана Искогберган тропикал къилбаседехьа а, 22 декабрехь Козероган тропикал къилбехьа, тропикашкахь максимум (90°) кхочу шарахь шозза[7].

Бараме аса нисйе бӀаьра

Дерриг шарахь барамера хӀаваан массаш хуьлучу асанехь Ӏаткъаман а, хӀаваан температурийн а жигара а, ладаме а хийцамаш хуьлу. Малхбузен мехаш алсама хилар алсама къастало Ӏапказашна тӀехула а, Къилбан эхигехь а. Шеран коьрта заманаш — Ӏа а, аьхке а, — йоцуш хаъал а, дикка йеха а — гуьйре а, бӀаьсте а хуьлу[1]. Температура а, тӀуналла а чӀогӀа къастарна дукхаха болчу талламчаша Барамера климатан къилбаседин дакъа субарктикин (Кёппенан классификаци)[9] климатна йукъатуху, йа къастайо ша йолчу климатан асане — бореалан асане[10].

Субполюсан нисйе бӀаьра

 
Арктикин тундрин климатан карта

Субполюсан Ӏапказашна тӀехула хуьлу жигара циклонан болх, мохе а, мархийн а хенан-хӀоттам, дукха йочанаш. Субарктикин климат хуьлу Евразин а, Къилбаседа Америкин а къилбаседехьа, цуьнан амалехь ду декъа (йочанаш шарахь 300 мм сов ца хуьлу), деха, шийла Ӏаьнаш а, шийла аьхке а. Йочанаш кӀезиг хиларе хьаьжна ца Ӏаш, лахара температураша а, гуттаренна йолчу гӀоролаша а меттигашкахь уьшалаш до. Къилба эхиган иштта климат — Субантарктикин климато латта дӀа ца лоцу субантарктикин гӀайренашна а, Грейаман Латтан а тӀехь бен[1]. Кёппенан классификацехь субполюсан, йа бореалан климат лору тайга йолу зонин климат [9].

Полюсан нисйе бӀаьра

Полюсан климатан амалехь ду дерриг шарахь хӀаваан шийла температураш хилар, кӀезиг йочанаш хилар (шарахь 100—200 мм). Хуьлу Къилбаседа Шенан Ӏапказан а, Антарктидин а зонехь. Алсамо кӀеда хуьлу Арктикин атлантикин декъехь, уггаре луьра — Малхбален Антарктидин тӀамлам тӀехь[11]. Кёппенан классификацехь полюсан климатан йукъа шенан климат йеина ца Ӏаш, тундра йаьржина зонин климат а йогӀу[9].

Климат а, адам а нисйе бӀаьра

 
Бананаш кхуьу йовха а, тӀуьна а климатехь. Мадейрера плантаци

Климато коьрта Ӏаткъам бо хинан ражан, лаьттана, ораматашна, дийнаташна, йуьртабахаман культураш кхио таро хиларна. Климате хьаьжжина адамийн охьаховшаран, йуьртан бахам, промышленность, энергетика, транспорт, бахархойн дахаран а, могашаллин хьелаш кхиоран таронаш хуьлу[1]. Адаман организмо йовхо дӀайаларца, йовхо чекхйалар, конвекцица, тӀехулара тӀуналла Ӏаьнаре йаларца йойу. Иза йар алсама даьлча адаман дегӀана там ца хуьлу, цамгарш хуьлу. Шийлачу хенан-хӀоттамехь уьш йар тӀекхета, тӀуналло а, чӀогӀачу мохо а шелдаларан эффект чӀагӀло. ЦӀеххьана хенан-хӀоттам хийцабелча тӀекхета стрессаш, аппетит дӀайолу, биоритмаш дӀайовлу, цамгаршна дуьхьала латтар охьадолу. Климатах йоьзна йу цамгарш шеран замане а, меттиге а хьаьжжина хилар, масала, пневмони а, жӀаьлин ун а кхета коьртаниг Ӏай барамера шораллашкахь, маляри хуьлу тӀуьна тропикашкахь а, субтропикашкахь а, цигахь климатан хьелаша аьтту бо хоршин чуьркаш дебош[12]. Климатан чот йо могашаллаӀалашйарехь (курорташ, уьнашца къовсам латтор, йукъараллин гигиена) а, туризмехь а, спортехь а[1]. Адамаллин исторера хаамашца (мацаллица, хи тӀедаларца, дӀакхийсина йарташца, къаьмнаш кхалхарца) таро хуьлу климатан цхьаболу хийцамаш метахӀитто[12].

Адамо климат кхуллу процессийн функцеш леларан кхачо хийцаро хуьйцу хуьйцу церан болх. Адамаша бечу белхаша хаъал Ӏаткъам бо меттигера климатна. Йовхо кхачар хӀума йагоран чоьтах, йаккхий шахьаршкахь хаалуш долу хӀаваан температура ойу, маьлхан энергии худар хуьйцу промышленностан гӀуллакхан сурсаташца а, кӀорамуьста газаца а меттиг бехйар[1]. Глобалан амал хилла адаман процессашна йукъахь ду

Йакъайар, тӀунйар, лардаран хьаннаш дӀайер оцу кӀоштийн климат беркате йо адамна[1].

ХӀокху заманан глобалан йохйаларан коьрта бахьна, схьагарехь, маьӀданан дагорг дагорца а, хьаннаш хьекхарца а Дуьненан атмосферехь кӀорамуьста газаш совйовларна парникийн эффект чӀагӀйалар ду[14]. Оццу хенахь, атмосферин дӀовш латто йа бехйо адамо аракхуьйсучара, бо шена чухула атмосферин лахарчу чкъоьрашка маьлхан зӀаьнарийн цхьа дакъа чекх ца долийта глобалан бода, цуьнца цхьаьна цуьнан температура охьа а йоккхий, кӀадйо глобалан йовхо[15].

Хьажа кхин а нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 Климат / С. П. Хромов // Кварнер — Конгур. — М. : Советская энциклопедия, 1973. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 12).
  2. Михеев В. А., 2009, p. 5.
  3. Местный климат // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Микроклимат // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  5. 1 2 3 Хромов С. П., Петросянц М. А. Метеорология и климатология. — 7. — М: МГУ, 2006. — С. 18,19. — 582 с. — (Классический университетский учебник). — ISBN 5-211-05207-2.
  6. Кеп:Кругосвет
  7. 1 2 3 Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «CiteWeb».
  8. Солнечная постоянная // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.
  9. 1 2 3 Михеев В. А., 2009, p. 66.
  10. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху БСЭ тIетовжаран йоза йаздина дац
  11. Полярный климат // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  12. 1 2 Кеп:Кругосвет
  13. Михеев В. А., 2009, p. 81.
  14. Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «CiteWeb».
  15. Михеев В. А., 2009, p. 82.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «CiteWeb».
  • Скриптан гӀалат: Иштта модуль йац «CiteWeb».