Коммендаци (схьадаьлла лат. commendare — маго, тӀедилла) — Малхбузен Европехь хьалхарчу ЙуккъерабӀешерашкахь элана а, цуьнан бӀаьхошна а йукъам тешам баларан кеп. Цу тӀе тӀаьхьарчарна вассалийн дарж лора. Дуьххьарлера документ тӀехь гайтина церемони хилира VII бӀешарахь Францехь, амма вассалитетан йукъаметтигаш хьалха а йара, иза элийн классал хьалхарниг йара.

Коммендацин шиъ коьрта тайпа дара:

  • сеньоро шен Ӏедалан кӀелара вассал варан акт. Иза дора байӀат дарца (оммаж) а, вассалан барт барца а.
  • Къебелла маьрша нах воккха мехкан дайн куьйгакӀела бохкар. «ГӀийла» стаганна «ницкъ болчу» а, хьал долчу а стаге доладайтар нислора лаьттан къоьлле, цул тӀаьхьа ахархох феодалан лай хуьлура [1][2]. Кхечу хаамашца, ахархойх хьакхалуш а йацара цхьанне кепара, иза хьакхалора деккъа тӀемлойн чкъоьрах тешаман (вассалитетан) йукъаметтигаш хӀитторех. Цхьацца меттигашкахь коммендацин тӀебуьтура лоллехь бина а, маьрша бевлла а нах.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. История средних веков: В 2 т. Т. 1: Учебник / Под ред. С.П.Карпова. — 4-е издание. — М: Изд-во Моск. ун-та; Изд-во «Высшая школа», 2003. — 640 с.
  2. Эксплуатация. Критика Джона Ремера. Феодализм. Ч. 2. // http://sergeychet.narod.ru/socio/Roemer_prt2.htm Архивйина 2016-11-14 — Wayback Machine

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан