Константинополь йожар
1453-чу шарахь Константинополь йожар (жел. Άλωση της Κωνσταντινούπολης, тур. İstanbul’un fethi, Kostantinopolis Kuşatması; итал. Assedio di Costantinopoli, Caduta di Costantinopoli) — османийн султан волу 2-чу Мехмедан эскаро Византийн империн нана-гӀала Константинополан го лацар. Го лацар доладелла 1453-чу шеран оханан/апрелан 6-чу дийнахь, чекхдаьлла оцу шеран хӀутосург/май беттан 29-чохь османийн эскара шахьар дӀалацарца. Константинополь йожар Малхбален Руман (Византийн) импери хӀаллакьхилар билгало яра.
Сийлахь меттиг | |
Константинополь йожар | |
---|---|
41°01′48″ къ. ш. 28°56′06″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
1453-чу шарахь Византийн импери Пелопоннес олучу ахгӀайренан дозанашкахь жима а еллера, иштта империна йукъайогӀуш йара Эгейн, Мармаран хӀорданаш а, Константинополан йистош а. Ткъа Османийн империн ницкъ чӀагӀлуш бара, цунна дуьхьало латто гӀора дацара Византийн империн.
1-ра Баязед волчу хенахь дуьйна османийн султанаш масийттаза го лаьцна хилла Константинополна (1393—1394 шш, 1394—1402 шш, 1411 ш., 1422 ш.). Ткъа цу муьрехь цера гӀала дӀалаца аьтто ца белира, амма Балканаш тӀехь шайн Ӏуналла (контроль) хӀоттийра.
ТӀаьххьара го лацар доладелла 1453-чу шеран оханан/апрель баттахь. Ромейш орца дийхира Малхбузехьа Ӏаш болчу нахе, царна гӀо дан еара жима итальянийн контингент. Дерриг а цхьаьна долуш Константинополь ларъеш вара ворхӀ йа бархӀ эзар стаг, царна йукъахь 5 эзар ромей вара. Османийн эскар дикка алсамаллица царел тоьлуш дара: 2-чу Мехмедан доьзткъа эзар салти а вара, цхьа бӀе ткъа хӀордкема а дара.
1453-чу шеран хӀутосург/май беттан 29-чу дийнахь шин баттахь дуьхьало йинчул тӀаьхьа Константинополь юьйжира.
Византийн тӀаххьара император XI-гӀа Константин тӀамехь велира. 2-гӀа Мехмед йоьжна гӀали чу веара, цуьнан куьйгаллица Константинополь дӀалаьцна бахьана долуш цунах Фатих (тур. Fatih — даккхархо) олу.
1923-чу шарахь Османийн импери йохале Константинполь пачхьалкхан коьрта шахьар яра.