Красноярскан пачхьалкхан аграрин университет

Красноя́рскан пачхьа́лкхан агра́рин университе́т (КрасПАУ)Красноярскера лакхара дешаран меттиг[1]. Кадраш кечдо Красноярскан мехкан, Хакасин, Тывачоьнан, Якутин агропромышленностан декъана[2]

Красноярскан пачхьалкхан аграрин университет
(КрасПАУ)
сурт
Дацдар КрасПАУ
Кхоьллина шо 1953
Тайпа пачхьалкхан
Ректор Пыжикова Наталья Ивановна
Студенташ 16 211
Магистратура 467
Аспирантура 348
Хьехархой 1 272
Лаьтта меттиг  Росси,
Красноярск
Юридически адрес Машаран пр., 90
Сайт http://www.kgau.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Истори нисйе бӀаьра

Йиллина 1953 шарахь Красноярскан юьртабахаман институт[3] аьлла.

1994 шарахь институтах йира Красноярскан пачхьалкхан аграрин университет.[3]

Ӏилманан гӀуллакх нисйе бӀаьра

Университето кечъеш ю Малхбален Сибрехан экологин латта лелоран йукъара теори а, технологи а. Йо агроэкологин а, лаьттийн а мониторинг. Ӏамадо Малхбален Сибрехахь йехачу хенахь гӀураллехь лаьтта латтанийн хьоналла юха таяран хьесапаш. Талламаш бо буьртиган а, кхин культурийн а толерантан сортийн селекцин а, биотехнологин а. Инженерин эмбриологин белхаш леладо. Йуьртан бахаман йалтийн эвсараллин а, урхаллин а рационалан хьесапаш кечдеш белхаш до. Красноярскан махкахь латталелор жигара даккхарехь а, Ӏилманан бух тӀехь а лелоран некъ кечбо. Дийнатийн тайпанаш тойаран белхаш бо. Йуьртабахаман дийнатийн цамгарш меттаха йохучарна дуьхьала болх бо, профилактика а йо. Толлу даьхнийлелорехь хӀоъ нийса лелоран кепаш. Юьртабахаман балхахь машенаш а, трактораш а лакхара эвсараллица лелоран болх тобо.[3]

Директорш а, ректорш а нисйе бӀаьра

Структура нисйе бӀаьра

КрасПАУ йукъайогӀу 7 институт[6]:

  • Агроэкологин технологийн институт (АЭТИ)
  • Прикладни биотехнологин а, ветеринарин медицинин а институт (ПБВМИ)
  • Кхачанаш арахецаран институт (КхАИ)
  • Инженерин системийн а, энергетикин а институт (ИСЭИ)
  • Латтанисдаран, кадастран, Ӏаламтодаран институт (ЛКӀИ)
  • АПК экономикин а, урхаллин а институт (АПК ЭУИ)
  • Юридически институт (ЮИ)

Университера арахецнарш нисйе бӀаьра

Красноярскан пачхьалкхан аграрин университетан хаамча нисйе бӀаьра

Файл:Вестник Красноярского государственного аграрного университета.jpg
2015 шеран «Красноярскан пачхьалкхан аграрин университетан хаамчийн» мужалт

Красноярскан пачхьалкхан аграрин университет Ӏилманан журнал. Коьллина 1996 шарахь[7]. Арадолу баттахь цкъа[7]. Журнал йукъадоьду ВАК журналийн испискин[7] а, Российн Ӏилманан цитированин индексан[7] а, AGRIS(ингалс.)[7] а.

Тематикин рубрикаш:[7]

  • Биологин Ӏилманаш
    • Йукъара биологи (латтадовзар, экологи)
  • Техникин Ӏилманаш
    • Агроинженерийн системийн процессаш а, машинаш а
    • Дааран сурсатийн технологи
  • Юьртабахаман Ӏилманаш
    • Агрономи
    • Ветеринари а, зоотехни а

Редакцин кхеташо:[7] В. В. Матюшев (коьрта Ӏилманан редактор); А. С. Донченко (коьрта Ӏилманан редактор гӀовс); Н. В. Донкова (коьрта Ӏилманан редактор гӀовс); Н. А. Сурин; В. Л. Болл; Г. Т. Мейрман; Б. Ламжав.

Редакцин коллеги:[7] С. С. Бакшеева; М. П. Баранова; Г. С. Вараксин; Н. А. Величко; Г. А. Демиденко; Н. Л. Кураченко; {{comment|Т. Ф. Лефлер|

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Терра, 2006, с. 79.
  2. {{cite web|url=http://www.mathnet.ru/php/organisation.phtml?option_lang=rus&orgid=3182
  3. 1 2 3 Семёнов, 1998, с. 311.
  4. 1 2 3 4 5 60 лет КрасГАУ / Авт. колл.: Н. В. Цугленок, В. А. Иванова, В. В. Матюшев и др. — Красноярск, 2012. — С. 18—20
  5. Пыжикова Наталья Ивановна // newslab.ru
  6. Красноярский государственный аграрный университет (КрасГАУ). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 10 май.
  7. 1 2 3 4 5 6 7 8 Красноярский государственный аграрный университет // eLIBRARY.ru

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра