Крбавера тӀом
Крбавера тӀом (Крбавин арара тӀом) — 1493 шеран 9 сентябрехь Хорватин паччахьаллин (Мажарчоьнан паччахьаллица цхьаьна хилла) а, Ӏусманан империн а эскаршна йукъахь хилла тӀом.
Крбавера тӀом | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Ӏусманийн-мажарийн тӀемаш | |||
Терахь | 1493 шеран 9 сентябрехь | ||
Меттиг | Крбавин аре, малхбален Лика | ||
ЖамӀ | Ӏусманан империн хадам боллуш толам | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ТӀом чекхбаьлла хорватийн эскар дерриг хӀаллакдарца, оцу хенахь дуьйна туркоша схьадаха долийна хорватийн латтанаш, схьадаккхар ца сецна Сисакера тӀом (1593) хиллачул тӀаьхьий бен. Оцу шина тӀеман йукъара бӀе шарахь хорватийн историн латтанийн дукхаха долу дакъа дӀалаьцна Ӏусманан империс.
Хорватийн эскар 10 эзар стаг гергга дара, царех 8 эзар гӀашлой хилла, ткъа бисинарш — беза дошлой. Эскаран куьйгалла дина Хорватин бано Деренчин Миркос (Имрес). Туркойн ницкъаш бара 8 эзар стаг гергга, берриш аьлча санна байн дошлой (акынджеш), куьйгаллехь вара боснийн санджакан бей Хадим Якъуп-паша.
Хьалхара истори
бӀаьра нисйан1463 шарахьу Ӏусманан империс Боснин паччахьалла хӀаллак йинчул тӀаьхьа, туркой тӀелета буьйлабелира Хорватин паччахьаллин мехкашна. Хорвати XII бӀешо долалуш дуьйна уьйр йолуш йара долара уница Мажарчоьнан паччахьаллица, цхьаьнатоьхна пачхьалкхан гуран чохь хаъал автономии а йолуш. Мехкан коьртехь вара бан, паччахьан сардалан функцеш йара цуьнан. Мажарийн паччахьаллин кӀоргера чоьхьара баланаш дара, тоъал ницкъаш а, гӀирсаш а дацара Хорвати дика ларйан. 1477 шарахь паччахьо хорватин парламентан (саборан) бакъо йелира хорватин эскаран баьчча харжа, жоьпаллин доккхаха долу дакъа дӀаделира меттигерчу Ӏедална. Дозанаш оцу муьрехь коьртаниг лардеш дара хорватийн элийн ницкъийн тобанашца, уьш чӀагӀйинчу гӀа-гӀаланаш чохь дара. Оцу тобанийн таро йара хорватийн мехкан кӀоргенашна сих-сиха тӀелета туркойн байн дошлошна (акынджешна) новкъарло йан. 1478 шарахь ерриг Хорватех цӀераш йохкуш, талораш деш чекхбовлуш Ӏусманаш тӀелетира Крайнера ГабсбурггӀеран мехкашна.
ТӀом
бӀаьра нисйан1493 шарахь боснин бей Хадим Якъуб-паша байн дошлошна коьртехь йоккха экспедици йира Хорватин Загорье а, империн Каринте а. Хорваташ, оцу хене кхаччалц туркошца боккха тӀом бан ца хуьттуш болу, тӀом бан сацам бина шайн берриг ницкъ цхьаьнатоьхна бан волчу Деренчин Миркон куьйга кӀела а, туркой йухабоьрзуш кӀело йархьама.
ТӀом хилира 9 сентябрехь Крбаван аренехь малхбален Ликехь, хӀинцалерачу посёлкан Удбинан гергахь. Дуьххьара хорваташ тӀелетча туркой йухабевлира, уьш гӀоьртира мостагӀа шерачу лачкъа меттиг йоцучу арене арабаха. Хорваташ Ӏехабелира, нийсачу меттигехь байн туркойн дошлойн ницкъ алсама бара дӀаса ца хьовзалучу хорватийн эскарал, церан дукха берш гӀашлой бара. Хорваташна гуо бира берриш хӀаллак бира. Дерриг аьлча санна эскар делира, кӀеззиг бисинарш туркоша йийсар бира. Крбаван аренехь цхьаьна дийнахь берриш аьлча санна хорватийн элий белира, шайн банца цхьаьна.
Паччахьаллин уггаре тӀом бан хьуьнара долу ницкъаш хӀаллакбаро а, баларо а Хорватехь массарна а тезет хӀоттийра. МозгӀаро Мартинца йаздира: «Тезет доккха дара … боьха готаш а, гӀезалой а, Аттилина заманахь дуьйна хиланза дара ишттаниг»[1]. Туркой тӀелеташ дукха нах кхерабелла бевддера Хорватин чоьхьарчу регионашкара мехкан къилбаседа декъе Далмаце. Туркоша оцу хенахь дуьйна гуттаренна а йасйора юккъера Хорвати, гуттаренна а дакъошца дӀатухура иза шайн Балканашкара мехкех.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Фрейдзон, В. И. История Хорватии. Краткий очерк с древнейших времён до образования республики. — Санкт-Петербург: Алетейя, 2001. — С. 44. — 318 с. — ISBN 5-89329-384-3.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Фрейдзон, В. И. История Хорватии. Краткий очерк с древнейших времён до образования республики. — Санкт-Петербург: Алетейя, 2001. — С. 44. — 318 с. — ISBN 5-89329-384-3.
- Poraz Hrvata kod Udbine Архивйина 2008-05-09 — Wayback Machine(хорв.)