Кузнецо́ва Ариа́дна Никола́евна (йина 1935 14 сентябрь) — советийн а, российн а театран, кинон актриса, Российн уггаре дикачех актерийн говзаллех театран хьехархо, режиссёр-хьехархо, Петарбухан театран говзаллин академи профессор. РСФСР хакъ долу оьздангаллин белхало.[1]

Кузнецова Ариадна Николаевна
Йина терахь 1935 шеран 14 сентябрь({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (89 шо)
Вина меттиг Петарбух, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2022 шеран 20 апрель({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (86 шо)
Гражданалла  ССРС  Росси
Корматалла
СовгӀаташ

Кузнецова Ариадна йина Ленинградехь. Бер долуш, хьийгира уггаре боккха бала гуо бинчу Ленинградехь — 1941—1942; 1943 шарахь ненаца кхалхийра Вяткан тӀе.

Зон Борис Вульфовичан дешархо[2]. Чекхйаьккхира Ленинградан А. Н. Островскийн цӀарах театран институт (1953—1957). Кузнецова Ариаднин курсехь бара Фрейндлих Алиса, Елисеев Лев, Чернозёмов Кирилл, Родионов Юрий, Василькова Нина, Фрейндлих Алисин хьалха хилла майра Карасёв Владимир, П. П. Кадочниковн кӀант Кадочников-Никитин Константин, Кульд Рудольф[3] 1957 шарахь хьажийра Ленинградера Чебоксарехь, оцу хенахь Чебоксарийн театран труппан коьрта артист вара цуьнан майра, артист волу Феофанов А. Г. .

1957—1959 шерашкахь болх бира Чувашийн АССР Оьрсийн Республикин Драман театрехь. 1959 шарахь йоӀ Ольга йина цӀа йирзира Ленинграде.

1961—1964 шерашкахь актриса йара Ленинградан областан драман а, комедин а театрехь. 1960-гӀа шерашна йуккъехь чекхйаьккхира Ленинградан театран институтан аспирантура, шен хьехархо Зон Борис волчохь. 1968 шарахь болало актрисин жигара хьехархойн болх.

1970-гӀа шерашкахь дуьйна — И. П. Владимировн, И. О. Горбачёвн, Р. С. Агамирзянан, Малеванная Ларисин, Абросимова Тамарин, И. Р. Штокбантан актерийн курсашкахь актерийн говзаллийн коьрта хьехархо. Шен хьехархойн гӀуллакхехь кхио хиира ленинградан актерийн Зон Борисан ишколан дика ламасташ, царна йукъахь хин болу артисташ Ӏамош, ладаме темпан-ритман бух а.[4] Кузнецовас Ӏамийначарех бу ленинградан а, петарбухан а сценан, кинон коьрта говзанчаш, царна йукъахь Бычков Виктор[5][6], Баргман Александр[7], Бызгу Сергей[7], Попова Нелли.

Конохь дакъа лоцу. Хьалхара зиеделларг хилира 1955 шеран болх, цхьаьна дешначу Фрейндлих Алисица Эрмлер Фридрихан кинофильмехь «Чекхйаккханза повесть». Оцу хенахь театран институтан къона студенташка массовкехь дакъа лаца кхайкхира Эрмлера. Амма къона актрисана кхечира дийнна эпизод, цуьнан ролан накъост хилира Быстрицкая Элина. Кузнецовас ловзийра ишколера арахецначу буса Ленинградехь йолаелла лелачу итталгӀачу классан дешархочун роль. Дакъалецира Фрид Янан «Нехан гӀуо» фильмехь (1960). Дукха болх бира Ленинградан телевизионехь, ролаш ловзийра Белинский Александран а, Карасик Давидан а спектаклашкахь (царна йукъахь 1967 шарахь ловзийра Ӏожалан роль Д.Карасикан телеспектаклехь Г.Лоркин «ЦӀийн ловзар»).

Шен хьехархойн болх дӀакхоьхьуш, кинош йохуш дакъалоцу ира амалаш йолчу ролашкахь, царна йукъахь йу телесериала «Йохийначу панарийн урамаш-8» а, «Талламан къайленаш-10».

«Зон Борисан ишкол. Актерийн говзаллин хьехолаш а, режиссураш а» жайнин авторех цхьаъ, иза арайаьлла 2011 шарахь «Сеанс» арахецараллехь[8]

Театрера хаьржина ролаш

бӀаьра нисйан
  • 1957 шо — Шурка Булычёва. М.Горькийн «Егор Булычёв а, кхин а». Реж. Б. В. Зон. Моховойра Дешаран театран сцени тӀаьхь (Егор Булычев — Юрий Родионов)
  • 1957 шо — Ганка. Г. Запольскаян "Паня Дульскаян оьздангалла». Реж. Б. В. Зон. Моховойра Дешаран театран сцени тӀаьхь (Хеся — Алиса Фрейндлих)

Ленинградан драман а, комедин а театр

  • 1961 шо — Лиза Охотникова. А. Арбузовн «Вайна кӀант». Реж. Б. А. Фрейндлих
  • 1961 шо — Даша Грачёва. В. Лаврентьевн «Шен гергарчеран дуьхьа». Реж. Г. М. Сумкин
  • 1962 шо — Веселина Вера. В. Аксёновн «Белхан накъостий». Реж. А. К. Поляков
  • 1963 шо — Вита. А. Закан а, И.Кузнецовн а «Безаман дакъа». Реж. В. Г. Дышленко
  • 1963 шо — Зоя. А. Салынскийн «Вотанча». Реж. А. Б. Винер
  • 1963 шо — Мэри Мэррей. А. Кронинан «Юпитер йоьлу». Реж. Г. И. Гуревич
  • 1963 шо — Луконина Таня. И. Соболевн «Топаш тоьхначул тӀаьхьа». Реж. Г. И. Гуревич
  • 1964 шо — ЙоӀ. Л. Данилинин «ДоттагӀий». Реж. Сирота Роза
  • 1964 шо — Марья-говзанча. Е. Шварцан «Паччахь-хихьийзориг». Реж. А. Коковкина

Хьаьржина фильмографи

бӀаьра нисйан
  • 2011 «Талламан къайленаш-10», «ЦӀий цӀийн дуьхьала», йалхалгӀа фильм (Ольга Алексеевна Крайнова)
  • 2007 «Йохийначу панарийн урамаш-8», «КхоалгӀа совнаха», 23 сери (Ада Львовна)
  • 1967 «ЦӀийн ловзар», фильм-спектакль, Ленинградан телевизион, реж. Карасик Давид (Ӏожалла, коьрта роль)
  • 1967 «Дешийн ровзан», фильм-спектакль, Ленинградан телевизион, реж. Карасик Давид
  • 1961 «Еха дуьненахь зуда», фильм-спектакль, Ленинградан телевизион, реж. Карасик Давид (Галина Демидова, коьрта роль)
  • 1960 «Нехан гӀуо» Реж. Фрид Ян (Эпизод)
  • 1955 «Чекхйаккханза повесть». Реж. Фридрих Эрмлер. (ИтталгӀа классера йоӀ)

Тетрера режиссёрийн белхаш

бӀаьра нисйан
  • «Къа латор магош ду» (Э. Скрибан «Да лоьхуш» пьесица мюзикл). Режиссёр-хьехархо. Петарбухан пачхьалкхан музыкин-драман театр «Буфф». Премьера хилира 2007 ш. 3 ноябрехь.
  • «Людовик XIV къоналла» (Безамах а, Ӏедалах а лаьцна истори). Режиссёр-хьехархо. Петарбухан пачхьалкхан музыкин-драман театр «Буфф».
  • «Элиза» (Музыкальная комедия по мотивам пьесы Б.Шоу «Пигмалион»). Режиссёр-хьехархо. Петарбухан пачхьалкхан музыкин-драман театр «Буфф».
  • Лаймен Фрэнк Бауман «Самартан гӀалара бозбуунча». Режиссёр-хьехархо. Петарбухан пачхьалкхан музыкин-драман театр «Буфф». Премьера хилира 2004 ш. 20 декабрехь
  • Жан Ануян «Къуйн бал». Режиссёр-хьехархо. Петарбухан пачхьалкхан музыкин-драман театр «Буфф». 2003 ш.
  • ЙоӀ — театран а, кинон а актриса Феофанова Ольга, Петарбухан Кегийрхойн Фонтанкера театран а, Петарбухан Миронов Андрейн цӀарах «Оьрсийн антреприза» театран артистка
  • Нуц — театран а, кинон а актёр Ушаков Роман, Петарбухан Кегийрхойн Фонтанкера театран а, Петарбухан Миронов Андрейн цӀарах «Оьрсийн антреприза» театран артист, коьллина маьрша театран предприяти «Молодёжки актёрийн доттагӀалла»

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Школа Бориса Зона. Уроки актёрского мастерства и режиссуры. Изд. Сеанс, 2011 г. с.119
  2. Школа Бориса Зона вновь собирает аншлаги. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 17 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 29 октябрехь Архивйина 2014-10-29 — Wayback Machine
  3. Ленинградский государственный театральный институт им. А. Н. Островского. Записки о театре. Издательство «Искусство». 1958 г. Ленинград-Москва. С.254
  4. Школа Бориса Зона. Уроки актёрского мастерства и режиссуры. Изд. Сеанс, 2011 г. с.121
  5. Виктор Бычков: «Быть Кузмичом, так Кузмичом!»
  6. Виктор Бычков: «Пока существует на земле чувство вины, род человеческий будет продолжаться». ТӀекхочу дата: 2012 шеран 18 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 27 сентябрехь Архивйина 2012-09-27 — Wayback Machine
  7. 1 2 Александр Баргман. Парень с ироничным мироощущением(ТӀе цакхочу хьажорг)
  8. Школа Бориса Зона. Уроки актёрского мастерства и режиссуры. Изд. Сеанс, 2011 г. с.119-123

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан