Кузнецова, Вера Андреевна
Кузнецова Вера Андреевна (1907 6 октябрь — 1994 1 декабрь) — советийн а, российн а театран, кинон актриса, РСФСР хьакъ долу артист.
Кузнецова Вера Андреевна | ||
---|---|---|
Вера Андреевна Сдобникова | ||
Йина терахь | 1907 шеран 6 октябрь[1] | |
Кхелхина терахь | 1994 шеран 1 декабрь (87 шо) йа 1994 шеран 11 декабрь[1] (87 шо) | |
Кхелхина меттиг: | ||
Корматалла: | актриса | |
Гражданалла: | ||
Жигара шераш: | 1928—1991 | |
Театр: | Ленсоветан цӀарах театр | |
СовгӀаташ: |
|
|
IMDb: | ID 0476880 |
Биографи Нисйе
Кузнецова Вера Андреевна йина Саратовхь боккхачу 6 бер долчу доьзалехь. Нана бераш кхиош Ӏийра. Иза йеллачул тӀаьхьа 1918 шарахь берриг берийн бала ден кочахь бисира, иза болх беш вара театрашкахь мастер-декоратор кхайкхарца. Йуккъера дешар Кузнецова Верас чекхдаьккхира хьомен Саратовхь, 1925 шарахь чекхйаьккхира 10-гӀа йукъара белхан ишкол. Ишколехь йолуш марзйелира театр, ишколаца цхьаьна, 1923 шарахь дуьйна лийлира суьйренан театран студе.
1925 шарахь да веллачул тӀаьхьа Кузнецова Вера кхелхира йиша йолчу Ленинграде. Дийшира Ленинградан Белхалойн театран Пролеткультан студехь. Сценин тӀехь йара 1928 шарахь дуьйна.
1933 шеран 19 ноябрехь, Невски проспектера Голландин килсан хиллачу цӀа чохь, Кузнецова Верас ткъа актеран тобанца ловзийра А. Н. Островскийн спектаклан премьера «Хьерадевлла ахчанаш». И спектакль хӀоттийра В. Э. Мейерхольдан дешархочо режиссёра Кролль Исаака. Оцу театран цӀе йелира — Керла. Мейерхольд Москоха дӀаваханчул тӀаьхьа театран куьйгалле хӀоьттира С. Э. Радлов.
Иштта 1933 шарахь Кузнецова Верех Ленинградан Керла театр кхоьллинарг хилира, оцу сцени тӀехь болх бира дӀайиллинчу дийнера (1953 шерера дуьйна — Ленинградан Ленсоветан цӀарах театр), ловзийра иттаннаш тайп-тайпан ролаш, царна йукъахь Поля («Мещанаш»), Анна («Бухахь»), Сандырева («Ирсе де»), Валя («Оьрсийн нах»), Данилова («Новкъахой»), Ефимчик («Дайн къоналла»), Надежда («Тоьпаца стаг»), Еремеевна («ЦӀодар»), Атуева («ГӀуллакх»), кхин а. Кузнецова Верин боккха лерам бора 1940—1950-гӀа шерашкахь театран коьртехь хиллачу режиссёраш Сушкевич Бориса а, Акимов Николайс а. Ленсовета театрера Кузнецован коьрта сценин накъостий бара Крюков Николай, Сушкевич Борис, Жжёнов Георгий, Петренко Алексей. Цуьнан сценин карьера йахйелира шовзткъе пхеа шере.
Кузнецован кинора хьалхара йоккха ролах хилира хилам — 1955 шарахь IX Дуьненайукъара кинофестивалехь Каннашкахь, цунах хилира, «Боккха доьзал» фильмехь, «Уггаре дика актёрийн ансамбль» номинацин лауреат, къинхьегаме доьзалан ЖурбингӀеран нена, Агафья Карповнин роль ловзайарна.
Амма дуьненахь къобал йинчу Кузнецован, советийн режиссёраш жигара ролаш ца йелира актрисина; цуьнан тоам бан бийзира кегийра ролех, суьрташкара эпизодех а.
Актрисин кинора амплуа — нана, денана, ненанана, йоккха стаг.
1933 - 1973 шерашкахь — Ленсовета цӀарах театран труппехь йу.
1973 - 1994 шерашкахь Кузнецовас болх бира «Ленфильман» штатера актриса.
ДӀайоьллина Даккхийохтински кешнашкахь, майрачун а, жимахчу кӀентан Кузнецов Юрий Анатольевичан (1945—1984) а улле.
Доьзал Нисйе
Ленинградехь Вера Андреевнин вевзира актёр Кузнецов Анатолий Иванович (1905—1954), 1927 шарахь мааре йахара, йехира цуьнца иза 1954 шарахь валлалц.
Церан ши кӀант вара — Всеволод а, Юрий а. Кузнецов Всеволод (1928—2003) вара актёр, цуо шовзткъе ворхӀ шарахь болх бира Ленинградан Йоккха драман театран сценин тӀехь, дукха кинош чохь ролаш ловзийна.
Къобалйар а, совгӀаташ а Нисйе
- 1955 — IX Дуьненайукъара кинофестивалехь Каннашкахь, «Боккха доьзал» фильмехь «Уггаре дика актёрийн ансамбль» номинацин лауреат
- 1960 — Минскера ЕКФ, «Ден цӀа» фильман диплом.
- 1965 — XVIII Дуьненайукъара кинофестивалехь Каннашкахь, «Дехаш Ӏара доккха стаг а, зуда а» фильмехь коьрта ролан башха совгӀан.
- 1976 — сийлахь цӀе РСФСР Хьакъ долу артист.
Фильмографи Нисйе
- 1950 — Камаьрша аьхке — Екатерина Матвеевна
- 1954 — Боккха доьзал — Агафья Карповна Журбина
- 1955 — Румянцеван гӀуллакх — деца Таня, Румянцевн лулахо
- 1956 — Бакъонан некъ — Мария Андреевна, Соболеван нана
- 1958 — Евгений Онегин — гӀопаллерниг (титршкахь йац)
- 1959 — Лукашра къовсам — Трофимова, Лизин нана
- 1959 — Ден цӀа — Наталья Авдеевна Буянова, Таня йина нана
- 1960 — Деза хьо, дахар — Ксения Григорьевна Корнеева, Тимофейн нана, хьехархо
- 1960 — Эсалниг — Лукерья
- 1962 — Хи дестар — Анна Гавриловна Пронина
- 1963 — Дерриг адамашна дуьсу — Анна Павловна Вязьмина, Алёшин нана
- 1964 — Дехаш Ӏара доккха стаг а, зуда а — Наталья Максимовна Гусакова
- 1966 — Ӏаьнан Ӏуьйре — деца Таня
- 1969 — И бехканза ловзарш — Антикваран нэцке йолу йоккха стаг (титршкахь йац)
- 1969 — Кхо буьйса бен йац — Любин нана
- 1970 — Эккхийтархой — Сергейн нана
- 1970 — Москохахула чекхволуш… — Клавдия Ивановна Емельянова, Ленин денана
- 1970 — Африканыч — Нюшин нана
- 1971 — Август бутт — Анна Матвеевна
- 1971 — Даурия — Авдотья Улыбина
- 1972 — Юлька — Юлькин денана
- 1972 — Ура! Тхан каникулаш ю! — Валерин денана
- 1972 — ЦӀе къарйар — Башкирцевн нана
- 1972 — Цхьа беха, беха некъ… — ЦӀерпошт тӀийра йоккха стаг
- 1972 — Хьежа хан йац — Хохлова
- 1972 — Билгалйина атом — поштан белхахо
- 1972 — Ижорийн батальон — деца Даша
- 1973 — Даиман кхайкхам — Глафира Дементьевна, дарбанцӀийнан белхахо, Кирьянан тӀехь Ӏуналла дира (14, 16, 17 сереш)
- 1973 — Тиша пенаш — Аннин нана
- 1973 — Ялсаманан Ӏежий
- 1973 — Десте — Екатерина Алексеевна, Шурин хьехархо
- 1973 — Кортик — Мария Гавриловна Терентьева
- 1974 — АгӀонаш боцу фронт — Мишин денана (титршкахь — Валентина Кузнецова)
- 1974 — Кешкех а, цуьнан доттагӀех а дийцарш — Анечкин денана
- 1974 — Цутнан кӀентийн зама — Гуляева, нана
- 1975 — Безаман гӀарбаш — Любовь Андреевна, Вознесенская Ольгин нана
- 1975 — Иэс — баба Поля
- 1976 — Дешийн мӀараш болу тухленаш — паччахьан баба
- 1976 — Ши капитан — Нина Капитоновна
- 1977 — Уьшал — Корнакова
- 1977 — Хьоменаш — Прасковья Ивановна Тарасова
- 1978 — ХӀорд — Степанова
- 1979 — Кхечу гӀала некъбар — Елена Францевна, Лина йехачу неӀрера гӀант тӀийра йоккха стаг
- 1979 — Чопа — Махонинан нана
- 1979 — Пани Мария — Раиса йаценко
- 1980 — ХӀора кхоалгӀа — Дроздова
- 1980 — Сан дахар — эскар — Серафима Петровна
- 1982 — Нагахь мостагӀа кара ца вагӀахь… — Устя Байда
- 1983 — Синтем боцуш тӀома вахар — Екатерина Павловна, Курлихинан стуннана
- 1984 — Лачкъор — Анна Васильевна
- 1984 — Дуьхьалонийн аса — Ольга Ивановна
- 1984 — Иванко а, паччахь Поганин а — Маричка, Иванкон нана
- 1987 — Безам баханчу басарчин туьйра — паччахьан кертара зуда
- 1987 — Даниил — эла Галицкий — сту Анна Галицкая, Даниилан нана
- 1989 — Европо вальс хелхар дира — элан йоӀ Вырубова
- 1990 — Боьранаш — Парамоновна (аз дина Виноградова Марияс)
- 1991 — Хояхар — Секлетина Карповна
Телеспектаклаш Нисйе
- 1967 — Доктор Солт дӀавоьду (телеспектакль) — Даффи
- 1968 — Дарцал хьалха (телеспектакль) — баба
- 1969 — Элий ГоловлёвгӀар (телеспектакль) — Улита
Аз дар Нисйе
- 1975 — Ишколан диреторан дневник — Ксения Николаевна (роль Горлова Татьянин; титршкахь йац)