Кузнецова, Мария Николаевна


Кузнецова-Бенуа Мария Николаевна (1880 3 август, Одесса1966 25 апрель, Париж) — оьрсийн операн йишлакхархо (сопрано) а, хелхарча а, 19051917 шерашкахь Мариински театран солистка. Дягилев Сергейн «Оьрсийн шеран заманаш» декъашхо.

Мария Кузнецова-Бенуа
Мария Николаевна Кузнецова
Maria Kuznetsova as Elsa in Lohengrin.jpg
Коьрта хаам
Йина терахь 1880 шеран 3 август({{padleft:1880|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1966 шеран 25 апрель({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Париж
Пачхьалкх
Говзаллаш оперин йишлакхархо
Эшаран аз сопрано
Жанраш классикан музыка
Коллективаш Мариински театр
Да: Николай
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь
Н. Д. Кузнецов «Исбаьхьалчин йоьӀан Кузнецова-Бенуа Мария Николаевнин», (1901), гата, даьттаПетарбухан театран а, музыкан а говзаллин музей.

БиографиНисъе

ГӀараваьллачу исбаьхьалчан академикан Н. Д. Кузнецовн йоӀ, биологан И. И. Мечниковн йишин йоӀ, хьалха динчу маренца — Бенуа Альберт Николаевичан нус, шолгӀа динчу маренца — Карепанова, кхоалгӀа марехь хилла Массне Альфредехь, промышленник, композиторан Массне Жюлан вешин кӀантехь, кӀента йоьӀа йоӀ публицистан а, серлончан а Л. Н. Неваховичан.

Бераллехь дуьйна кхиира говзаллин гергарчу атмосферехь, ден цӀахь хуьлура Чайковский Пётр. Доьшуш яра балетан ишколехь, цул тӀаьхьа дийшира йишлакхарна Петарбухехь, хьалха италихойн хьехархочуьнгахь Мартигахь, цул тӀаьхьа Тартаков Иоакимехь. 1917 шарахь дуьйна ехира Францехь. Операн сценин дебют хилира 1904 шарахь Петарбухехь (А. А. Церетелин антреприза). 19051915 а, 19161917 а шерашкахь Петарбухан Мариински театран солистка. Кхоьллина Оьрсийн долара опера Парижехь.

Дуьххьара мааре яхара Бенуа Альберт Альбертовиче (1879, Петарбух — 1930, Шанхай)[2]. Оцу марехь хилла кӀант: Бенуа Михаил Альбертович (1926 шеран 2 октябрь, Мальзерб)[3].

КхоллараллаНисъе

Дуьххьара лекхна Февронин парти Н. А. Римский-Корсаковн «Ца гучу гӀалех Китежех дийцар…» оперехь а, Клеопатран парти иштта цӀе йолчу Массне оперехь.

Уггаре дика операн партеш:

  • Антонида (М. Глинкан «Паччахьан хьалхара са дӀалур ду», 23.11.1906 И. В. Ершовца а, Ф. И. Шаляпинца а),
  • Людмила (М. Глинкан «Руслан а, Людмила а», 7.12.1908 а, 30.9.1911 а Ф. И. Шаляпинца),
  • Ольга (А. Даргомыжскийн «Хи-аьзни», 18.12.1906 Л. В. Собиновца а, Ф. И. Шаляпинца а),
  • Тамара (А. Рубинштейнан «Иблис», 30.12.1905, 26.1.1907, 18.12.1909 Ф. И. Шаляпинца),
  • Татьяна (П. Чайковскийн «Евгений Онегин»),
  • Купава (Н. Римский-Корсаковн «Лайн аьзни»),
  • Джульетта (Ш. Гунон «Ромео а, Джульетта а»),
  • Кармен (Ж. Бизен «Кармен» опера, емалчашна хетарехь, оьрсийн сценин тӀехь уггаре дикачех),
  • Манон Леско (Ж. Масснен «Манон»),
  • Таис (Ж. Масснен «Таис»),
  • Виолетта (Дж. Вердин «Травиата»),
  • Чио-Чио-сан (Дж. Пуччинин «Чио-Чио-сан»/«Мадам Баттерфляй»),
  • Эльза (Р. Вагнеран «Лоэнгрин»).

М. Н. Кузнецовас дукха концерташ хӀиттийна; 1918 шарахь Г. Поземковскийца цхьаьна сценин тӀехь хилла Швецехь. Йишлакхархочун камеран репертуарехь бара дозанал арахьара, оьрсийн, украинийн композиторийн кхолламаш, П. Чайковскийн а, С. В. Рахманиновн а романсаш, халкъан эшарш.

Кхин а хелхарча яра, дакъалецира С. Дягилевн «Оьрсийн шеран заманашкахь» («Иосифах лаьцна шира дийцар» цӀе йолу Р. Штраусан музыкаца (Josephslegende) яьккхина М. М. Фокинан балетехь Потифаран зуда, 1914). Эпизодашкахь дакъалоцура балетан спектаклашкахь: Петарбухехь а, Москохахь а. 1920-гӀа шерашкахь Парижехь а, Лондонехь а дира испанхойн хелхарийн синкъерамаш (халхаелира ша-шена аккомпанемент еш кастаньеташ тӀехь, и синкъерамаш боккха аьттонца дӀадаьхьира; духар тийгира Л. Бакстан бустамашца).

Сцена йитина, яха хиира Барселоне, цигахь бира хьехархойн болх, меттигерачу оперехь музыкан хьехамча а яра. ТӀаьхьара шерашкахь ехира Парижехь.

БилгалдахаршНисъе

  1. (unspecified title) — 1808.
  2. Акварелист, сын архитектора Альберта Николаевича Бенуа. В 1901—1903 учился на архитектурном отделении ИАХ. Участвовал в выставках Общества русских акварелистов (с 1903). Путешествовал в Скандинавию, в Альпы, на русский Север. С 1917 года в эмиграции, с женой.
  3. Дом-музей Марины Цветаевой — РОССИЙСКОЕ ЗАРУБЕЖЬЕ ВО ФРАНЦИИ

ЛитератураНисъе

  • П. Кр. М. Н. Кузнецова и Л. Кавальери. — СПб.: изд. М. О. Вольфа, 1910;
  • Колосов Н. М. Н. Кузнецова в испанских танцах // Театр и жизнь (Берлин). — 1922. — № 8:
  • Старк Э. (Зигфрид). Петербургская опера и её мастера. 1890—1910. — Л.; М., 1940. — С. 54—60;
  • Похитонов Д. И. Из прошлого русской оперы. — Л., 1949. — С. 165—166;
  • Оссовский А. В. Музыкально-критические статьи. (1894—1912). — Л., 1971. — С. 92, 93, 118;
  • Коломийцев В. Статьи и письма. — Л., 1971. — С. 176, 177, 179;
  • Гозенпуд А. А. Русский оперный театр между двух революций. 1905—1917. — Л., 1975. — С. 182, 306;
  • Стравинский И. Диалоги. — Л.: Музыка. 1971. — С. 62;
  • Руденко В. Кузнецова Мария Николаевна // Русское Зарубежье. Золотая книга эмиграции. Первая треть XX века. Энциклопедический биографический словарь. — М.: РОССПЭН, 1997. — С. 317—320;
  • Кузнецова А. С. Мария Николаевна Кузнецова. — М.: Музыка, 1962.

ХьажоргашНисъе