Кузнецова, Мария Павловна
Кузнецова (Абрамова) Мария Павловна (1924—2003) — текстилан суьртан исбаьхьалча, РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо 1948 шарахь дуьйна, РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀатан лауреат (1975).
Кузнецова Мария Павловна | |||
---|---|---|---|
![]() Студийн сурт 1950-гӀа шерашкара | |||
Йина терахь | 1924 шеран 22 июнь | ||
Йина меттиг |
Судиславль, Костроман губерни, РСФСР, ССРС |
||
Кхелхина терахь | 2003 шеран 6 апрель (78 шо) | ||
Гражданалла: |
![]() ![]() |
||
СовгӀаташ: |
|
||
Премеш: | РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀат — 1975 шеран |
Биографи нисйе бӀаьра
Мария Павловна йина 1924 шеран 22 июлехь жимачу гӀалахь Судиславлехь (хӀинца Костроман область) совдегархочун Абрамовн тӀаьхьенах волчун доьзалехь. 1930 шарахь доьзал кхелхира Кинешма гӀала.
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болалуш Мария Павловнин 17 шо дара. Иза балха йахара фабрике, фронтан рицкъ латторхьама. ТӀом чекхбаьлча кхелхира Иваново гӀала.
1946 шарахь «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидалца совгӀат дира.
1950 шарахь мааре йахара Кузнецов Михаил Филипповиче (агаран пхьар, ССКП декъашхо). Церан ши кӀант хилира.
Мария Павловна йелла 2003 шеран 6 апрелехь.
Дешар а, гӀуллакх а нисйе бӀаьра
Чекхйаьккхира Ивановон Химик-Технологин техникум говзаллица исбаьхьалча-прикладник, цул тӀаьхьа болх бан йолайелира Н. А. Жиделёвн цӀарах текстилан фабрикехь говзаллица текстилан суьртан исбаьхьалча.
1948 шарахь дуьйна Кузнецова Мария Павловна — РСФСР Исбаьхьалчин бертан Ивановн кхолламан декъашхо.
Шен болх бахьнехь иза махкахула кхоллараллин командировкашкахула дукха лелара, царна йукъахь ССРС хилла республикашка а (Балтикайистан а, Узбекистанан а, кхин а).
Цуьнан кӀадеш тӀиера оригиналан суьрташна дукха хьолахь лакхара мах лора исбаьхьаллин кхеташонашкахь.
СовгӀаташ нисйе бӀаьра
- РСФСР Пачхьалкхан И. Е. Репинан цӀарах совгӀат (1975) — Ивановн областан текстилан фабрикашкахь, шортта арахеца, лакхара исбаьхьаллин керлачу кепийн кӀадеш дарна.
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал (1946)
- «Къинхьегаман ветеран» мидал (1980)
Хьосташ нисйе бӀаьра
- Сайт Артру.инфо(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 15 декабрехь. Теллина 2013 шеран 18 майхь.