Кузнецо́ва Нине́ль Фёдоровна (1927 шеран 9 декабрь, Ташкент2010 шеран 27 ноябрь, Москох) — советийн а, российн а Ӏилманча-юрист, криминолог, юридически Ӏилманийн доктор, профессор, Ӏилманан областера ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреат (1984), РСФСР хакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо, МПУ хакъ долу профессор.

Кузнецова Нинель Фёдоровна
Йина терахь 1927 шеран 9 декабрь({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:9|2|0}})
Йина меттиг Ташкент, ССРС
Кхелхина терахь 2010 шеран 27 ноябрь({{padleft:2010|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (82 шо)
Кхелхина меттиг Москох, Росси
Пачхьалкх  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа юрист
Ӏилманан кхоче юриспруденци, криминологи
Белхан меттиг МПУ
Альма-матер МПУ (1950)
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор (1968)
Ӏилманан цӀе профессор (1971)
Ӏилманан куьйгалхо А. Н. Трайнин
СовгӀаташ а, премеш а
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1984

Н. Ф. Кузнецова йина тӀеман пилотан доьзалехь.

1943—1945 шерашкахь, ишколера дешар а ца дуьтуш, телеграфист йара ТӀеман-хӀаваан ницкъийн штабехь, хьалха Йуккъера-Азин, ткъа тӀаьхьа — Къилба-Уралан тӀеман гуон. Цуьнан болх билгалбаьккхира «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидалца[1].
1945 шарахь дешин мидалца чекйаьккхира Чкалов гӀалан № 12 йолу йуккъера ишкол, экзаменаш а ца луш деша хӀоьттира МПУ юридически факультете. 1950 шарахь лакхара юридически дешар долуш, дӀахӀоьттира аспирантуре. 1953 шарахь чекхдаьккхира кандидатан диссертаци. Диссертацин тема йара «Зулам кечдарах а, гӀортарах а жоьпалла». 1968 шарахь дира докторан диссертаци, тема йара «Зулам а, зуламалла а».
Лаьттина даймехкан криминологин хьостехь. 1984 шарахь 5 Ӏилманчийн тобанехь делира ССРС Пачхьалкхан совгӀат советийн криминологин теоретикан бух кечбарна.

Хьеха йолайелира 1953 шарахь дуьйна. Болх бира ассистент, доцент, профессор, М. В. Ломоносовн цӀарах МПУн юридически факультетан зуламан бакъон а, криминологин а кафедран куьйгалхо. Криминологехь харц Ӏилма дина, ца магийна, 30 шеран муьрехь охьатаӀийна латтийна талламан область, 1964 шарахь нисса Н. Ф. Кузнецовас кечйира, карлайаьккхира юридически факультетехь криминологин лекцийн курс.

1985 - 1999 шерашкахь Н. Ф. Кузнецова куьйгаллехь йара зуламан бакъонан а, криминологин а кафедран, еххачу хенахь лаьттира МПУн юридически факультетан Ӏилманан кхеташонан декъашхо, масех докторан а, кандидатийн а диссертацийн диссертацин кхеташонан декъашхо. Доккха дакъа лаьцна даймехкан юридически Ӏилма кхиорехь, кечбина 5 доктор а, 30 сов Ӏилманийн кандидат а.

Дакъа лаьцна зуламан законодательство кечдарехь (ССР Союзан а, союзан республикийн а Зуламан законодательствон а, РСФСР Зуламан кодексан а, цхьа могӀа законийн а бух). 1990—1996 шерашкахь жигара дакъа лецира хийцамаш беш зуламан законодательствехь. Российн Федерацин Федералан Гуламан Пачхьалкхан Думан керла Российн Зуламан кодексан проект кечйаран комиссин декъашхо йолуш, доккха дакъа лецира иза 1996 шарахь тӀе ма-эццар кечйеш. ТӀаьхьарчу хене кхаччалц Н. Ф. Кузнецован Ӏилманан ойланийн сферан йукъайогӀура зуламан бакъон йукъара декъан проблематика, зуламийн къовсаме квалификацеш, дуьненайукъара зуламан бакъонан баланаш, дозанал арахьара зуламан законодательство.

250 сов Ӏилманан белхан автор, царна йукъахь — монографеш «Зуламан тӀаьхьенан маьӀнаш» (1958), «Зулам дан кечдаларах а, зулам дан гӀортарах а жоьпалла советийн зуламан бакъонца» (1958), «Зуламан бакъо а, мораль а» (1967), «Зулам а, зуламалла а» (1969), «Москох гӀ. зуламаллин дустаран криминологин таллам» (1971), «Керла заманан буржуазин криминологи» (1978), «Керла заманан зуламан бакъо ФРГ» (1981), «Криминологин детерминацин баланаш» (1984), «Зулам а, таӀзар а Ингалсехь, Францехь, ФРГхь» (1986), «АЦШ керла заманан зуламан бакъо» (1986), «Японин керла заманан зуламан бакъо» (1986), «Хаьржина къинхьегамаш» (2003), кхин а. Дуккха а жайнин, зуламан бакъонан а, криминалогин а курсийн, зуламан кодексан комментарийн соавтор а, жоьпаллин редактор а йу.

15 шеран дохаллехь хаьржира Москох гӀалан халкъан депутатийн кӀоштан Советан депутат , 15 шарахь — Москох гӀалан шина кӀоштан суьдан халкъан векал.

1996 шарахь йукъайахийтира Российн Федерацин Лакхара Суьдан Ӏилманан-консультацин кхеташонан декъа[2]. Российн юридически дешаран лакхара дешаран меттигийн Ӏилманан-методикан цхьаьнакхетараллин зуламан бакъонан а, криминологин а секцин сийлахь председатель хилла. 1995 шарахь дуьйна — МПУ хьакъ долу профессор.
Къинхьегаман ветеран, МПУн юридически факультетан ветеранийн кхеташонан йукъахь йара.

2010 шеран 27 ноябрехь ехха цамгар лайна Н. Ф. Кузнецова кхелхира 82 шо долуш. Нинель Фёдоровнас йитина йоккха Ӏилманан тӀаьхье, кхиийна дуккха а чкъоьрнаш даймехкан а, дозанал арахьара юристийн — зуламан бакъонан а, криминологин а областера говзанчийн.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Крылова Н. Е. Преподаватель живёт в своих учениках… (воспоминания) Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  2. Верховный Суд Российской Федерации. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 5 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 19 ноябрехь

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан