Кузнецова, Христина Анатольевна



Кузнецова Ти́на, йуьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна (1982 16 августехь, Казань) — российн йишлакхархо, композитор, аранжировщик. Музыкин проекташ Zventa Sventana, My-Ti кхоьллинарг а, вокалхо а (Усачёв Юрийца цхьаьна («ТӀейогӀур йолчу заманара хьеший»). Хьалхара канал тӀиера «Аз» (2-гӀа шо) телевизионан проектан финалхо Пелагеян командехь. Йеха Москохахь.

Кузнецова Ти́на
Коьрта хаам
Йуьззина цӀе Кузнецова Христина Анатольевна
Йина терахь 1982 шеран 16 август({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзаллаш йишлакхархо, композитор, аранжировщик
Пондарш фортепиано, Ӏад хьокху пондар, калюка, кугиклаш
Жанраш джаз, фанк, фьюжн, эйсид-джаз, поп, оьрсийн фольклор, рок
Коллективаш Zventa Sventana, My-Ti, Project С4
Лейблаш Музыка са чуозар
http://www.tinamusic.ru

Доьзал нисйе бӀаьра

Да — Кузнецов Анатолий Гаврилович, вина 1943 шарахь ГӀАССР Октябрьски кӀоштара Нурлат поселкехь. Чекхйаьккхира МФТИ. Физик, хьуьнарча.

Нана — Кузнецова Елена Борисовна (ден фамили Коваленко) йина 1947 шарахь Николаев гӀалахь, УССР. 1972 шарахь чекхйаьккхира Казанан Пачхьалкхан Консерваторин «пианистка» говзаллица. Болх бира Н. Рахлинан урхаллин оркестрехь концертмейстер, КПК ССМШ йукъара фортепианон хьехархо, Казанан № 8 йолу БМИ фортепианон хьехархо.

Цуьнан дас нан йалийра 1974 шарахь Зеленодольск гӀалахь. 1980 шарахь кхелхира Казане. Тина жимаха долу берд у доьзалехь. Цуьнан воккхаха волу ваша ву Кирилл, йиша а йу Мария.

Биографи нисйе бӀаьра

Пондар тӀе Тина йуьйлира 4 шо долуш[1]. Нанас ша Ӏамайора йоӀ музыке. 6 шо долуш дуьйна Тина доьшуш йара музыкин ишколехь, иза чекхйаьккхира фортепианон классехь, ткъа 7 шерах 5 шарахь Ӏамийра кхин а Ӏад хьокху пондар. Кхин а дийшира Казань гӀалан фольклоран-этнографин «Оберег» (ХӀайкал) студехь.

1997 шарахь деша хӀоьттира Казанан музыкин доьшийле фортепианон классе, йара йаккхий пианисткан перспективаш[2]. Кхин дӀа деша Нидерландашка кхалха кечъеллера. Амма, джаз езаелла, атта боцу харжам бира, II курсера дехьйелира джазан-эстрадан декъе джазан фортепианон классе, хьехархо А. Маклыгин волчу. Оццу хенахь, 1999 шарахь дуьйна, Тина аьттонца Ӏамош йу вокал, цуо сихха деира цунна масех лакхара совгӀат республикин а, йерригроссийн а къовсамашкахь, уггаре ладамениг царех хилира 2000 шеран Петарбух гӀалара «Невская Лира» къовсаман Гран-при.

Тинас йишлакхархочун карьера йолийра «Аз 2» проектехь дакъа лацале дуккха а хьалха. Сих-сиха Москох эхаро лаам бира кхин дӀа кхиа нисса оцу музыкин хьолехь. Коьрта шахьрахь махкахо пианист Гатауллин Ренат а вевзий, Тинас цуьнца дуэт йо, дукха хан йаллале дакъа лоцу фестивалехь «Сийна олхазар» джаз-клубехь, цунна цигахь йуха а ло уггаре дика джазан вокалан Гран-при. Жюрин декъашхой — А. Кролл, И. Бриль, А. Грин, Ю. Саульский. Нисса Саульский Юрийн гӀоьнца, Тина дехьайолу (бюджетан бух тӀехь) Пачхьалкхан музыкин эстрадан-джазан говзаллин ГнесингӀеран цӀарах доьшийле (ПМЭДГД) III курсе, говзалла «Эстрадан-джазан вокал» йолуш[3].

Тинин цул тӀаьхьара боккха болам хилира 2006 шарахь шен Проект «Zventa Sventana» кхоллар[4], иза оьрсийн аутентични фольклоран бух тӀехь йу. Шен башха некъ каро лууш, 2004 шарахь иза йахара «Российн оьздангаллин денош Таиландехь» фестивале. Цигахь ша гайтира солон йишлакхархо санна а, С. Старостинан[5], В. Волковн, А. Герасимовн трио йукъахь[6] (r.i.p.). Москох цӀайирзина, «Дом» (ЦӀа) клубехь хилла «Российн фольклор» фестивалехь евзира Романова Алёна, цуьнан вокалан а, лакхаран а говзаллин мах хадийна, кхайкхира шен Проекте[7]. Тобан саунд-продюсер хилира Усачёв Юрий. 2006-гӀа шеран бӀаьста къевлина «PLAYBOY OLMECA CLUB» синкъерамехь «Zventa Sventana» гайтар лерира аьттонца болу болам. Алёница цхьаьна Тинас масийттаза экспедицеш йира Российн центран эвланашкахула, цигахь цара хаьржира шен хьалхарчу 2006 шарахь арайаьллачу «Бала хьегар» альбоман гӀирс[8]. Цунна чуйахара лирикан эшарш, забарен байташ, аганан иллеш, синмехаллин байташ[9].

Фестивалаш а, тайп-тайпан гӀуллакхаш а нисйе бӀаьра

  • 2004 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2006 — Фестиваль «Ethnoland»
  • 2008 — «Къоман Москох»
  • 2007 — Фестиваль «jazzQ», Петарбух гӀ.
  • 2008 — Фестиваль «zajazz», Харьков гӀ.
  • 2007 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Loungefest», Архангельскан керт
  • 2008 — «Moscow Fashion week»
  • 2008 — «Мy-Ti» проектан презентаци, «16 тонн»клуб, Москох гӀ.
  • 2009 — «Российн де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Малхбален Европин Рок-Джаз фестиваль, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2009 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2009 — KremlinLIVE-1, г. Казань
  • 2010 — Опера «Bobble», Bobby M’cFerrin перформанс[10]
  • 2010 — Фестиваль «Керт Jazz», «tina kuznetsova project», Архангельскан керт
  • 2010 — Фестиваль LadyInJazz, клуб Jagger, Петарбух гӀ.[11]
  • 2011 — Будапешт гӀалара Дуьненайукъара джазан фестиваль, Мажаройчоь
  • 2012 — Фестиваль «Масленица», Лондон гӀ., Йоккха Британия
  • 2013 — Джазан фестиваль, Тракай гӀ., Литва
  • 2013 — «Динан музыка» цӀе йолу Дуьненайукъара синмехаллин музыкин фестиваль, Казань гӀ.
  • 2013, август-декабрь — Хьалхара канал тӀиера Проект «Аз-2», финалхо
  • 2014, 19.02 — Солон концерт «16 тонн» клубехь, Москва гӀ.[12]
  • 2014, 06.04 — КРК «Пирамидехь» солон концерт, Казань гӀ.[13][14]

Диканаш даран гӀуллакхаш нисйе бӀаьра

  • 2007 — «Москохан экологи»
  • 2007 — Композиторийн цӀийнан Дуьненайукъара джазан фестиваль
  • 2007 — «Бала хьегар» альбоман презентаци, Москох гӀ., клуб «16 тонн»
  • 2007 — «Roza mira 2007» vinzavod
  • 2007 — «Са чуозар»
  • 2007 — Йоко Оно ярна сийдеш хӀоттийна концерт, Москох гӀ.
  • 2008 — Russian act N4, Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — Музейшан буьйса
  • 2008 — «Roza mira 2008» РАКТ
  • 2008 — «Са чуозар»
  • 2008 — «ХӀокху заманан говзаллин де», Лондон гӀ., Йоккха Британи
  • 2008 — С. Кляйна суьртийн гайтам дӀабелларна а, Мадонна ярна а лерина концерташ, Москох гӀ.
  • 2008 — Сэр лорд Фостер Норман варна лерина концерт
  • 2012 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2013 — «Подари жизнь» (Дахар ло) фондан диканаш даран концерташ
  • 2014 — «Доьзал — дахаран хьост» гӀуллакхан гуран чохь концерт, «Метрополь» отель, Москох гӀ.
  • 2014 — «Музыкин буьйса», Москох гӀ.[15]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Сергей Бирюков. Тина Кузнецова: Будь искреннее - и слушатели пойдут за тобой. Газета «Труд» (№039 20.03.2013).
  2. Мария Максимова. Казанские педагоги о секрете успеха Тины Кузнецовой. Газета «Аргументы и факты» (2013 шеран 11 декабрь).
  3. Егор Арефьев. Участница проекта «Голос» Тина Кузнецова: Сувенир для Пелагеи йа несла три года. Газета «Комсомольская правда» (2013 шеран 10 декабрь).
  4. Блог о Zventa Sventana с историей группы и репортажами с концертов.
  5. Елена Боброва. «Главное, чтобы не было фальши». Газета «Невское время» (2014 шеран 17 апрель).
  6. Архив афиши «Волков-трио» за 2004 г.
  7. Zventa Sventana. Настоящее прошлого. Портал «Мидгард-Инфо» (2013 шеран 5 декабрь).
  8. Группа Zventa Sventana (Звента Свентана). Сайт «Русская народная песня. Ой вы, кумушки...».
  9. Группа «Zventa Sventana». Телеканал 100 ТВ, программа «100Процентный звук» (2009 шеран 16 апрель). ТӀекхочу дата: 2014 шеран 21 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 24 октябрехь
  10. Бобби Макферрин представит в Москве оперу-импровизацию. Интернет-издание Lenta.ru (19.21.2010).
  11. Zventa-Sventana на Третьем Фестивале LADY IN JAZZ в Клубе Jagger, Санкт-Петербург (2010 шеран 11 апрель).
  12. Тина Кузнецова дала первый сольный концерт после «Голоса». Сайт 7days.ru (2014 шеран 20 февраль).
  13. Алия Шарафутдинова. Тина Кузнецова в Казани: финалистка «Голоса» о детстве, вере и фольклоре. Газета «Аргументы и факты» (2014 шеран 8 апрель).
  14. Юрий Усачев о своей жене: «По-татарски Тина меня говорить еще не научила». Портал ProKazan.ru (2014 шеран 6 апрель).
  15. В московской акции «Ночь музыки» примут участие выпускники телешоу «Голос». Интернет-издание Lenta.ru (2014 шеран 30 сентябрь).