Кузнецова-Новолейник, Домникия Иларионовна
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна (1886—1962) — оьрсийн авиатор, дуьххьарлера[1] (диплом доцу) зуда-пилот.
Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | Авиатор |
Йина терахь | 1886 |
Йина меттиг | Российн импери |
Кхелхина терахь | 1962 |
Кхелхина меттиг | Кисловодск ССРС |
Гражданалла |
Российн импери ССРС |
Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна Викилармехь |
Инженеран, Российн пилот-авиаторан, тӀаьхьа авиацин инструктор хилла волчу Кузнецов Павел Андриановичан (1875—1963) зуда.
Домникия Иларионовна майрачуьнца цхьаьна марзйелира авиацега: тӀома лелар кардерзоран лекцеш кечйеш дакъа лоцура, дика девзаш йара тӀома леларан техникин гӀуллакхаш. Амма тӀома леларан хаарш дисира Домникия Иларионовнин теори хилла. Зудчуьнгахь а, майрачуьнгахь а цхьа меттиг болу кема бен дацара, иза бахьнехь инженеран Кузнецовн аьтту бацара зуда тӀома леларан практике Ӏамо.
1911 шеран майхь, Петарбухехь ШолгӀа дуьненайукъара авиацин кӀира долуш, Домникия Иларионовна гӀоьртира ша хӀаваэ хьала йала шайн доларчу кеманахь «Блерио-XI». Амма цуьнга нийсалла ца латтайелира, аэроплан лаьттара айба а йелла, хьевзина, охьайуьйжира лаьттан тӀе.
Кузнецован шена башха хӀума ца хилира, амма кхин тӀема йала цуьнан лаам ца хилира. Таккха а, Петарбухан «Вестник воздухоплавания» (ХӀаваа леларан хаамча) журнало (1911 шеран № 9) олу Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовнех «Дуьххьарлера оьрсийн зуда-авиатор».
1911 шеран 5 июнехь «Петарбухан газето» зорба туьйхира майрачу йоьӀан суьртан. Суьртан тӀиера йозано бохура: «Дуьххьарлера оьрсийн зуда авиатор — Кузнецова-Новолейник Домникия Иларионовна».
Доьзал
бӀаьра нисйанКузнецовгӀеран доьзалан деха а, ирсе а дахар хилира. Павел Андриановича дӀадаьхьира шен авиацин гӀуллакх. 1912 шарахь Владивостокехь ладаме бохам хиллачул тӀаьхьа — дехха дарба а лелийна йитира шен авиацин карьера. Авиатор вирзира шен хьалхалерачу гӀишлошйархочун говзалле.
Домникия Иларионовна йахара театран говзалле. Актрисин карьера дикка аьтту болуш хилира. Режиссёран ролехь а хьаьжира иза болх бан.
Ирсе доьзал баха хиира Кисловодскехь. Дуьххьарлера Российн зуда-авиатор йелира 1962 шарахь Кисловодскехь, 76 шо хан йолуш.[1]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Первая авиатор