Кулатов, Торобай Кулатович
Кулатов Турабай Кулатович (28 декабрь 1907 [10 январь 1908], Российн импери, Ферганан область, Кхызыл-Булак эвла — 1984, ГӀиргӀазойн ССР, Фрунзе) — советийн пачхьалкхан а, партин а гӀуллакххо, ГӀиргӀазойн ССР Лакхара Кхеташонан Президиума председатель (1945—1978). ГӀиргӀазойн Республикин Турпалхо (2019, веллачул тӀаьхьа).
Кулатов Торобай Кулатович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
кӀиргӀ. Төрөбай Кулатович Кулатов | |||||||
![]() | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Ребров Иван Павлович, д.кх. | ||||||
Когаметтаниг | Раззаков Исхьакъ Раззакович | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Токобаев МолдоӀази | ||||||
Когаметтаниг | Ибраимов Султан Ибраимович | ||||||
Вина терахь | 1908 шеран 10 (23) январь | ||||||
Вина меттиг | Российн импери, Ферганан область, Кхызыл-Булак эвла, (хӀинца ГӀиргӀазойн Республика, Ошан область, Ноокатан кӀошт). | ||||||
Кхелхина терахь | 1984 шеран 19 февраль (76 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | ГӀиргӀазойн ССР Фрунзе, | ||||||
Парти | ЕКП(б) (1932 шарахь дуьйна) | ||||||
Дешар | |||||||
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина къиенчу ахархочун доьзалехь.
1961 шарахь чекхйаьккхира ССКП ЦК Лакхара партин ишкол.
Белхан некъ болийра йалхочун тӀера.
1926 шарахь — цӀерпоштнекъан белхало, киранча, Кхизил-Кия шахтан маьӀданхо.
1934 шарахь дуьйна — шахтехь маьӀдан комитетан председатель.
1938 шарахь — Кхизил-Киян гӀалин кхеташонан кхочушдаран комитетан председателан гӀовс, цул тӀаьхьа «ГӀиргӀазойкӀора» трестан директоран гӀовс.
1938—45 шерашкахь — ГӀиргӀазойн ССР ХККх председатель.
1945—1978 шерашкахь — ГӀиргӀазойн ССР Лакхара Кхеташонан Президиуман председатель, 1946 шарахь дуьйна — ССРС Лакхара Кхеташонан Президиуман председателан гӀовс.
ЕКП(б) декъахо 1932 шарахь дуьйна. 1939—1981 шерашкахь ССКП Центран ревизин комиссин декъахо. ССРС Лакхара Кхеташонан 1—8-гӀа кхайкхаман депутат.
1978 шарахь дуьйна пенсехь.
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а
бӀаьра нисйан- ГӀиргӀазойн Республикин Турпалхо башха седа «Акх-Шумкар» баларца (2019 шеран 28 августехь, веллачул тӀаьхьа) — пачхьалкхан а, ГӀиргӀазойчоьнан халкъан а хьалха тӀехдика гӀуллакхаш дарна а, даймохк безарна а, цунна муьтӀахь хиларна а[1]
- 5 Ленинан Орден
- Октябран Революцин орден
- 4 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (царна йукъахь 09.01.1968)
- мидалш
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьосташ
бӀаьра нисйан- [www.diclib.com/cgi-bin/d1.cgi?l=ru&base=bse&page=showid&id=36416]
- Биография Т. Кулатова
- Ордена Т. Кулатова