Кульман гергара тӀом
Кульман гергара тӀом — 1813 шеран 29—30 августехь оьрсийн-пруссийн-австрийн эскарша французийн инарла Вандам коьртехь волу корпус Богемера (хӀинца Чехи) Кульмехь хӀаллак яр.
Кульман гергара тӀом | |||
---|---|---|---|
Коьрта конфликт: ЯлхалгӀа коалицин тӀом | |||
Терахь | 29—30 август 1813 (керла терахь) | ||
Меттиг | Кульмcecs, Богеми | ||
ЖамӀ | Бартхойн толам | ||
МостагӀий | |||
|
|||
БӀаьччаш | |||
|
|||
Массон ницкъаш | |||
|
|||
Белларш | |||
|
|||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ТӀом шина дийнахь лаьттира. Хьалхарчу дийнахь, 29 августехь, граф Остерман-Толстой коьртехь волу оьрсийн гвардис сацийра боккха шайн эшам хуьлуш кхузза сов болу Вандаман корпусан французийн ницкъаш. ШолгӀачу дийнахь, 30 августехь, инарла Вандама французийн корпусан гуо лаьцна бартхойн эскарша, тӀаккха карабаха дезна церан.
Историн хьалхе
бӀаьра нисйан1812 шеран оьрсийн кампанехь французийн эскар хӀаллакдинчул тӀаьхьа Наполеонан дуьхьала кхоллаелира бартхойн 6-гӀа коалиции: Росси, Прусси, Австри, Швеци, кхин пачхьалкхаш. Оцу пачхьалкхийн эскарш Наполеонан тӀелетира кхаа доккхачу эскарца (Богеман - къилбехьа, Силезан - малхбалехьа, Къилбаседан - къилбаседехьа), уггаре доккха царех дара баьчча австрийн фельдмаршал Шварценберг волу Богеман эскар (230 эз. сов, 670 йоккха топ). Цунна юкъадоьдура юьххьехь Барклая-де-Толли волу оьрсийн-пруссийн эскар (120 эз., 400 йоккха топ), амма цигахь Барклай а, Шварценберг а ларвеш омарш деш вара паччахь Александр I-ра.
1813 шеран 27 августехь Наполеона эшам бина Богеман эскарна Саксонерачу Дрезденехь, башха баккхий эшамаш хидира австрихошна. Дохийна бартхойн эскарш, 25 эз. гергга салтий а, 40 йоккха топ а эшам хилла, юхаюовлуш бара кхаа тобанца Дрезденера къилбехьа, МаьӀданийн лаьмнийн чӀожашкахула Богемин агӀора (хӀинца Чехи). Шварценберган Ӏалашо яра Венан агӀо дӀакъовлар. Австрихой боьлхура новкъа Фрайберг чухула (малхбуза некъ), бартхойн шолгӀа тоба йоьдура уггаре боцучу новкъа Диппольдисвальдехула а, Альтенбергхула а (юккъера некъ). КхоалгӀачу тобан оьрсийн эскаран яздинера юхабовла малхбален новкъа Пирна чухула (Эльбан йистехула), амма Пирнан къилбехьахула Кёнигштейн кӀоштахь эрках девлла, царна тӀекхиира французийн дакъош. Цундела Барклайс сацам бира Теплиц тӀе даха Диппольдисвальдехула а, Альтенбергехула а. МаьӀданийн лаьмнашкахула Теплице боьдучу новкъа оьрсийн эскаран арьергардехь юхайолуш яра Витгенштейнан корпус.
Бартхошна лаьмнийн чӀажжашкахула юхабовла некъ ца битархьама, Наполеона 27 августехь хьевзинчу новкъа аьрру агӀор Теплиц гӀала (Богеми) хьажийнера инарла Вандаман 1-ра эскаран корпус, цунна гӀо дан дезаш яра маршалийн Сен-Сиран а, Мармонан а корпусаш. Вандаман корпусан (32—35 эз.) новкъа Кульм меттигехь, Дрезденан 40 км къилбехьа, нисъелира баьччаллехь граф Остерман-Толстой волу 10 эзар йолу тоба.
Нагахь хӀоттийна Ӏалашо Вандама аьттонца чекхъяьккхинехьара бартхошна кхераме хьал хӀуттура тӀеман а, политикин а агӀора. ТӀеман агӀора, нагахь Вандаман корпус Теплице кхачахь, цуьнга дӀахадалора МаьӀданан лаьмнашкара готта некъ, тӀаккха Богеман эскарна (цуьнца бара оьрсийн император а, Пруссин паччахь а), гуо лоцура, дерриг хӀаллак а дийр дара. Ткъа политикин агӀора Дрезденера эшам бахьнехь Австри кийча яра коалицин йукъара яла, Меттерних кечвеллера французашца барт бан шен векалш бахийта; кхин цхьа боккха эшам хилахь 6-гӀа французашна дуьхьалара коалици йоха тарлора[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Бартошевич В. В. Из истории Кульмского креста