Куц-аьзни — сурсаташна (масала, модан духар) реклама ярхьама уьш гойтуш йолу зуда. Церан куьцан, дегӀан, хенан цхьацца бехкамаш хуьлу[1][2]. Уггаре баьржина куц-аьзнин тайпа ду керла духар гойтуш берш а, фотокуц-аьнеш а (журналашна а, газеташна а, рекламан а суьрташ дохуьйтурш)[1][3].

Куц-аьзнин суьрташ дохуш
Куц-аьзни подиум тӀехь

Боцца хаамаш

бӀаьра нисйан

Подиуман куц-аьзний хила беза лекха, нийса дегӀ долуш, коьрта фактор ю хазалла[1]. Фотокуц-аьхнешна ладам ею хазалла, церан суьрташ хуьлу божарийн журналаш тӀехь[1]. Куц-аьзни 1,72 метрал лоха хила йиш йац; цуьнан цӀена чкъор хила деза, дика куьйгаш, мӀараш, цергаш, могаш месаш, тӀехь бӀаьрг соцуш юьхьан аматаш[3].

И говзалла Ӏамош леррина ишколаш хуьлу[3].

Йоккха Британехь (2016 шеран хьолехь) духарийн каталогашна суьрташ дохуш куц-аьзнин алапа хуьлу 50-60 стерлинган фунт денна, уггаре лакхара алапаш долу куц-аьзнешна кхочу 600—1000 фунт дийнахь; модан цӀа чохь бечу балхо 10-40 эзар фунт дахьа шарахь[3]. Куц-аьзнин болх лохуш волчу куц-аьзнин агента дӀаэца таро ю 20 % куц-аьзнин алапех ша бинчу белхана[3].

Емалхоша дуьйцу, модан журналаш тӀехь гайтина Ӏаламца догӀуш доцу куц-аьзнийн гӀийла догӀмаш, кегийрачу зударшна лелалур боцу бехкамаш бо, тӀаккха церан а, зудаберийн а юурган раж юхий цомгуш хуьлу[1]. Цул сов, емалхойн ойланашца, куц-аьзнийн журналаш тӀиера суьрташ чӀогӀа редакци йой хуьлу компьютеран графикца, юккъерачу зудчунна оццалла хазалле ша кхочур йац моьттуьйтуш. Ткъа дахарехь цхьа а ца хуьлу журналан суьрта тӀехь санна, куц-аьзнеш шешша а[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Азархи С. В. Модные люди: к истории художественных жестов нашего времени. — Санкт-Петербург: Изд-во Ивана Лимбаха, 2012. — 373 с. — ISBN 978-5-89059-175-3
  • Демонстрация одежды и тканей на манекенщицах / Центросоюз. Главкоопторгреклама. — Москва: 1971. — 43 с.
  • Ермилова Д. Ю. История домов моды. — 2-е изд. — М. : Academia, 2004 (ГУП Сарат. полигр. комб.). — 287 с. — (Высшее образование).; ISBN 5-7695-1064-1
  • Старикова Ю. А. История и индустрия моды. — Москва: А-Приор, 2009. — 126 с. — ISBN 978-5-384-00243-7
  • Хейнен Рената. Модель: Советы будущим манекенщицам. — М.: ННН, 1997. — 109 с. — ISBN 5-87927-041-6