КъБА рогӀера чемпионатан буьрка схьаэцарехь лидерийн исписка
Къоман баскетболан ассоциацис ло, цхьаьна ловзарехь йуккъера барам уггаре дукха буьрка схьаэцначу ловзархочун рогӀера чемпионатан буьрка схьаэцарехь лидеран титул.
Баскетболехь «буьрка схьаэцар» — ловзаран ладаме дакъолг ду, цу тӀе ловзархочо буьрка схьаоьцу аьттонза шина- йа кхаа очкон кхосса гӀоьртича йа гӀуданан кхоссар дича[1]. ГӀарайаьккхина йоцу бакъо йу, схьаэцарехь тоьлуш йолчу командо дукха хьолехь матч а схьайоккху. Схьаэцарехь коьрта говзанчаш бу хьалхара асанера ловзархой — центровойш а, беза форвардаш а, кхечу позицернаш а хуьлу, позицин а, хенан а дика синхаам белахь, уьш сих-сиха уггаре дикачех а хуьлу оцу гайтамца. КъБАхь ло уггаре дика буьрка схьаоьцу ловзархочун титул, нагахь цуьнан карарчу шарахь йуккъера схьаэцаран барам уггаре дика белахь. Дуьххьара уггаре дика буьрка схьаоьцу ловзархочун совгӀат делира 1950/1951 шарахь, оцу шарахь дуьххьара лара йолийра КъБАхь буьрка схьаэцаран статистика[2]. 1973/1974 шо кхачале и совгӀат даьккхина ловзархойн тӀелатарехь а, дуьхьалонехь а къаьстина лоруш дацара[2]. Уггаре дика буьрка схьаоьцу ловзархочун цӀе йаккха, баскетболхо ловза веза 82 матчех 70 матч мукъане, йа 800-зза буьрка схьаэца еза. И барамаш йукъабаьхна 1974/1975 шарахь дуьйна[3].
1960/1961 шарахь Чемберлен Уилта хӀоттийра йерриг хенан рекорд йерриг схьаэцаран барамца (2149) а, цхьаьна ловзаран йуккъера бараман гайтамца а (27,20)[4]. Цхьа шо хьалха цуо хӀоттийнера керлачу ловзархошна йукъахь рекорд берриг буьрка схьаэцаран барамца а (1941), цхьаьна шеран йуккъера гайтамца а (26,96)[5]. Ткъа ловзаш болчу ловзархошна йукъахь жамӀаш дикка ледира дара, Джордан Деандрен ду уггаре дика жамӀ схьаэцаран йукъарчу барамца (2014/2015 шарахь 1226-зза), ткъа Лав Кевин уггаре дикачу жамӀан автор ву йуккъера барам схьаэцарца цхьаьна ловзарехь ( 2010/2011 шарахь – 15,23).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Basketball glossary (инг.). fiba.com. International Basketball Federation. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 август. Архивйина 2010 шеран 16 майхь Архивйина 2010-05-16 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Regular Season Records: Rebounds . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 29 ноября 2011. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 5 июлехь
- ↑ Rate Statistic Requirements . basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 29 ноября 2011. Архивйина 2012 шеран 8 майхь
- ↑ Wilt Chamberlain . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 29 ноября 2011. Архивйина 2012 шеран 8 майхь
- ↑ Wilt Chamberlain's NBA records . NBA.com. Turner Sports Interactive, Inc. ТӀекхочу дата: 29 ноября 2011. Архивйина 2012 шеран 4 сентябрехь
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- NBA & ABA Yearly Leaders and Records for Rebounds Per Game (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 декабрь.
- NBA Rebounds Leaders Year by Year (инг.). landofbasketball.com. Land of Basketball. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 14 декабрь.