Къахк[2] (лат. Ácer campéstre) — Леган доьзалера тайпана диттийн кеп Сапиндан (Sapindaceae).

Къахк
Ораматан йукъара кеп. Вайнсберг, Германи.
Ораматан йукъара кеп. Вайнсберг, Германи.
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Acer campestre L., 1753

ЦӀе нисйе бӀаьра

Ӏилманан цӀеран синонимаш[3]:

Кхечу меттанашкара цӀераш: инг. Field Maple, Hedge Maple, босн. Klen, л.-луж. Pólny klon, валлон. Doyåve, галис. Pradairo campestre, дат. Navr, испан. arce común, acirón, итал. Acero campestre, кат. Auró blanc, люксемб. Maasselter, нем. Feld-Ahorn, Feldahorn, Kreuzbaum, нидерл. Spaanse aak, пол. Klon polny, рум. Jugastru, серб. Клен, словен. Maklen, турк. Ova akçaağacı, укр. Клен польовий, фин. Niverävaahtera, фр. Érable champêtre, хорв. Klen, чех. Javor babyka, швед. Naverlönn, эспер. Kampa acero.

Ботаникан сурт нисйе бӀаьра

 
Смит Джеймс Эдвардан «English botany; or, coloured figures of British plants» жайнин 3-гӀа том чуьра ботаникан сурт, Лондон, 1836

Локхалла 15 м гергга йолу гӀа дужу дитт (Кавказехь 25 м гергга) луьста гоьрга кондарца (наггахь — колла).

ГӀад нийса я кӀеззиг сеттина, диаметрехь 60 см, къевлина дуткъа, дохала лилхина долу боьра-сира чкъоьраца. Къуона маргӀалаш можо-боьра, юткъа.

Патарш хӀоакепара, дохалла 5 мм гергга, 6—9 зайтан-боьра пелагашца, йисташкахула кӀайн.

ГӀаш дуьхь-дуьхьала, дукха хьолахь пхеаларан, наггахь кхаапӀелгаларан, чорда, 5—13 см еха гӀаж тӀехь. Ларанаш аьрта, дийна йист йолуш я кӀеззиг артйина цергашца. ГӀан чӀураман барам: 4—17 см дохалла, 4,5—10 см шоралла. ГӀан тӀехулара агӀо таьӀна-баьццара я сирла-баьццара, кӀеззиг къегаш, ткъа лахара кхин а сирло, сирла-баьццара, кӀеззиг охьатаьӀна я маьӀгашкахь хьасанехь цергашца. Гурахь (октябрехь) гӀаш оьцу дешийн-можа бос.

Зазанаш — чеккхенгара 15—20 зезаган, нийса лаьтта, турскепара девзагаш диаметрехь 3,5 см, йиллина-чобаьлла семанца а, зазан гӀадца а.

 
Заза а, ботт а къахкан. Ботаникан сурт Гайяр Арнон (фр. Arnaud Gaillard) жайнара
«Dictionnaire des plantes suisses», 1853.

Зезагаш можа-баьццара, доккха дургалан экъанца, деллало гӀашца цхьаьна, харц сте-боьршалла долуш — йизан а, дургалан а цхьаьна орамат тӀехь. Зазан гӀад доца-чобаьлла. ГӀан кедалгаш бехуо-эллипсан, арахьара а, йисташкахула а чоболуш. Жазаш готта, бел кепара, йисташкахула чобаьлла. Дургалш 8 ю, дургалан зезагашкахь уьш ехуо ю, йизан чохь нийса ду зазан гергарчуьнца, дургалан хьесий дерзина ду. ЧӀениг ерзина я месала.

ХӀу — 2—3,5 см еха, 1 см гергга шуьйра бот чохь ду, анаца мдаьржина тӀемаш долуш, наггахь марс кепара сеттина.

Дозалла 1000 хӀу 47—80 г.

Заза долу 10—15 дийнахь апрелехь-майхь гӀаш делладеллачул тӀаьхьа; хӀу долу сентябрехь-октябрехь.

Деба хӀушца, ло юьхгийн се, ткъа телхина орамашорамийн маргӀалаш.

 
 
 

Даржар нисйе бӀаьра

Даьржина Европехь, Кавказехь, Жима Азехь, Иранехь. Россехь хуьлу европин декъан Ӏаьржа латтан асанехь, къилбаседехьа — культурехь бен ца хуьлу.

Ареалан къилбаседан доза чекхдолу ИнгалсахьШотландин къилбехула, кхин дӀа Скандинавин ахгӀайрен къилба йисттехула Швецера Эльбан хикхоче, тӀаккха цӀеххьана доьрзу къилба-малхбузе, чекхдолу Волынан областехула, Житомирехула, Киевн къилбаседехула, хьаладоьду Орёл чухула Ока хин йисташкахула Туле, Рязанан къилбехула Тамбовн тӀедоьду (кхин а къилбаседехьа — культурехь бен дац); Пенза а, Саратовн а тӀекхачале, малхбален доза охьадоьрзу Дон тӀе, кхин дӀа ГӀирме а, Кавказе а.

Экологи нисйе бӀаьра

Кхуьу Европин Российн юккъера асанехь а, луларчу мехкашкахь а шолгӀа могӀарехь а, шуьйра гӀа долчу хьаннийн хотешкахь а, ариеан зонехь — боьрийн а, тогӀенийн а хьаннашкахь, ГӀирмахь а, Кавказехь а нажийн хьаннашкахь, ткъа кхин а эркийн тогӀенашкахь, цигахь уггаре даккхий а хуьлу; лаьмнашкахь хьалакхочу 1800 м абсолютан локхалле кхаччалц.

Кхуьу дикка меллаша. ЧӀогӀа лов ӀиндагӀ. Дикка лов йокъалла; лов кӀеззиг лаьттан дуралла. Экаме ду лаьттан минералашна. ХӀоьттина тӀуналла ца лов. Ира гӀа долу ларал алсама йовхо еза, гӀоле лов йокъалла. Ӏа ларан зона USDA (4)5.

Дика лов гӀалан хьолаш, дукха деха.

Цамгарш а, зуламхой а нисйе бӀаьра

Патогенан жӀалин нускалаш нисйе бӀаьра

Лелор нисйе бӀаьра

Ширачу заманахь дуьйна девза культурехь. Шуьйра леладо ландшафтан архитектурехь шешша а , тобанашца а дуьйш, дийна керташна, хӀунда аьлчи, дика лов ларгар. Дика лов меттиг хийцар.

Бонсай кхиош лело тарло.

Эмилехь (Итали) къахк муьшдечигца цхьаьна лелайо кемсашна гӀортолашна. Италин ярташкахь цунах бора юьртабахаман гӀирс а, кухнин пхьегӀаш.

Петарбухехь ду бӀе шо кхаьчна дитт 16—17 м лекха, хӀора шарахь хӀудоккхуш; Ийдалан малхбалехьа Уральскехь девза культурехь, хӀудоккху.

Дечиг лелайо кегийра хӀуманаш еш, мебель ярехь; иза дика шарло, дикка декоративан а ду, дика къаьстина текстура яцахь а.

Хьалхарчу классан моз дерг, 1000 кг дургал ло гектар дитташ тӀиера[5].

Бешан декоративан кепаш а, культивараш а нисйе бӀаьра

Шортта кепаш ю, шайна юкъахь басца, кондаран кепаца, гӀашца, кхиаран башхаллашца къаьсташ:

  • сорт 'Acuminatilobum'
  • сорт 'Albovariegatum' — гӀаш даккхийра кӀайн мазица, гурахь — можа.
  • сорт 'Austriacum'
  • сорт 'Carnival' — гӀаш шуьйра кӀайн йистаца, деллалуш ровзанан басахь, догу малхехь. Даьккхина A. ван Нийнаттена Голландехь.
  • сорт 'Compactum' (я 'Nanum') — кондаран гоьрга кеп; локхалла — 2,5 метр кхаччалц; гӀашшан гуьйренан бос — хьочан-можа.
  • сорт 'Elsrijk' — башха дурсе кегийра гӀа долу сорт.
  • сорт 'Evenly Red' — хаьржина Уайтли Тима Нортхэмптонширехь, Ингалс; къаьста цӀиен гуьйренан гӀашшан бесашца.
  • сорт 'Green Weeping' — доьлху кеп; локхалла — 3 метр гергга.
  • сорт 'Microphyllum' — гӀан барам жима бу коьртачу кепанчул; локхалла — 3 метр гергга.
  • сорт 'Postelense' — къуона гӀаш дешийн-можа, тӀаьхьа баьццара хуьлу, гурахь юха мажло.
  • сорт 'Pulverulentum' — гӀаш юькъа кӀайн серсарца, къуона гӀаш дерриг санна беда-можа. Генара орамат хета баьццаро-можа. ГӀаш догу малхехь. Коьллан гуо цуьнан локхаллел а боккха бу.
  • сорт 'Queen Elizabeth' (я 'Evelyn') — сиха кхуьу дитт юткъа пирамидакепара кондар йолуш; гӀаш даккхий ду коьртачу кепанчул.
  • сорт 'Red Shine' — гӀаш мокхо-баьццара.
  • сорт 'Royal Ruby' — 4,5 метр лекха колла; чӀогӀа хаза хуьлу бӀаьста, цуьнан гӀа цӀиен долуш.
  • сорт 'Schwerinii' — къуона гӀа цӀиен ду, тӀаьхьуо баьццара хуьлу.
  • сорт 'Silver Celebration' — къастало готто кӀайн йистаца.

Литература нисйе бӀаьра

  • Пояркова А. И. Род 870. Клён — Acer // Флора СССР : в 30 т. / начато при рук. и под гл. ред. В. Л. Комарова. — М. ; Л. : Изд-во АН СССР, 1949. — Т. 14 / ред. тома Б. К. Шишкин, Е. Г. Бобров. — С. 596—597. — 790 с. — 4000 экз.
  • Валягина-Малютина Е. Т. Деревья и кустарники Средней полосы Европейской части России: Определитель. — СПб.: Специальная Литература, 1998. — С. 81. — ISBN 5-7571-0122-9.
  • Губанов И. А., Киселёва К. В., Новиков В. С., Тихомиров В. Н. Иллюстрированный определитель растений Средней России. — М.: Т-во научных изданий КМК, Ин-т технологических исследований, 2003. — Т. 2. Покрытосеменные (двудольные: раздельнолепестные). — С. 538. — ISBN 9-87317-128-9.
  • Громадин А.В., Матюхин Д.Л. Дендрология. Учебник для студ. образоват. учреждений сред. проф. образования. — М: Издательский центр «Академия», 2007. — С. 227—228. — ISBN 978-5-7695-4347-0.
  • Деревья: Справочник / Пер. с итал. Н.М.Сухановой. — М: ООО «Издательство Астрель», ООО «Издательство АСТ», 2004. — С. 258. — ISBN 5-17-023437-6.
  • Коновалова Т.Ю., Шевырева Н.А. Декоративные деревья и кустарники: Атлас-определитель. — М: ЗАО «Фитон+», 2007. — С. 24. — ISBN 978-5-93457-157-4.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. GRIN.
  2. Валягина-Малютина Е. Т. Деревья и кустарники Средней полосы Европейской части России: Определитель. — СПб: Специальная Литература, 1998. — С. 81.
  3. The Plant List: Acer campestre Архивйина 2013-06-27 — Wayback Machine(ингалс.)
  4. Каратыгин И. В. Порядки Тафриновые, Протомициевые, Экзобазидиевые, Микростромациевые. — СПб.: «Наука», 2002. — С. 24. — (Определитель грибов России). — ISBN 5-02-026184-X.
  5. Абрикосов Х. Н. и др. Клён // Словарь-справочник пчеловода / Сост. Федосов Н. Ф.. — М.: Сельхозгиз, 1955. — С. 144.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

 
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Acer campestre темин