Къемат-де

дуьненан дахаран тӏаьххьара де

Къемат-де, Тӏаьххьара де, Хьесапан де, Гӏовтторан де (Ӏаьр. ِيَوْمُ الْقِيَامَة‎‎ Йавмул-Къиямат) — иза ӏаламан а, дуьненан дахаран а чаккхе йу. Цуьнах тешарехь ислам дин дакъалоцуш ду насараллица а, жуьгталлица а.

ТӀекхачаран хан нисйе бӀаьра

Къемат-де тӀекхачаран нийса хан цхьанне ца хаъ, АллахӀ воцучунна. Дукха наха шайн пайхамаршка хаьттина хилла и Де маца тӀекхочура ду аьлла, амма цуьнан нийса терахь хууш ца хилла.